Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2021

Новости за 19.08.2021

Набахтехь даккха пхи шо кхайкхийна Джумаев Сайд-Мухьаммадна

Radiomarsho.com 

Москварчу Тверской кIоштан кхело колонехь даккха пхи шо хан туьйхи цигарчу пачхьалкхан университетан студент волчу Джумаев Сайд-Мухьаммадна. Iедалан векална дуьхьал ницкъбаккхарна бехке вина иза, Оьрсийчоьнан оппозиционер волчу Навальный Алексейгахьа хIоттийначу митингехь омонхойх тийсаваларна. Джумаевн хьокъехь бина сацам бовзийтина Мусаев Мурада. Кхело вердикт йовзуьйтучу дийнахь Москварчу суьдхойн гIишлона хьалха баьхкинера Джумаевн гергарнаш а, цуьнца цхьана доьшурш а, яздо "Кавказскйи узел" ресурсо. Читать дальше...

30 шо кхаьчна Советан Пачхьалкхехь ГКЧП хилла

Radiomarsho.com 

Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь, 30 шо кхечи Советан Пачхьалкхехь ГКЧП олу тоба Iедал карчо гIоьртина. Пачхьалкхан лаккхарчу даржахоша махкахь чолхе хьал кхайкхийра цу дийнахь. Кхаа дийнахь хиллачу путчо йохийра Советан пачхьалкх, цу махкахь дехачу къаьмнийн дахар а хуьйцуш

Лачкъийна вигна меттигера вахархо вер таллар юкъахдаьккхина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалара вахархо Умаров Мовсар верах талламбар юкъахдаьккхина Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхалло. "Iазапашна дуьхьалояран Комитето" Кавказ.Реалиига бина и хаам, цуьнан гергарчара тIетевжина. "ТаIзаре хIоттон веза бехке хетарг мила ву ца къастар" бухе диллина талламхочо. Кавказ.Реалии корреспонденте "Iазапашна дуьхьало яран Комитетан" юристо Янгулбаев Абубакара дийцарехь, гIулакхан материалаш цкъачунна йовза кхаьрга кхачийтина яц талламо. Стохка Товбеца-беттан 18-чу дийнахь Умаров лачкъийна... Читать дальше...

Русофобаш пачхьалкхе ца бита дагахь ю "Единая Россия"

Radiomarsho.com 

"Единая Россия" партино низаман проект кечйина, русофобашна Оьрсийчу бахка доьхкуш. Пачхьалкхан думан депутато, партин инарла кхеташонан секретаран гIовса Хинштейн Александра бина и хаам шен телеграм-каналехь. Цо бахарехь, документо магор дац Оьрсийчу бахка арахьарчу пачхьалкхийн бахархошна, нагахь санна: гамо гIаттош, мостагIалла карзахдоккхуш, къаьмнийн, расин, динан, меттан билгалонашца адамаш сийсаздеш велахь; даймехкан турсхойн аьшнаш беш, даймехкан тIеман ветеранийн сий дойъуш, Оьрсийчоьнан тIеман символш бехъеш велахь... Читать дальше...

"Оха санна дукха ахча цхьаммо а ца дойъу". Олимпиадах чамбаьлла Кадыровн

Radiomarsho.com 

Олимпиадехь лулахоша баьхна толамаш бу Нохчийчуьрчу спортхоша баьхначул дукха – оцо догдохийна Кадыров Рамзанан. ГIалгIайчоьно а, ХIирийчоьно а цхьацца деши даьккхина Токиохь, ткъа Дагестан-м ю юьззина рекордсмен – кхоъ дашо мидал. Кхачаме доцу жамIаш Нохчийн спортхоша Олимпиадера деъна совгIаташ дагардина меттигера Iедал даьлча, даржера дIаваьккхина мехкан спортан министр Кадыров Хьамзат – республикан куьйгалхочун вешин кIант. Керла спортан министр ву хIинца – хIинццалц мехкан куьйгалхочун а... Читать дальше...

Хиллачу цIийндегара бераш схьадаьхначу Дагестанерчу яхархочо дIахьедо, цо шена йиттина бохуш

Radiomarsho.com 

Шен берашна коронавирусан тесташ яйта лоьрашца цхьана еанчу Дагестанерчу яхархочунна Церетилова Нинина йиттина Буйнакскехь. Кавказ.Реалии порталан корреспонденте Церетиловас дийцарехь, цуьнан хилла хIусамда Церетилов Мохьмад тIелеттера цунна. Церетиловас бахарехь, кхунах тасавеллачу  берийн дас лами тIера чуяийтина иза. Коьрта тIехь гематома ю цуьнан, дегIа тIехь чевнаш ю. Цул тIаьхьа, кхуьнан шина кIантана Мухтарна а, ИбрахIимна а ган а гуш, Церетилован хилла марзхой а кочабаьхкина цунна. "Масийтта шарахь сан цIийнда хиллачо схьа ца луш... Читать дальше...

