Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Май
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
22
23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 04.05.2021

Европарламентан депутато Дудаев хьахор ца тайна Оьрсийчоьнна

Radiomarsho.com 

Литварчу Оьрсийчоьнан векалто емалдина Литван цIарах Европарламентехь депутат йолчу Юкнявичене Расина нохчийн хьалхарчу президентах Дудаев Джохарах аьлла дешнаш. "Маршо" дашца юзу ша Дудаевн цIе аьллера цо.

Нохчийчоьнан Iедалхоша шена кхерамаш тийсарх дIахьедина гIалгIайн оппозиционера

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада а, пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама а шена чIир кхайкхийна аьлла, дIахьедина гIалгIайн оппозиционера Хазбиев Мохьмада. Шен инстаграм-агIонехь дина цу цунах лаьцна дIахьедар. Политика бахарехь, чIир хьеяран бахьана ду ши де хьалха цо видеохула бина кхайкхам. Цу тIехь Хазбиев вистхилла Нохчийчоьнан куьйгалле, емал бина, цунна хетарехь, гIалгIайн къам сийсаздийраш. Цул тIаьхьа Хазбиевн ватсапе хаам кхаьчна, хьуна чIир йогIу, тIейогIучу... Читать дальше...

Кадыровн хьал 50-зза дебна шина шарахь

Radiomarsho.com 

2020-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана даьккхина рекорде 381 миллион сом. Оцу юкъанна, 2019-чу шарахь 147 миллион соьмана пайда хилла цунна, ткъа 2018-чохь - 7,5. Цу кеппара, тIаьххьарчу шина шерачохь шен хьал 50-зза сов даьккхина хьаькамо.

"Артдокфестан" гран-при елла нохчийн ММА латархочух яьккхинчу фильмана

Radiomarsho.com 

Режиссеран Река Валерикан "Тийна аз" ("Тихий голос") фильмана документалан "Артдокфест" кинофестивалан гран-при елла, "хезаш доцург хаза а, гуш доцург ган а" корматалла хиларна. Оцу фильмехь дуьйцу, шен гергарчарна ша гей вуй хиъначул тIаьхьа, махкара аравала дезначу нохчийн ММА-н латархочух, хаам бина Свобода Радионо. Фестиваль юкъаяьккхинчу режиссера Манский Виталийс совгIат дIалучу хенахь билгалдаьккхина, оцу бинчу сацамца цхьана а кепара политикан битам бац аьлла. "Жюрино билггал нийсонца бина сацам бу хIара... Читать дальше...

Журналист Гаджиев дIахецар тIедожош пикеташ дIаяьхьна Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Лаьцна латтош волу "Черновикан" журналист Гаджиев Iабдулмумин маьршаваккхар тIедожош цхьааллин пикеташ дIаяьхьна цуьнан коллегаша Магомедов Мохьмада а, Камалов Магдис а ХIинжа-гIалахь. Газетан редакцина хетарехь, бух боцуш ду цунна дохку бехкаш, ткъа гIуллакхан материлаш - фальсификаци ю. Газета диллинчу Камалов Магдис шан пикетехь кхайкхам бина ницкъахошка, тоьшаллаш доцуш нах лецар сацаде аьлла, яздо "Кавказский узел" агенталло. Кхин а цхьа пикет хIоттийра ХIинжа-ГIалахь Цунтинскан кIоштарчу... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь уьнах велла 19 дархо. Вирус къаьстина 270 стагаца

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар кхетта хиларца билгалбевллачу нахах велла 19 пациент, и цамгар карийна кхин а 270 стагехь. Iедалера болчу хаамашца, Краснодар-махкахь 12 дархо велла, Ставропол-махкахь – 4, Адыгейхь – 2, ГIалмакхойчохь- цхьаъ. Пандеми кхайкхийчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 394 стаг. Краснодар-махкахь бу дархой массанхьачул дукха, кIезиг бу уьш Г1алмакхойчохь Краснодар-мохк + 95 (45 883 пандемин ерриг хенахь) Ставропол-мохк + 101... Читать дальше...

