Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Май
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
22
23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 13.05.2021

Марханаш достуш бу тахана бусалба нах

Radiomarsho.com 

Дуьненан массо а меттигашкара бусалба нах бу Рамадан бутт боьрзуш догIу Ид ал-Фитр (Марха досту де) даздеш. Оьрсийчоьнан бусалбанийн а, муфтийн кхеташонан а урхаллин хьалханчас Гайнутдин Равила декъалбина бусалбанаш, кхушара, коронавирусца доьзна, бахархошна шо аттачех хилла дацар билгал а доккхуш. "Кхобуш марханаш а долуш, вай къийсам латтийра бIеннаш эзарнаш синош дIадаьхьначу, миллионийн могашаллах хьакхаделлачу уьнца. Вай АллахIе доьху COVID-19 бахьанехь белла вешан вежарий шахIидийн могIара бахар... Читать дальше...

Францино депортаци йина нохчо Исмаилов Мансур ву Москварчу аэропортехь латтош

Radiomarsho.com 

ШолгIа де ду Францино Оьрсийчу депортаци йина нохчийн мухIажар Исмаилов Мансур Москварчу "Шереметьево" аэропортехь сацийна кхобу. Иштта хаам беана "Мемориалерчу" бакъоларъярхочуьнгара Титиев Оюбера (Оьрсийчоьнан Iедало"Мемориал" арахьарчу агентийн могIара яьккхина, юкъаралло тIе ца оьцу и статус –ред.билгалдаккхар). Титиевс бахарехь, адвокат ца вуьту депортаци йинчунна тIе, ткъа дозанхоша иза дIавигина аэропортера, боху. "Делахь а, тхоьгахь йолчу информацица, иза аэропортехь ву. Цо шозза телефон тоьхна шен зудчуьнга... Читать дальше...

Хьабиб "UFC-н проект" ю, "Ахматан" векалца иза летарг цо доьхху ахча ло ша, боху Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Дагестанерчу спортхочуьнга Нурмагомедов Хьабибе, ша "муьлхха а гонорар" охьайилла кийча ву, иза "Ахмат" клубан векалца латахь, аьлла. И къамел цо дина шен инстаграмехь. "Цо UFC чохь массо а эшийна, эшор вуй-те "Ахматехь" – иза хаттар ду. Со кхийча ву муьлхха а йозаллера спортхо дуьхьалхIотто, муьлхха а гонорар яла. Мел дезза ахча дала кийча ву со… UFC-но лучул дукха ахча дала кийча ву, нагахь санна иза "Ахматна" дуьхьал латахь, хьовсур вай мила тоьлу", – дIахьедина Кадыровс. Читать дальше...

Краснодар-махкахь полицин декъан куьйгалхочунна хан тоьхна кхаъ эцарна

Radiomarsho.com 

Краснодар-макхарчу Новопокровски кIоштан полицин декъан куьйгалхо Кривошей Андрей бехкевина кхело боккхачу барамехь кхаъ эцарна. Оцу хьокъехь хаам бо махкарчу Талламан комитетан урхаллин пресс-векалто. Талламан версица, 2019-чу шарахь полцин декъо тоьшаллаш гулдеш хилла меттигерчу вахархочо низамехь а доцуш дитташ хIаллакдарца доьзна айдинчу бекхтакхаман гIуллакхна. Полисхо цхьаьнакхетта бехке лоручун вешица, 300 эзар сом лахь, цуьнан ваша таIзарх хьалхаваккха аьтто бу, аьлла. Шеца дина къамел вукхо довзийтина къепе латточу хьукматашна. Читать дальше...

ФСБ-но вийначу Узбекистанан вахархочун зудчунна депортаци ю еш ГIирмера

Radiomarsho.com 

Аннекси йинчу ГIирмехь Советски кIоштан кхело депортаци ян сацам бина ФСБ-н белхахоша цIийнах хьожуш вийначу Узбекистанан вахархочун Рахимов Набин зудчунна Бурханова Сохибина. Арахьарчу мехкан вахархочо я цхьана а мехкан цIарх воцчу стага Оьрсийчу кхачарх долу низам талхорна бехкейина иза. Бурханован гIуллакх луьстучу кхелан цIенна хьалха, цуьнан агIолоцуш массийтта бIе стаг гулвелира, хаам бо прессехь. Кхелан цIенна чуьра арахьарчу мехкийн бахархой латточу изоляторе дIайигина Бурханова. Оцу... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Даниил Медведев

Тарпищев о Медведеве и Рублеве: без травм сыграют в Париже лучше, чем в Токио






В Балашихе загорелось кафе после хлопка при готовке шашлыков

«Многие начали сомневаться в версии Израиля о происходящем»

Синоптики спрогнозировали грозу и до +26 градусов в Москве 10 июня

В чем же различие дорогого сайта от бюджетного