Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2021

Новости за 15.08.2021

ДоьалгIа де а ду Оьрсийчохь COVID-19 уьнах 800 сов стаг леш волу

Radiomarsho.com 

COVID-19 уьнах Оьрсийчохь официалехь билгалдаккхарца 800 сов стаг леш схьадогIу доьалгIа де а ду, яздо РБК-с. КIирандийнахь лазарца къийсам латточу Оперативан штабо хаам бира, яхначу дийнахь-буса 816 дархо кхелхина аьлла. Де хьалха, штабан лараршца, 819 пациент кхелхинера. Пандеми йолаелчхьана керла антирекорд хилла цунах. Верриг а, штабан зерашца, COVID-19 уьнах Оьрсийчохь велла 170 эзар сов стаг. Къаьсттина дукха белла тахана, Марсхьокху-беттан 15-чохь довзийтинчу терахьашца, Москвахь - 58. Санкт-Петербургехь велла 43 дархо... Читать дальше...

Туркойчоьнан къилбаседехь хи дистина: мел лахара а 44 велла

Radiomarsho.com 

Марсхьокху-беттан 14-чохь бинчу хаамашца, Туркойчоьнан къилбаседанехь хи тIедаьлла, бохам иккхина велла мел лахара а 44 стаг, яздо Настоящее Время телеканало. Ерриш а йоьхначу гIишлойн цIенош а, херцарш а толлуш ю орцанхоша кхин дIа а. Пачхьалкхан къилбаседанерчу провинцешкарчу Iаьржачу хIордан кIоштахь хи деста доладелира дахначу кIиранах даккхий догIанаш делхарна. Къаьсттина даккхий зенаш хилла Кастамону провинцин  Бозкурт гIалина. Оцу цхьана провинцехь велла 36 стаг. Кхин а ворхI кхелхина Сином гIалахь, - цхьаъ - Бартынехь. Читать дальше...

Мазари-Шариф гIала а, Джелалабад а шайн караэцна тIалибаша, дIалоьцуш ю кхечу провинцийн шахьарш а

Radiomarsho.com 

Американ зорбанаша хаамаш баржийна, провинциалан административан центрашна тIалибаша "маса" тIелетарш дарх, яздо оьрсийн Свобода Радионо. Яхначу шоьтан Iуьйранна дIахьедора, "60-65 процент гергга" ОвхIанистанан дозанаш тIалибийн контролехь хиларх. Суьйранна тIалибаша шайга дIаерзийра Балх провинцин шахьара Мазари-Шариф - яккхийчу гIаланашлахь 4-гIа лоруш ю иза. Associated Press агенталло хаам бина цунах лаьцна, "парламентан депутатна" тIетевжина. Оьрсийчоьнан пачхьалкхан ТАСС агенталло дIахаийтира... Читать дальше...

Нохчийчуьрчу Iедалхоша лаьцна ши ваша СИЗО-ра вайна

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторехь латтош хилла ши ваша Исаев Исмаил а, Магомадов Салехь а вайна. Цунах хаам бина Дождь телеканале Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано, яздо "Эхо Москвы" радионо. ТIехьа-Мартанарчу кхеле селхана, Марсхьокху-беттан 14-чохь и шиъ ца валийча, орца даьккхина ЛГБТ-юкъараллан векалша. Герзашца вовшахтоьхначу тобанца хилла ву аьлла, бехкевинчу шина кIентан гIуллакхах лаьцна дийца дезаш дара цигахь. Талламан версица, Исаевс а, Магомадовс а цхьана тIемалочуьнга тIоьрмиг белла чохь сурсаташ йолуш. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

«Титул, которым я горжусь больше всего»: Рублёв одолел Оже-Альяссима и выиграл второй турнир серии «Мастерс» в карьере






Стоимость проживания в отелях Питера за год поднялась на 17%

С начала года число предпринимателей в Московской области увеличилось на 32,7%

Количество профмероприятий в Подмосковье почти в 15 раз превысило число проверок

В Москве задержали ульяновцев, разводивших на деньги столичных бабушек: видео