"Баьццара зона". Кавказерчу бусалбанаша Оьрсийчьурчу набахташкахь ловш дерг

Radiomarsho.com 

"Оьрсийчоьнан набахташкара Къилбаседа Кавказера бусалбанаш" цIе йолу доклад кечйина Анализ яран а, конфликташ ца хилийтаран а центро. Бакъонашларъярхошкахь болчу хаамашца, ислам дин лело тутмакхийн нийсонан бакъо яйар (дискриминаци яр) хуьлуш ду Оьрсийчуьрчу колонешкахь. Царна тIехь кхечу тутмакхаша Iазап латтийна а, йиттина а, хьийзийна а меттигаш ю, ткъа иза хуьлуш ду дукхачу хьолехь гергарнаш ган церан аьтто а боцуш. Билггала хIун халонаш хьоьгуш бу бусалбанаш чубоьхкина латточу меттигашкахь... Читать дальше...

ГIалгIайчоьнан Iедалхоша еш яц керла футболан майда

Radiomarsho.com 

Регионера финансийн хьал ледара хиларна, 15 эзар меттиг йолу керла футболан стадион ян шаьш дагахь дац аьлла, дIахьедина ГIалгIайчоьнан Iедалхоша. Мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас билгалдакхарца, республика чолхечу финансийн хьелашкахь йолчу юкъанна, уггар а хьалха социалан хеттарш листа деза, хаам бо runews24 гIирсо. 15 миллиард сом хьажон дезаш дара гIишло хьалаян. Планехь 4,6 миллиард республикан Iедалхоша дала дезара, амма доьдучу шарахь ГIалгIайчоьнна кхочучу пайданан барам 4,8 миллиард сом бен бац. Читать дальше...

Мехикохь метро чохь йоьдучу цIерпоштана тIедоьжна тIай. 20 стаг велла, 70 гергга лазийна

Radiomarsho.com 

Метро чохь боьдучу цIерпоштана тIедоьжна Мехикохь тIай, яздо Свобода Радионо. Мел лахара а, велла 20 стаг, чевнаш йина ву 70 гергга. El Universal хаамийн гIирсо бина и хаам, Мексикан шахьаран мэрна Шейнбаум Клаудина тIетевжина. Беллачарлахь бу кхиазхой а цхьана. Мэро дийцарехь, кхин дIа йолу конструкци а тIейожарна кхоьруш, нах кIелхьарбахар цкъачунна сацийна ду. ТIедоьжначу тIайна бухахь ю масех машен а. Дийцарехь, цхьахйолу автомобиль тIекхетта, гIортор йоьхча чудеана тIай. Меттигерчу бахархоша дIахьедина El Universal ресурсе... Читать дальше...

Дуьненчуьрчу 250 журналисто гIо даьккхина Оьрсийчоьнан йозуш йоцчу медиашкахьа

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу "Важные новости", DOXA хаамийн гIирсашана а, иштта, Iедалхоша "арахьарчу агентийн" тептаре яьккхинчу "Медузана" а тIехIоьттина 63 пачхьалкхера 250 сов журналист. Студентийн DOXA журналан сайтехь зорбане даьккхина журналисташа яздина диллина кехат. Дукха хан йоццуш цуьнан веа редакторна бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал даьхна. Церан публикаци лерина ю Дуьненаюкъарчу хаамийн гIирсин маршонна. "Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир хIоьттинчул тIаьхьа, пачхьалкхо тIеIаткъам болийра бозуш боцчу хаамийн гIирсашна... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Ролан Гаррос

Главный русский теннисист заставил Париж аплодировать ему стоя. Что удалось Осьминогу Медведеву?






Ислам Махачев прокомментировал победу над Дастином Порье на турнире UFC 302

В Москве подвели итоги первого дня чемпионата по игре «Камень, ножницы, бумага»

Кофе, крепкий чай и сладкая "газировка" не принесут пользы в жару

«Экзамен для меня — всегда праздник, профессор!»