Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2021

Новости за 27.08.2021

Уггар а тоьлла дахар Нохчийчохь ду. ЦIа дерза?

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьра кхийолу регионаш гIертачу дахаран дикачу хьелийн тIегIане кхаьчна республика аьлла Кадыров Рамзана. Баккъал а йолчу статистико Нохчийчуьра социалан-экономикан хьал гIаддайна гойту: мискалла, лоьрийн къоьлла, белхазалла

ТIемалошна гIоьналла латтийначу ГIебарта-Балкхаройчуьрчу вахархочунна 11 шо кхачийна

Radiomarsho.com 

Ростов гIаларчу тIеман кхело таIзар дина ГIебарта-Балкхаройчуьрчу вахархочунна Чемков Артурна террорхойн организацина гIоьналла латтийна аьлла. Шогачу хьелашкарчу колонехь даккха 11 шо кхайкхийна цунна. Талламан версица, 2019-чу шарахь Чемковс гIо дина хилла Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан декъашхочунна оьккхуьйтург а, хӀоъмолханаш а къайладохуш, яздо "Интерфаксо". Чемков Артур – ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Баксанера схьаваьлла ву. Экстремизмаца, йа терроризмаца боьзначу... Читать дальше...

Хаамийн гIирсаш хьийзорна дуьхьалбевлла Оьрсийчоьнан репортераш

Radiomarsho.com 

Кремлан куьйгакIел йоцчу медиана а, хьийзочу журналисташна а тIехIуьттуш акци дIаяьхьна пIераскан дийнахь цхьа могIа Оьрсийчоьнан ресурсаша, шайлахь "Новая газета", 7x7, Republic, Wonderzine, Forbes журналан оьрсийн редакци, "Медуза", "Дождь" (тIаьххьара шиъ арахьарчу агентийн реестре язйина) а йолуш. Цхьатерра кхайкхам бина цара Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, ФСБ-н директоре Бортников Александре, МВД-н урхалхочуьнга Колокольцев Владимире, Пачхьалкхан Думан спикере Володин Вячеславе, иштта кхинболчу лаккхарчу даржхошка а... Читать дальше...

МухIажарийн коча герзаш а ухкуш, сурт "тодина" RT телеканало

Radiomarsho.com 

Russia Today (Оьрсийчоь Тахана) пачхьалкхан агенталлана юкъайогIучу RT (Russia Today) телеканало монтаж йина ша гайтинчу Афганистанерчу мухIажарийн суьртана, нехан коча герзаш а ухкуш, яздо Карара Хан (Настоящее Время) телеканала. ТIаьхьо телеканале ша даийтинчу кехата тIехь бехк ца биллар дехна RT-канало.

Дагестанера ял оьцучу хьукматан кхаа белхахочух шеконаш ю, цара кхаьънаш эцна аьлла

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу ял эцаран хьукматан кхаа белхахочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш айдина баккхийчу барамашкахь кхаьънаш эцарна. Махкарчу Талламан комитетан урхалла бо и хаам. Зуламаш дина аьлла, шеконашка эцна Дагестанан федералан ял эцаран хьукматан урхаллан конролан декъан хьаькам а, дехьа-сехьа лелаш, талламаш бечу декъан куьйгалхо а, цуьнан белхахо а. Доьдучу шеран Марсхьокху-беттан 24-чу дийнахь лецна уьш 8 миллион сом кхаъ оьцуш, аьлла ду бинчу хаамехь. Охан-беттан 10-чохь коррупцина... Читать дальше...

Оьрсийчохь а уггар тоьлла хьал ду нахехь Нохчийчохь, боху Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, пачхьалкхера кхийолу регионаш гIертачу дахаран тоьллачу хьелийн тIегIане республика кхаьчна аьлла. Баккъал а йолчу статистикаца бIостане ду цуьнан дешнаш – социалан-экономикан гайтамашца аутсайдершлахь юьсу Нохчийчоь. "Турпалхой" телеграм-канало зорбане яьккхина Кадыровс цунах лаьцна дуьйцуш видео. "Хьал дика долуш вайниг санна цхьа республика яц Оьрсийчоьнан регионашлахь. Юстийша муьлххачу а регионца, Москвана тIера дIадуьйлалой. Европехь а... Читать дальше...

RT пачхьалкхан телеканало герз тIе а тухуш хийцина Афганистанера мухIажарийн сурт

Radiomarsho.com 

Russia Today (Оьрсийчоь Тахана) пачхьалкхан агенталлана юкъайогIучу RT (Russia Today) телеканало монтаж йина ша гайтинчу Афганистанерчу мухIажарийн суьртана, нехан коча герзаш а ухкуш, яздо Карара Хан (Настоящее Время) телеканала. ТIаьхьо телеканале ша даийтинчу кехата тIехь бехк ца биллар дехна RT-канало. Reuters агенталлан корреспонденто даьккхинчу баккъалла а долчу суьрта тIехь гуш ду стаг а, зуда а берашца цхьаьна Мельсбрук (Бельги) тIеман базе дIакхочуш, талибаш Афганистанан коьртачу гIала чубаханчул тIаьхьа. Читать дальше...

Чимаев Хьамзат Абу-Дабехь Китайрчу латархочуьнца тасалур ву

Radiomarsho.com 

Швецехь кхиъна, ийначу кепехь латархо волу нохчийн спортхо Чимаев Хьамзат UFC тIома кIел летар ву Китайрчу Цзинлян Лица UFC 267 турнирехь. РогIера латарш хир ду Абу-Дабехь ГIадужу-беттан 30-чу дийнахь. И хаам бина UFC -н инстаграмерчу аккаунтехь. Китайхо Цзинлян Ли турнирашкахь 18-зза тоьлла а, борхIазза эшна а ву. UFC-н чемпионатехь рекорд хIоттийра Чимаевс – 66 дийнан чохь кхузза туьйлира иза. Карарчу шеран юьххьехь критика йира цунна, Нохчийчу а вахна, Кадыровца суьрташ а дохуш, цо совгIатан елла Мерседес машен схьа а оьцуш... Читать дальше...

Кабулан аэропортехь лелхийтарш: иттаннашкахь бу белларш, шайна юкъахь 12 Американ эскархо а волуш

Radiomarsho.com 

Еарин дийнахь Кабулерчу дуьненаюкъарчу аэропортехь хиллачу шина эккхийтарехь тIаьххьарчу хаамашца велла 60 гергга стаг. Чевнаш йина 140 ву. Динчу зуламах жоьпалла шена тIеэцна "Исламан пачхьалкх" (террорхойн организаци лаьрра, Оьрсийчохь йихкина ю) тобано. Дуьххьарлера эккхийтар дира аэропортна чувоьдучохь, хаамбо CNN телеканало, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министраллан шина белхахочунна тIетевжина. ШолгIаниг – аэропортана гена доццучу Barron хьешан цIенна хьалха. Къаьсттина дукха нахана чевнаш йина хьалхарчу эккхийтарехь. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Соболенко уступила Свентек в финале турнира WTA-1000 в Мадриде






За пять лет количество объектов на набережных выросло на 45%

В канун Дня Победы у бюста маршалу Василевскому состоялся митинг

Волжский мост в Рыбинске не будут перекрывать на два месяца

Международные и профессиональные праздники, отмечаемые 8 мая