Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2021

Sukhoj Superjet-100 цIеххьаша лахаделлачул тIаьхьа охьахиъна Шереметьевехь

0
Волгоградера Москва доьду Superjet кема Тамбов кIоштан тIехула долуш бохаман сигнал а елла, цӀеххьашха лахделлачул т1атхьа охьахиъна Шереметьевохь, хаам бо Свобода Радионо. Хьалхо кема галдаьлла хиларх лаьцна хаам бинераа "Интерфакс" агенталло, шен хьастана тIе а тевжаш. Хаам бинчунна дийцинера, герметизаци дIаяьлла хилла хила мега кеманан аьлла.


"Sukhoj Superjet-100 кема Волгоград—Москва рейс еш ду. Тамбовн кIошта тIехула долуш цо бохам баьлла хилар хоуьйтуш сигнал а елла, цӀеххьашха лахделла. Гарехь, гермитизаци дIаяьлла хила мега кеманан", - аьллера "Интерфаксан" къамелхочо.


ТАСС агенталлан хьастано а аьллера, кемано бохам хилла хилар хоуьйтуш сигнал елла хиларх лаьцна а. 


Кема охьахаар кхиаме, хила ма-деззара дIадирзина, хаам бо "Интерфаксо".



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса