Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2021

Къилбаседа Кавказехь 75 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 1 391– цомгуш хилла

0
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 75 пациент, цомгуш хилла кхин 1 391.


Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 33 вахархо, Ставропол-махкахь – 12, Дагестанехь - 11, Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а - виъ-виъ, Кхарачой-Чергазийчохь - 3, ГIебарта-Балкхаройчохь  а, ГIалмакхойчохь а - шишша велла.


Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 14 126 стаг, боху официало.


Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Ставрополь-махкахь, лахара – Кхарачой-Чергазийчохь.


Ставрополь-кIошт̆ + 341 (68 905 ву пандеми яьржичхьана)

Краснодаран мохк + 255 (62 421)

Дагестан + 203 (44 316)

Нохчийчоь + 155 (176 64)

ГIалмакхойчоь+ 105 (26 262)

ГIебарта-Балкхаройчоь+ 90 (281 52)

Къилбаседа-ХIирийчоь+ 68 (19 601)

Адыгей + 59 (170 47)

ГIалгIайчоь+ 155 (176 64)

Кхарачой-Чергазийчоь+ 55 (23 121)


Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта ларало 32 5990 стаг. Ерриг Оьрсийчохь Марсхьокху-беттан 13-чу денна и терахь ду 65 570 68 .


*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIIирмера хьал.

 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса