Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2021

ГIаттамхошна гIо дина хила мега аьлла шеко йолуш лаьцна ГIалгIайчуьра вахархо

0
Несаран кIоштарчу талламан декъан белхахоша талла долийна 27 шо долчу ГIалгIайчуьрчу вахархочунна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх. Болчу хаамца, юучуьнца а, машенца а гIо деш хилла цо герзца лелачу тобанан декъашхошна. Цуьнан ц1ийнах хьожуш  бомба а, граната а карийна шайна аьлла, д1ахьедина талламхоша, яздо  "Кавказский узел" зорбан гIирсо.


Талламчаша чIагIдарца, 2014-чу шеран Охан-баттахьдуьйна  ГIадужу-батте кхаччалц шеконашка эцначо, мехкан ши вахархо гIаттамхо вуй хуушшехь, латтош хилла цу шинна кхачанан сурсаташ, республикехула дIасалелош хилла шен машенахь. Несаран кIоштарчу Плиевохь куьйга йина оьккхуьйтург а, граната а эцначу цо, шен цIахь латтош хилла уьш полисхошна карарчу беттан 9-чохь гучуяллалц. ГIалгIайчуьрчу талламан комитетан урхаллан сайта тIехь бина бу и хаам.


ГIуллакх кхин дIа а таллархьама, лаьцна бехкевийриг.




Маршо Радионо яздира кху деношкахь, Ростов гIаларчу тIеман кхело бехке варх лаьцна ТIехьа-МартантIера Цечоев Рохьман, цо терроризм бакъйина аьлла. Цечоевна бехке диллинерасоциалан машанашкахь террорхойн дикачу агIор мах хадош роликаш зорбане яхар.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса