Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2021

Новости за 17.08.2021

Магамадов а, Исаев а СИЗО-хь ву

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу набахташкара хьал тидамехь латточу юкъараллин тергамхойн комиссино теллина ши ваша Исаев Исмаил а, Магамадов Салехь а латтоy хьелаш. Шаьш шина вешица къамел дина, и шиъ цхьанхьа а вайна вац аьлла, дIахьедина комиссин декъашхоша

Нохчийчохь рогIера сийлаллин у хIоттийна Оьрсийчоьнан федералан ницкъашна

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь рогIера сийлаллин у хIоттийна Оьрсийчоьнан федералан ницкъашна. Вийначу 129 эскархочун цIе ю тIеязйина, "эскархойн доьналлина а, хьуьнарна а" бохучу дешнашна буха. 2000-чу шарахь дуьйна федералан ницкъаш лаьттачу Хан-ГIалахь хIоттийна у. Ткъа цунна гена доццуш лаьттах Iиттина бIеннашкахь керла-керла декъий карадора тIаьххьара хан тIехIотталц, дацара уьш федералийн –нохчийн дара. Амма хIинца дитина махкарчу бахархойн цигара чалхаш дIалехьор, Оьрсийчоьнан эскарша хIаллакбинчу бахархойн цIераш билгалъяха а ца гIерта хIинца Iедал. Читать дальше...

Телехьожийлашкахь а, Iедалехь а зударшна болх бан магийна тIалибаша

Radiomarsho.com 

"Талибан" боламо (Оьрсийчохь террорхойн организаци лерина) бакъо елла зударшна телехьожийлехь программаш дIаяхьа а, Афганистанан Iедалехь болх бан а. Iарбойн хаамийн гIирсаша даржийна цунах лаьцна, тIалибашна тIетевжина. TOLOnews телеканалан информацица, карарчу беттан 17-чохь дуьйна эфираш дIаяхьар кхин дIа долийна зударша. Де хьалха тIалибаша дIалаьцнера телехьожийлан редакци. Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь радикалан "Талибан" тобано схьаяьккхира Кабул.  Бакъоларъярхоша сагатдо, тIалибаш... Читать дальше...

Кадыров Ахьмадан бIаьрахьежарх вала меттиг бац Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Кадыров Ахьмад вина де герга кхочуш Нохчийчоьнан гIаланашкахь а, ярташкахь а цуьнан портреташ а, цунах лаьцна йозанаш тIехь долу баннерш а ю яржийна. Дуьххьара дац КадыровгIеран суьрташ даржор. Къаьсттина дукха го уьш пачхьалкхан а, муниципалан а белхан меттигашкахь

Магомадов а, Исаев а СИЗО-хь ву, боху Нохчийчуьрчу юкъараллин жигархоша

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу набахташкара хьал тидамехь латточу юкъараллин тергамхойн комиссин декъашхоша хаам бина, шаьш Соьлжа-ГIаларчу номер 1 йолчу СИЗО-хь хилла, ши ваша Исаев Исмаил а, Магамадов Салехь а мухачу хьелашкахь латтош ву хьожуш аьлла. Оцу комиссин векало Межиева Хадижас дийцина цунах лаьцна. Хьалхо "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" дIахьединера, лаьцна латтош волчу оцу шина вешех лаьцна информаци яккха аьтто ца хуьлу шайн аьлла. "Карантин хиларна камераш чухула талламаш бойтуш бац. Амма тхуна магийра чоьхьарчу зIенехула тутмакхашца къамел дан. Читать дальше...

Дийнахь-буса коронавирусах 99 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 1 410

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 99 пациент, цомгуш хилла кхин а 1 410 стаг. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 33 стаг, Дагестанехь – 25, Ставропол-махкахь – 14, Кхарачой-Чергазийчохь – ворхI, Къилбаседа ХIирийчохь – ялх, Нохчийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – пхиппа, ГIалгIайчохь – кхоъ, ГIалмакхойчохь а - цхьаъ велла. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 14 474 стаг. Читать дальше...

