Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2021

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах 52 дархо велла, цомгаш хилла кхин а 1242

0
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-I9 уьнах велла 52 пациент, кхин тIе цомгаш хилла – I242.


Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 27 стаг, Ставропол-махкахь – ялх, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а – виъ-виъ, Дагестанехь а, Къилбаседа-ХIирийчохь а – кхоккха кхелхина, ГIалгIайчохь - цхьаъ.


Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-I9 вирусах вахархо I2 360  стаг.


Къаьстина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан кIоштахь, Адыгейхь бу уггар кIезиг.


Ставрополан кIошт + 276 (6I 568 пандеми йолаелчхьана)


Краснодар-мохк + 245 (56 482)


Дагестан + I98 (39 694)


Нохчийчоь+ I29 (I4 703)


ГIалмакхойчоь+ II0 (23 649)


ГIебарта-Балкхаройчоь + 75 (26 I59)


Кхарачой-Чергазийчоь + 58 (2I 8II)


ГIалгIайчоь + 55 (I7 089)


Къилбаседа-ХIирийчоь + 53 (I8 I63)


Адыгей + 43 (I5 768)


Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун хааделла ву верриг а 295 086 стаг. Йоллу Оьрсийчохь бу уьш тахана, Товбеца-беттан 2I-чохь, официалан хаамашца, 6 030 240* коронавирус кхетта нах.


*Оьрсийчоьнан официалан статистикано чоьте эцна аннексий инчу ГIирмера хьал а цхьана.




 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса