Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Май
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
22
23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 05.05.2021

"ДIагIохьа, Путин!"

Radiomarsho.com 

Бештау ламанан буьххьехь пикет дIаяьхьна жигархоша, Путинан политикана дуьхьал. Новгородера Кавказе садаIа баьхкина хилла уьш.

Нохчийчуьрчу хьаькамаша чIир хьейина ГIалгIайчуьрчу оппозиционере

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада а, Пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама а чIир кхайкхийна гIалгIайн оппозиционерна Хазбиев Мохьмадна. Шен инстаграмерчу пена тIехь дина цо цунах дIахьедар

Оьрсийчоьнан регионашлахь ГIалгIайчохь бу уггар а кIезиг алапа оьцу хьехархой

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь уггар а лахара алапаш оьцу ГIалгIайчуьрчу хьехархоша. Юккъерчу барамахь, 2020-чу шарахь  цара оьцуш хилла баттахь 23 691 сом. Церачул а жимма лакхара ду ГIебарта-Балкхаройчуьрчу хьехархойн - 24 096 сом, Кхарачой-Чергазийчоьнан- 24 339 сом ду, хаам бина "МК" газетано, "Росстатан" стохкалерачу зерех пайдаэцначу "Хьехархо" профсоюзан экспертийн жамIашна тIетевжина. Баттахь 50 эзар соьмел а лакхара алапаш оьцучу Къилбаседананан йистан кIошташкарчу хьехархойн а, экономикан хьал кхиаме долчу федерацин субъектийн... Читать дальше...

ГIаттамхошца лелла аьлла, бехкевинчу дагестанхочун гIуллакх прокуратуре юхаделла

Radiomarsho.com 

Меттигерчу вахархочун Даитбеков Шемалан гIуллакх Кумторкалинскан кIоштан кхеле дIахьажийна прокуратурано, яздо Кавказ.Реалиино. Цунна бехке диллина герзашца йолчу тобанехь дакъалацар. Даитбековн адвоката Асиялов Аталава дийцина, цуьнан бехк хиларх кхачам боллуш тоьшаллаш цахиларна прокуратуре гIуллакхан материлаш юхаелла хиларх. "Оха кхелана хьалха а дIахьедира цунах лаьцна. Тхуна дуьхьал даккха цхьа хIума дацара прокуроран. ХIинца ши некъ бу цаьргахь. Оха вовшахтоьхначу кехаташца иза маьршаваккха веза цара, йа гIуллакх юха таллийта деза. Читать дальше...

Ставрополехь ламанан буьххье а бевлла, Путине дIагIо аьлла, дехар дина туристаша

Radiomarsho.com 

Стигалкъекъа-беттан 3-чохь Пятигорскерчу Бештау ламанан буьххьехь цхьаалин ши пикет дIаяьхьна Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран политикана дуьхьал. Новогородера ши жигархо Шалякин Виктор а, Черепанова Ксения а ламанан буьххье даьлла хилла "Путин, хьо къена а ву, хьекъал эшна а ву. ДIагIохьа!", "Ца оьшу тиран, оьшу - маршо" аьллачу плакаташца. Кавказерчу Минеральные Воды гIала садаIа деана хилла пикет йина шиъ.  Шайн Оьрсийчоьнан президентах йолу  позици йовзийта Iалашонца хьалхе дуьйна кечдинчу плакаташца доладелла лела и шиъ... Читать дальше...

Европе вахначуьра Путинца цхьанакхета дагахь ву Байден Джо

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Байден Джос дIахьедина, белхан хьокъехь Европе вахначу заманчохь, ша реза хиларх Товбеца-баттахь Iамеркахойн а, оьрсийн а саммит дIаяхьа, яздо Свобода Радионо. "Со цуьнга дог дохуш ву. Цу тIехь болх беш ду тхо", - хаам бина президенто Байдена, шинарийн дийнахь журналистийн хеттаршна жоьпаш лучу хенахь. Президентан дарже хIоьттинчул тIаьхьа дуьххьара Британе воьдуш ву Байден Джо, Товбеца-беттан 11-чу дийнера 13-че кхаччалц хинйолчу G7 тобанерчу пачхьалкхийн лидершца цхьанакхета. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Ролан Гаррос

Свёнтек сравнялась с Шараповой по победам на турнирах Большого шлема






Экс-глава Минфина Подмосковья Кузнецов, похитивший 11 миллиардов рублей, попросил УДО из колонии Новомосковска

«Екатеринбурггаз» отложил раскопки в саду у «косого дома»

Площадь пожара в автосалоне на севере Москвы увеличилась до 200 "квадратов"

МЧС: Площадь пожара на севере Москвы увеличилась до 200 квадратных метров