Дагестанерчу Агвалихь нах вовшахлатарна кхоьруш полисхой тIеоьзна

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу Цумадинан кIоштарчу Агвали эвлахь нах юкъахь а болуш конфликт эккха тарло, меттигерчу маьждиган имам цхьахволчу вахархочух леттачул тIаьхьа. Кавказский узел интернет-хьостано яздо цунах лаьцна. Дагестанан муфтиятан векало шен оппоненте меттигерчу маьждиган имам ша хила веза бохуш, дIахьединчул тIаьхьа доладелла ду церан дов.  Эвлара маьждиг ханна дIакъевлина ду, меттигера бусулбанаш керла имам харжа дагахь бу, хаам бо "Черновик" газето. Герзах боьттина ницкъхой оьзна эвла, чу-ара бовлар шайн тергоне эцна полицино... Читать дальше...

Ах миллиард соьмана долчу контрактана куьйгъяздийр ду UFC-н экс-чемпионо Нурмагомедовс

Radiomarsho.com 

Энергетикан Gorilla маларш дечу компаница 500 миллион сов соьмана долчу контрактана куьйгъяздийр ду UFC-н экс-чемпионо Нурмагомедов Хьабиба. ТАСС агенталло бина цунах лаьцна хаам, шайн хьастана тIетевжина. "Нурмагомедов Хьабиба а, цуьнан тобано а керла, еххачу ханна Gorilla компаница хIоттийначу $7 млн рекламин контрактана куьйгаш теIор ду", - хаам бина агенталлан хьастано. Нагахь санна, барт хилахь, уггар а даккхийчех хир долуш ду и контаркт Нурмагомедовна. UFC чемпионо Нурмагомедов Хьабиба... Читать дальше...

Кабулерчу тIалибах Оьрсийчоьнан векало алла: "Террорхошца гIоле ду"

Radiomarsho.com 

Афганистанерчу Оьрсийчоьнавн векало Жирнов Дмитрийс дIахьедина "Эхо Москвы" радиостанцин эфирехь, "террохошца-тIалибашца хьал гIоле ду Кабулехь", президент ГIани Ашраф волуш хиллачул а аьлла. "Цара Кабулна тIехь контрол латточу хьалхарчу дийнахь-буса хиллачуьнца дусту ас. Дикачу агIор битам бу", - кхетийна векало, дипмиссин белхахойн кхерамзаллех лаьтта хеттарш дийцаредан гергарчу хенахь "Талибанан" векалшца цхьанакхета дагахь ву ша аьлла, тIе а тухуш. Оцу хаттарехьа тIалибийн болу хьажам "сирла а, позитиве а, тешаме  а" бу аьлла Жирновс . Читать дальше...

Американ "проект" ю "Талибан" аьлла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан шекъхилла америкхойх, "Цхьаьнатоьхначу Штаташа бусулбанашна рогIера афера дуьхьалъяьккхина" аьлла. Шен кIентан Адаман инстаграмерчу аккаунтехь хIоттийначу эфирехь аьлла цо цунах лаьцна. Кадыровна хетарехь, Оьрсийчохь йихкина "Талибан" болам – шайн америкхойн проект ю". Кадыров тешна ву, Совета пачхьалхкана юкъахь хиллачу, Афганистанца дозанца болчу  мехкаша шайн "дозанаш чIагIдан деза, вочунна кечлуш" аьлла. Товбеца-беттан юьххьехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа 17 эзар гIирс ара а баьккхина... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Российский теннисист поднялся на две позиции в топ-10 рейтинга ATP






В Москве выставили на торги палаты купцов XVIII века

Проходит через кишечник: эксперт Малоземов рассказал о вреде алюминиевой посуды

Не волноваться! Читатели aif.ru помогли Даше заменить дефибриллятор

Важная помощь «Отважным», наступающим у Авдеевки и Кременной, от читателей «Русской Весны» (ВИДЕО)