Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2021

Новости за 28.08.2021

Зуламаш дар кхуьучу регионашлахь нисъелла Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а

Radiomarsho.com 

Кху шеран ворхI баттахь зуламаш дар дебначу  мехкийн лидершлахь нисъелла Нохчийчоь, Тува, ГIалгIайчоь. Зуламаш кхиъна Нохчийчохь 28,8%, Тувахь - 23,8%, ГIалгIайчохь - 19,7%. ТАСС агенталло бина и хаам, зуламийн хьолах хIоттийначу статистикан материалашна тIетевжина. Рейтингехь билгалъяьккхинчу итт регионна юкъаяхна Тулан кIошт, Ненецкан автономин го, Приморскан а, Красноярскан а кIошташ, Санкт-Петербург, Дагестан, Камчатка. Зуламаш лахдалар хааделла  Комихь, Смоленскан а, Еврейн автономин а, Рязанан а, Новосибирскан а кIошташкахь. Читать дальше...

Кабулехь теракташ дайтина даIишхо вийна, хаам бина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа

Radiomarsho.com 

Карарчу беттан 26-чохь Кабулерчу аэропортехь динчу лелхийтаршна дуьхьал  дронаца тохарш дина Американ эскархоша "Исламан пачхьалкх" (Оьрсийчохь йихкина ю) шех олучу тобанхойн декъашхошна. Коьртачу ТIеман буьйранчийн ницкъаша бина и хаам. Операци дIаяьхьна хилла шоьтан Iуьйранна. Теракт динарш Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна карор бу, бекхам а бийр бу аьлла, дIахьедира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Джо Байдена хьалхо. Пачхьалкхан малхбалерчу Нангахар провинцехь динчу тIелатарехь вийна "Исламан пачхьалкхан" декъашхо... Читать дальше...

Байначу баттахь 50 эзар стаг велла Оьрсийчохь коронавирусан уьнах

Radiomarsho.com 

Коронавирусан инфекцех 50 эзар дархо велла Оьрсийчохь Товбеца-баттахь. Росстато бина цунах лаьцна хаам. Дечкен-баттера схьа дуьйна лерича цхьана баттахь хилла уггар а лакхара дараш ду уьш. Дечкен-баттахь велла лоруш ву 37 эзар стаг. Керла коронавирусан "Дельта" штамм юкъаяларца доьзна ду аьллера хьалхо Оьрсийчоьнан вице-премьеро Голикова Татьянас цомгашчу нехан терахь де дийне кхуьуш хилар. Мангал-бутт болабелчхьана Оьрсийчоьнан эханнал сов регионашкахь тIедожийра бахархошлахь цхьаболчарна вакцинаци яр. Читать дальше...

Кабулерчу аэропортехь велларг 200 гергга ву

Radiomarsho.com 

Дахначу еарин дийнахь Кабулерчу аэропортехь динчу эккхийтаршкахь беллачийн терахь 200 гIоьртина, шайлахь 13 америкахойн тIемало а волуш. The Wall Street Journal гIирсо яздо цунах лаьцна Афганистанерчу могушалла Iалашъяран министраллана тIетевжина. Хьалхо бинчу хаамашкахь дуьйцура, Кабулан аэропортна чувоьдучохь Iожалхо эккхар бахьана долуш 100 сов стаг велла бохуш. Афганистанерчу CBS News ресурсан корреспонденто чIагIдо, байинчарлахь бераш а цхьаьна ду бохуш. 200 ца кхоччуш ву чевнаш йинарш.... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

«Титул, которым я горжусь больше всего»: Рублёв одолел Оже-Альяссима и выиграл второй турнир серии «Мастерс» в карьере






Кадеты Росгвардии присоединились к акции «Журавли Победы» в Подмосковье

В Конькове украсили улицы ко Дню Победы

Сотрудники столичного ОМОН «Авангард» почтили память боевых товарищей

Более трех тысяч человек приняли участие в памятной акции в Музее Победы