Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2021

Новости за 11.08.2021

"Спутник V" йинарш ца буьту хьаьжцIа

Radiomarsho.com 

"Спутник V" мел йинчу Оьрсийчуьрчу бусулбачийн аьтто бац кху шарахь Iумрат дан. СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалша къобал ца йо оьрсийн вакцинаш

Оьрсийчоьнан бахархой сийсазбинчу азербайджанхойн дипломате вистхилла Жириновский

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан либерал-демократин партин (ЛДПР) лидеро Жириновский Владимира тIедожийна Азербайджанан президентна Алиев Ильхамна, боллу Оьрсийчоьнан бахархой сийсазбинчу азербайджанхойн дипломатана дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккха аьлла. СоловьёвLive YouTube-каналехь дина цо ишта дIахьедар, яздо Новости агенталло. Хьалхо социалан машанашкахь видеоролик яржийнера, ша Азербайджанан цIарах Белоруссехь а, Молдавехь а, Пакистанехь а посол лаьттина Вагабзаде Исфандияр ву аьллачу стага Жириновский а... Читать дальше...

Оьрсийн вакцинаша хьовзам боккху бусулбанашна Iумрат дан

Radiomarsho.com 

СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалша оьрсийн коронавирусна дуьхьал йина вакцина къобал ца яхь Iумрат дан баха аьтто хир бац Оьрсийчоьнан бахархойн. Пачхьалкхерчу бусулба динан урхалло дехар дина "Спутник V" паччахьаллин дозанаш тIехь маьршаяккха аьлла, яздо ТАСС агенталло. Оьрсийчуьрчу бусулбачийн динан урхаллан куьйгалхочун хьалхарчу гIовса Аббясов Рушана хIинцале а кехат дахьийтина СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалхошка, оьрсийн "Спутник V" вакцина къобалъяр доьхуш, цуьнан прививкаш яйтина зияртхой езачу меттигашка чубитархьама. Читать дальше...

Нохчийчоьнах Ичкери йина Apple Maps-a

Radiomarsho.com 

Украинехь шайн картанаш лелочарна Нохчийчоь "Нохчийн республика Ичкери" аьлла билгалъяьккхина Apple компанино. И цIе лелийра респибликано Советан зама йоьхначул тIаьхьа. 1994-чу шарахь Оьрсийчоьно шен эскарш далийра Ичкери, болийра Нохчийчохь хьалхара тIом.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь 95 стаг велла коронавирусах. Ун даьлла ву - 1373

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 95 дархо, керла ун къаьстина 1 373 стагаца. Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 34 вахархо, Дагестанехь -23, Ставропол- махкахь - 10,ГIебарта-Балкхаройчохь - ворхI, Кхарачой-Чергазийчохь - ялх, ГIалмакхойчохь а, ГIалгIайчохь а, Къилбаседа-ХIирийчохь а,Нохчийчохь  а, Адыгейхь а - кхоккха кхелхина уьнах. Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 13 948 стаг, боху официало. Читать дальше...

Нохчийчуьра яхархо юха а Дагестане яда гIортар тIе ца чIагIдина

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра яхархо Тарамова Хьалимат юха а яда гIоьртина хилла Дагестане аьлла, хааме даьккхинера Baza телеграм-канало. Бакъоларъярхочо, журналисто Анохина Светланас бахарехь, бакъ дац и. "ГIелонах бевдда зударий дIалечкъачу хIусамера лачкъийна дIа а юьгуш, тоххара цуьнан яда аьтто баларх, хIинца Хьалимат дозане бен кхаьчна яц", - яздина канало. Анохинан дешнашца, дуьйцург бух болуш дац. Бакъоларъярхочо бахарехь, цунах лаьцна шена ма-хезза, Тарамоваца уьйраш йолчаьрца зIене елира ша, цара хаам бакъ ца бира аьлла. Читать дальше...

Оьрсийчохь дина хIора пхоьалгIа экономикан зулам Кавказехь хилла ду

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь динчу экономикан хьажам болчу хIора пхоьлгIачу зуламах -  1379-х 270 - Къилбаседа Кавказехь дина ду. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан инарла прокуроран гIовс волчу Кикоть Андрейс ХIинжа-гIалахь дIаяьхьначу националан проекташ кхочушъян хьежийна ахчанаш лечкъорна дуьхьалояран хеттарш дийцаредечу кхеташонехь. Иштта цо билгалдаьккхина, Къилбаседа Кавказан Федералан Гонашкарчу бакъоларъяран органаша  245 бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даьккхина хиларх, националан пректаш кхочушъяран сферехь бинчу талламашна тIехула. Читать дальше...

Тотица яьккхинчу видеох совгIат дина Кадыровна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна 45 эзар сом преми делла пачхьалкхан "Грозный" телеканало. Хааам баржийна цунах лаьцна телехьожийлан официалан сайтехь. "Нохчийн телерадиокомпанин репортер санна масийттазза ша гайтина регионан куьйгалхочо. Халла тIекхачалучу, кхерамечу меттигашкахь яьхна уггар а эксклюзиве видеош цо кхехьийтарна делла цунна совгIат", - аьлла яздина хаамехь. Билгалдаьккхина, "регионехь хуьлучу хиламех довзуьйтуш жигара гIо дарна а, беркате болх барна а, дикаллин контент ярна а" совгIат дина хилар Кадыровна. Читать дальше...

Нохчийчохь демократи яц бохург бакъ ца до Кадыровс

Radiomarsho.com 

Махкахь демократи а, дешан маршо а яц бохург бакъ дац аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Яздо цунах лаьцна МК ресурсо. Нохчийчоьнан урхалхочун харжамашкахь дакъалаца кандидат иза валар тIечIагIдеш кехат делла Кадыровга Марсхьокху-беттан 10-чу дийнахь. Оцу дийнахь журналистийн хеттаршна жоьпаш лучу мехкан куьйгалхочо билгалдаьккхина, цхьаболчарна хета регионехь демократи а, дешан маршо а яц аьлла. "Цундела со къар ца велира, нийса харжамаш дIабахьийта, халкъе шен кхоллам шега харжийтархьама", - аьлла тIетоьхна Кадыровс. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Арина Соболенко

Швентек и Соболенко устроили триллер за престижный трофей






Движение автобусов и электротранспорта будет ограничено в Томске 9 мая

Водитель грузовика пострадал при столкновении с поездом в Хабаровском крае

Видели смерть, но не разучились смеяться. Советские режиссеры-фронтовики

BP столкнулась со снижением чистой прибыли на 45% в первом квартале