Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Май
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
22
23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 07.05.2021

IАДАТ: Нохчийчохь 47 стаг лачкъийна

Radiomarsho.com 

Байначу баттахь Нохчийчохь ницкъаллин структураша лечкъийна бигначу нехан цIераш яьхна оппозицин IАДАТ телеграм-канало. Жигархойн зерашца, 47 стаг вайна лар йоцуш.

Нохчийчуьрчу Iедалхоша кхерамаш тийсина шена, аьлла гIалгIайн адвоката

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламентан спикера шена кхерамаш тийсина аьлла, дIахьедина гIалгIайн адвоката Беков Мохьмада. Шен ватсапан мессенджерехула хааам кхаьчна шега бохуш, чIагIдо юристо. Фейсбукерчу шен пена тIехь Бековс яздина, оппозиционер волчу Хазбиев Мохьмаде узуш, ша язйина пост бахьана долуш тийсина хиларх шена кхерамаш. "Со гладиатор вац шуьца латарш хIиттон, йа маьIне а ца хета суна шун сийсазчу къамелашна жоьпаш далар, - яздина Бековс. - "РагI суна тIе кхаьчна, амма соьга чIир ца хьейо, соьга схьахьедина... Читать дальше...

Дагестанера MMA-н латархо шекваьлла Кадыровн кIанта баьккхинчу толамах

Radiomarsho.com 

Охан-беттан 8-чохь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу боксан турнирехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун 13 шо долчу кIантана Кадыров Адамна толам дIалуш реферис бинчу сацамехь бакъо талхийна хилар гина Дагестанера схьаваьллачу Оьрсийчоьнан ММА-н латархочунна Исмаилов Мохьмадна. Цунна хетарехь, Кадыровн а, ГIебарта -Балкхаройчуьрчу Биттаров Асланан а латар юкъахдаккхар нийса дацара. "Цкъа делахь, нийса сацор дацара иза. Сан хаттар суьдхочуьнга а, соне а [Биттировга]ду", - аьллачу спортсменан дешнаш... Читать дальше...

Кавказерчу вежаршна тIе тесна тIай. Дудаевн а, Масхадовн а книгаш арахецна Украинехь

Radiomarsho.com 

2020-чу шарахь Киеверчу "Zалізний тато" зорбан цIийно ши книга арахийцира украинахойн маттахь. И шиъ лерина яра йозуш йоцуш хиллачу нохчийн пачхьалкхан Ичкерин хьалханчашна Дудаев Джохарна а, Масхадов Асланна а. Иза хилла Украинин малхбалехь 2014-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташца дIахьуш тIеман конфликт а йолуш. Орсийчоьнан Iедалша Дудаев а, Масахадов а террорхой лоруш бу. Ши а вийна, Кремло омра а делла: Дудаев -1996-чу шарахь, Масхадов – 2005-хь. Амма массо а бац кху дуьнентIехь Кремлана хетарг къобалдеш. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь уьнах велла 24 дархо. Вирус къаьстина 286 стагаца

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар кхетта хиларца билгалбевллачу нахах велла 24 пациент, и цамгар карийна кхин а 286 стагехь. Iедалера болчу хаамашца, Краснодар-махкахь 11 дархо велла, Ставропол-махкахь – пхиъ, ГIебарта-Балкхарочйохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Адыгейхь а - шишша велла, Дагестанехь а, Г1алмакхойчохь а - цхьацца. Пандеми кхайкхийчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 462 стаг. Краснодар-махкахь бу дархой массанхьачул дукха, кIезиг бу уьш Адыгейхь. Читать дальше...

ГIебарта-Балкхаройчоьнан муфтиято кхайкхам бина, марха дастарна дозанаш тоха аьлла

Radiomarsho.com 

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу муфтиято кхайкхам бина Рамадан бутт боьрзуш Марха достучу дийнахь (Iийд ал-Фитр) хIиттош болу массо а кепара даздаран барамаш юкъахбаха беза аьлла. "Дехар до, нийса кхеташ хилар, хIунда аьлча, ун даржаран кхерам лаьтта хIинца а, цундела вовшийн лардан деза вай", - аьлла, дIахьедина бусулба дин лелочаьрга мехкан муфтийс Дзасежев Хазраталийс. Iийд ал-Фитран дийнахь ГIебарта-Балкхаройчуьрчу массо а маьждигашкахь Iийда дийр ду аьлла, дIакхайкхийна муфтиято. Маьждигашкахь... Читать дальше...

IADAT телеграм-канал : байначу баттахь Нохчийчохь лачкъийна 47 стаг

Radiomarsho.com 

Охан-баттахь Нохчийчохь полисхоша лечкъийна бигинчу нехан цIерашца статистика Iораяьккхина оппозицин IАДАТ телеграм-канала. Байначу баттахь 47 стаг вайна, жигархойн зерашца. Кавказ.Реалиига ресурсан админаша дийцарехь,  лечкъийначу нахах хIоттийначу тептарера пхи стаг - Мамуев Нурмохьмад а, Шовхалов Имам а, Нукаев Гилани а, Ахмадов Iела а, Сайдулаев Мохьмад а маьршаваьккхина. Шайн статистика лахара ю билггал долчу хьолаца дуьстича, лечкъийна бигина массо а бац оцу тептарехь аьлла, билгалдаьккхина IАДАТА. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Пресс-служба WTA мемом отреагировала на тяжёлую победу Свёнтек над Осакой






Учёные могут сделать +25 круглый год по всей круглой, многоэтажной Земле. "Святой Ленин".

Поезд проехал через горящий лес в Бурятии

В Москве подвели итоги первого дня чемпионата по игре «Камень, ножницы, бумага»

Грани карельского гранита: в Петрозаводске состоялся Международный форум-выставка отрасли природного камня