Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2021

Новости за 22.08.2021

Кхушара хIора пенсионерна 10 эзар сом даларх лаьцна хьахийна Путина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира хьахийна пачхьалкхехь вехачу хIора пенсинерна цо оьцучу пенсина тIе ахчанца цкъа долу гӀо деш 10 эзар сом даладеза аьлла. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло. "Хьахадо ас пенсионерашна кхин а кхушара цкъа 10 эзар сом далар", - аьлла пачхьалкхан куьйгалхочо кIиранан дийнахь "Единая Россия" партин векалшца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.     Путина билгалдаьккхира, тIедогIу рицкъ цIенна Iедалх доьзна долчу бахархойн категорина – баккхийчу нахана а, пенсионерашна а ... Читать дальше...

Берлинехь Хангошвили верна бехкевечуьнан бажас дийцина цо ФСБ-хь болх барх лаьцна

Radiomarsho.com 

Германехь нохчийн тIемалойн хьалханча Хангошвили Зелимха верна бехке веш волу Оьрсийчоьнан вахархо болх беш хилла Оьрсийчоьнан лерринчу сервисашкахь, ткъа 2016-чу шарахь цунна подполковник эскархочун цIе елла хилла. Цунах лаьцна Spiegel а, The Insider* а зорбан гIирсашка дийцина бехктакхаман гIуллакхехь дакъалоцуш волчу тешо, яздо Свобода Радионо. Журналисташа вуьйцу иза куьгбехкечуьнан бажа санна, вуьшта аьлча, цуьнан зудчуьнан йишин майра санна. Хангошвили герз тоьхна вийра Берлинехь 2019-чу шарахь Марсхьокху-беттан 15-хь. Читать дальше...

Грецино 40-километран керт йина Туркойчоьнан дозанца, афганхойн мигранташна дуьхьал  

Radiomarsho.com 

Грецин Iедалша шорйина шаьш Туркойчоьнан дозанца хаьлхо йина йолу 12,5-километран дуьхьало, Афганистанера мигранташ чухьалхарх лардала. 40 километр шуьйра йолу керт официалан кепара гайтина пIерасканан дийнахь, хаам бо Свобода Радионо "Катимерини" газетана тIе а тевжаш. Афганистанехь Iедал хийцаделлачул тIаьхьа шайн дозанашкахь, 2015-чу шарахь хиллачух тера, миграцин кризис юха а хиларна коьруш бу грекаш. Оцу хенахь ши миллион 200 эзар сов стага, коьртачу декъана Шеман а, Афганисатанан а бахархоша, тховкIело йийхира Евробартехь. Читать дальше...

Маьждиге ламазе веана 600 стаг лаьцна полицино Подмосковьехь

Radiomarsho.com 

Подмосковьерчу Котельникехь маьждигехь полицин белхахоша лецна пIераскан дийнахь рузбане гулбелла бусалбанаш. Цунах лаьцна хаам бина ОВД-инфо зорбан гIирсо. Маьждигехь яьккхина видео шен агIонехь дIахIоттийна Baza телеграм-канало. Цу тIехь гуш ду маьждиге баьхкинчу нехан кехаташ хоьттуш полисхой хилар. Хилларг гинчара дийцарехь, полицин ницкъаша дуккха а адам сацийнера маьждигера ара ца долуьйтуш, эххаре 60 гергга стаг дIавигира "Люберецкое" полицин декъе. ТIаьхо "Гражданское содействие"... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

«Титул, которым я горжусь больше всего»: Рублёв одолел Оже-Альяссима и выиграл второй турнир серии «Мастерс» в карьере






Всероссийский свадебный фестиваль пройдёт 12—19 мая на выставке «Россия»

Пентагон: США не видят признаков того, что Россия применит ядерное оружие

«Парту героя» Андрея Назарова открыли в школе № 2 в Лобне

Политолог в день инаугурации Путина назвал слагаемые его легитимности