Мел лахара а 12 стаг велла Кабулерчу аэропортна гергахь тIаьххьарчу деношкахь

Radiomarsho.com 

Афганистанехь бехаш хилла арахьарчу пачхьалкхийн бахархой а, цхьаболу овхIанхой а арабохучу Кабулерчу дуьненаюкъарчу аэропортна уллохь 12 стаг велла кIиран дийнера схьа дуьйна. Sky News телеканало бина и хаам еарин дийнахь, "Талибанан" (Оьрсийчохь йихкина ю) векалшна тIетевжина. Нах баларан бахьана ду – герзан чевнаш яр, я тӀеттӀатаӀар, яздо "Интерфаксо". ТIалибаша кхайкхам бина, оьшу документаш доцучаьрга аэропортан гIишлочуьра арадовла аьлла. Sky news телехьожийло билгалдаккхарца, аэропорт йолчу кIоштахь хьал дуладелла хаалуш дара... Читать дальше...

Магамадов а, Исаев а цомгаш хиларх дIахаийтина адвокате СИЗО-н белхахоша

Radiomarsho.com 

Магамадов Салехьан а, Исаев Исмаилан а адвокат юха а тIе ца витина шина вешина, талламан изоляторан белхахоша и шиъ коронавирус кхетта ву аьалла, хаам бина, амма лоьрийн кехаташ ца гайтина. "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-маша"* юха а дехар дан лерина ю Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (ЕСПЧ), Магамадовн а, Исаевн а бакъонаш Iалашъярхьама маса цхьа барамаш тIеэца аьлла, дIахьедина церан пресс-секретаро Бесцвет Тима. Адвокат Немов Александр цхьана ца кхетийтина СИЗО-хь шина кIантаца. Дуьхьало яран бахьана дийцина... Читать дальше...

Кадыровн хьехамчас тIалибех "красавчикаш" аьлла, ткъа шен дешнаш "хьекъалалла" лерина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь йихкинчу "Талибан" террорхойн тобана юкъабогIу матуридиташ-ханафиташ "красавчикаш" бу аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочун динан гIуллакхашкахула хьехамча волчу Шахидов Адама инстаграмехь шега деллачу хаттарна жоп луш. "Матуридиташ-ханафиташ гуттар а бара красавчикаш", - яздина Шахидовс. Цуьнан жоьпан тидам бина уггар хьалха "Лента.ру" интернет-ресурсо. Масех де даьллачул тIаьхьа и комментарий дIаяьккхина. ТIаьхьо Шахидовс дIахьедира, шен жоп ша дIа ца даьккхина, хаттар динчо шен йоза дIадаькхича, шен жоп а дайна аьлла. Читать дальше...

Тепсуркаев лохуш гIо дехна бакъоларъярхоша

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу оппозицин IADAT телеграм-каналан модератор лаьттина Тепсуркаев Салман лачкъийна шо кхаьчна, амма хIинца а талламчаша къастийна бац иза волу меттиг аьлла, дIахьединчу бакъонашларъяран Amnesty International юкъаралло кхайкхм бина, иза лачкъорах хаамаш Iорабаха аьлла. Ишта организацино дехар дина Оьрсийчоьнан бахархошка, Тепсуркаев Салман лахар тIедожочу шайх схьакхета аьлла. Кхайкхам бакъоларъярхоша зорбане баьккхина шайн сайтехь дахначу кхаарин дийнахь. "Шо хьалха вайна нохчийн блогер. Читать дальше...

Гадаев Мохьмад-Салахь. Iуьйре йогIу, суьйре йоьду...

Radiomarsho.com 

Гадаев Мохьмад-Салахь * * * Iуьйре йогIу, суьйре йоьду, суьйре йогIу, Iуьйре йоьду, де дIадоьдий, буьйса йогIу, буьйса йодий, де ма догIу.          Шар чохь лелаш шийтта бутт бу,     диъ куц хуьйцуш хийцамаш беш,     бIаьсте йогIу, аьхке йогIу,     гуьйре йогIу, Iа ма догIу. Муьлха хан ю даго къастош, цу хенашкахь хьуна йогIуш, цу хенашлахь даго къастош суна йогIург бIаьсте ма ю.          Герга кхаьчна бIаьсте йогIу,     суьйре, Iуьйре хазлуш йогIу,     олхазарш ду декаш, ловзуш,     цу бIаьстенах даккхийдерца. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Рублев о победе на "Мастерсе" в Мадриде: у меня нет слов






Застрявших в Египте туристов разместили в отелях

Эксперт Шмелев рассказал, как выбрать дачу для аренды на лето

Священник рассказал об утилизации куличей и скорлупы от пасхальных яиц

Дмитровское предприятие ООО «Фуд Тим» представило свою продукцию в Китае