Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2021

Новости за 02.08.2021

Нуьцкъала балха вигна Удмуртера вахархо ведда Дагестанера

Radiomarsho.com 

Удмуртера вахархо Яковлев Иван нуьцкъала болх бан вигинчара ведда Дагестанера. Кхушара Стигалкъекъа-баттахь бевзаш боцчу наха Iехийна дIавигна хилла иза Москвара.   Шен хьолах лаьцна дийцина Яковлевс ларамаза шех ХIинжа-гIалахь кхеттачу "ЛизаАлерт" тобан декъашхошка, ткъа цара шаьш гIо дийр ду аьлла, яздо шен социалан машанашкахь "Альтернатива" боламо, хаам бо Кавказ.Реалиино. Яковлевс дийцарехь, 2019-чу шарахь болх лоьхуш Москва кхаьчна хилла иза. Цхьацца кега-мерза белхаш а беш цхьа шо ах шо... Читать дальше...

ВЦИОМ: 17 шарахь ца хиллачу кепара лахделла Оьрсийчохь харжамхойн терахь

Radiomarsho.com 

Харжамашка лелачу нехан терахь кху тIахьарчу 17 шарахь ца хиллачу кепара лахделла Оьрсийчохь. Цунах лаьцна дуьйцуш ду "Оьрсийчоьнан бахархойн социалан а, политикан жигаралла: мониторинг" олучу ВЦИОМа бинчу талламехь. 2004-чу шарахь таллам беш хаттарш динчу 55% бахархоша олура, шаьш цхьацца харжамашкахь дакъалаьцна хиларх лаьцна. 2021-чу шарахь харжамашкахь даькъальацна шаьш аьлла жоп делла 22% респонденташа. 17 шарахь 8% тIера 6% кхаччалц охьадаьлла харжамийн кампанеш вовшахтухуш дакъалаьцначу нехан терахь... Читать дальше...

"ГIашсалтичун хьоло декхарийла во". Муха бевлла Кадыровца дарж "къовса" бохкурш?

Radiomarsho.com 

Демократин юкъараллехь хуьлучу харжамийн кеп ю масех кандидато дарж къовсар. Сурт иштта гайтархьама бевлла гурахь тIекхочучу харжамашкахь Кадыров Рамзанца Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж къовсур долу нах. Амма тергамчийн шеко а яц хинболчу харжамийн жамI тахханехь девзаш ду бохучух. Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин векалца Кадыров Рамзанца къовсур ду шиммо: компартерчу Накаев Халид а, "Нийсонан Оьрсийчоь – патриоташ - бакъдолчуьнгахьа" партерчу Хаджимурадов Iисас а. ... Читать дальше...

Брянскехь таджик верна 3 стаг лаьцна Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Дагестанехь кхо вахархо лаьцна, Таджикистанехь вина стаг верна. Царах шимма, Москван кIоштарчу кхин цхьана стагаца цхьаьна къиза хьийзина таджик вийна, 2019-чу шарахь Москварчу буьйсан клубехь шайн махкахо верна бехке хилар тIелаца бохуш. Дийцарехь, и зулам дина чIир йоькъуш. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Брянскан кIоштан талламан урхаллин сайта тIехь. Талламхойн версица, 2019-чу шарахь Гезгмашин-баттахь Москвахь цхьана буьйсан клубехь дов даьлча, Дагестанера вахархо а вийна, веддера Таджикистанан махкахо. Читать дальше...

Саратовхь лецна "полисхошна йиттина" нохчийн абитуриенташ

Radiomarsho.com 

Саратовхь пхи жима стаг лаьцна веа полисхочунна йиттина аьлла шеко йолуш. Церан адвоката Аликова Юлияс дIахьедарехь, дов даларан бахьана хилла ницкъалаллин структурин белхахоша питана тасар. Цунах лаьцна яздо Каваз.Реалиино. Аликовас дийцарехь, шеконца лецна болчера ду 16-19 шераш. Царах дукхах берш бу Нохчийн республикера лаккхара дешар деша оцу гIала бахна абитуриенташ, хаам бина цо "Версия-Саратов" зорбан гIирсана ше аеллачу комментарехь. Адвоката дийцарехь, уьш спортхой бу, цIахь а, Оьрсийчохь а дикачу агIор буьйцуш болу. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Арина Соболенко

Швентек и Соболенко устроили триллер за престижный трофей






Путин поручил повысить удовлетворённость граждан качеством работы госслужащих

Кинокритик Шнейдеров считает, что Ефремов после выхода из колонии станет очень востребован

В рамках земельного контроля в Подмосковье осмотрено 50,5 тыс земельных участков

МИД: Россия планирует в 2024 году открыть посольство в Сьерра-Леоне