Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Дагестанера политолог Курбанов Руслан шарIан кхеле кхайкхина ГIалгIайчу

0
Дагестанера политолог Курбанов Руслан Охан-беттан 27-чохь шарIан кхеле кхайкхина гIалгIайн юкъараллан "Мехк-кхел" организацин векалша Султыгов Сараждина а, Албогачиев Мусас а.

Курбановс аьллачу шина хIуманна шаьш реза цахилар дIахаийтина юкъаралхоша.




Дагестанерчу лезгинан къоман векалшка ша вистхуьлучу заманчохь, масална, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь ГIалгIайчохь хилла дешар хьахийна цо.


ГIалгIайчоь "ларамаза кхоллаелла республика ю" аьллачу шен дIахьедарца, политолога, журналисто Курбановс доллу гIалгIайн къам аьшнаш дина аьлла хета гIалгIайн юкъаралхошна.




"Доллу къомах хьакхалуш" ша аьллачунна, "къонахчо санна" жоп дала деза цо аьлла, тешна бу уьш.


Кху деношкхаь луларчу мехкашкарчу юкъараллийн векалшка цхьана а кхетта, дозанех доьзна хеттарш дийцаредан деза аьлла, хьийхира Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Даудовн пхоьалгIа, жоп доцу кхайкхам бу иза. 




 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса