Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Май
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
22
23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 12.05.2021

Цхьаьнатоьхначу Штаташа Израиле эмиссар ву хьажош конфликт ерзо

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа герггарчу хенахь Израиле лаккхара дипломат хьажор ву цигахь тIаьххьарчу деношкахь иттаннаш нах а бойъуш, Iедалхошний, палестинахошна-радикалашний юкъадоьлла дов дерзо. Кхаарин дийнахь пачхьалкхан секретара Блинкен Энтонис дIахьедина, шен гIоьнчин гIовс Эмр Хейди гIур ю Израилан Iедалшца а, палестинахошца къамел дан, аьлла. Блинкена конфликтан агIонаш кхайкхина дов дижоре. Цо балгалдаьккхина, Цхьаьнатоьхна Штаташ кхета Израилна ракеташ етташ хьийзачу терроран организацино Хьамасо лелочух а... Читать дальше...

Кремлехь комментари йина Кадыровс Израил бехке еш динчу къамелан хьокъехь

Radiomarsho.com 

Малхбалерчу Иерусалимехь хIоьттинчу ситуацица доьзна Израило шена къинтIера баха беза палестинахой аьлла Кадыровс динчу д1ахьедаро гойтуш яц Оьрсийчоьнан официалан позици. Иштта ду пачхьалкхан куьйгалхочун пресс-векала Песков Дмитрийс дина дIахьедар. "Оьрсийчоьнан Федерацин арахьарчу политикан позици пачхьалкхан куьйгалхочо къастош ю, шуна хаа лаахь", – аьлла Песков Дмитрийс, РБК агенталло бечу хаамца. "Ший а агIо собаре хиларе" кхайкхина цо, Кремль Израилехь "маьршачу бахархошна хуьлу зенаш кхуьуш лаьттарх" саготта юйла а хоуьйтуш. Читать дальше...

Демократин лагерь: оьрсийн антипутинхой а, европин нохчий а цхьаьнакхетта Берлинехь

Radiomarsho.com 

Берлинехь Бранденбурган кевнашна уллехь дIаберзийна шен болх дийнахь-буса а баттахь лаьттинчу, Путин Владимиран Оьрсийчуьрчу оппоненташа вовшахтоьхначу "Демократин лагеро". Цуьнан коьртачу мероприятех цхьаъ яра хьалхара а, шолгIа а Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь белларш дагалацаран де а, таханлерчу Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъян дIахьуш болу къийсам а. Радио Свободан корреспондент Векслер Юрий цхьаьнакхийтира Берлинехь дуьхьалонан лагерь кхоьллинчерах цхьанца Папков Владимирца: — Оха схьабиллира... Читать дальше...

UFC-н латархочун Чимаевн «забар» а, допинган тест а

Radiomarsho.com 

UFC-н чемпионатан нохчийн латархочо Чимаев Хьамзата забар йина латархочо Шлеменко Александара аьллачух лаьцна. Шлеменкос аьллера, нагахь ша UFC-на юкъаэцахь "и юкъаралла ишалара йоккхур ю" ша, ткъа UFC-н чемпионатан юккъерчу дивизионехь латарш инзаре а хир ду аьлла.

Нохчийн латархо Чимаев кхузза чекхваьккхина допинган зерех

Radiomarsho.com 

Нохчийн ММА латархо Чимаев Хьамзат бетта чохь кхузза чекхваьккхина допинган зерех. Оцу хьокъехь яздина шен инстаграм-сторисехь цуьнан менеджера Зубайраев Адама. Цо гойтучу видео чохь Чимаевца цхьаьна цуьнан дилх талла кечлуш бу антидопинган USADA агенталлин эпсарш. "Бетта чохь – кхузза USAD-е", – яздина латархочун векало, гIайгIане смайлаш а йохкуш. UFC низамо доппинг таллар дозу дуккха а бахьанашца, масала, спортхочо цIеххьара лаккхара жамIаш дахарца, тренеран цIарца, яхначу заманахь допингца боьзна хьовзамаш лелла хиларца. Читать дальше...

Некъан бакъо талхийначуьнга нах къинтIера бахийтина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин официалан сайте хIоттийна некъан бакъо йохийначарна инспекцино "профилактикан хьехамаш" бен видео. Комментарехь хоуьйту полицина Хьалха-Мартанан кIоштахь, некъа тIера ши сиз а хадош, машен машенал хьалхайоккхуш гойту видео интернете хIоттийна хааялар. "Машенлелорхо билгалваьккхинчул тIаьхьа, иза а, машен чохь хилла пассажираш а кхайкхина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Хьалха-Мартанарчу декъе, цигахь профилактикан къамел дина низам талхийначуьнца... Читать дальше...

"Низам ца лардечу дешархойх" йолу информаци гулйийр ю Мурманскехь

Radiomarsho.com 

Мурманск-мехкан дешаран министралло Казанехь хиллачу бохамца доьзна омра дина школашна доьшуш долчу берех а, дешна бевллачу кегийрхойх а йолу информаци лерринчу информацин бази чу яккха - "низам лардеш боцу а", "бух а боцуш, агресси шайца йолу а" кегийрхой тергонехь кхобу тептар. Мурманскерчу масех хаамийн гIирсо интернетехь зорбане хIоттийра официалан документ, довзуьйтуш дара кхуллучу базин интернет-адрес а – бIеннех дешархойх лаьцна информаци яра оцу чохь: доьшу меттигаш, церан социалан машанашкара адресаш. Читать дальше...

Палестинахоша 600 сов ракета хецна Израилан агIор. Аэропорт къевлина ю Тель-Авивехь

Radiomarsho.com 

Шинарин сарахь Палестинерчу радикалийн дакъоша 130 сов ракета хецна Израилан агIор. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, дараш хилла, амма цкъачунна церан терахьаш къастош ду. Болчу хаамца, цхьа ракета кхетта Тель-Авивна йистерчу Холон кIошта лелачу автобусна тIе. Ракеташ тохарца доьзна ханна сацийна Бен Гурионан цIарх йолчу аэропортан болх, гIишлош чуьра арабаьхна нах, ткъа Тель-Авиве лелаш хилла кеманаш дIахьовсийна Кипре. Ерриг а Газа секторера тIаьххьарчу дийнахь-буса Израилан агIор кхоьссина маситта бIе ракета – прессо бахарехь, 600. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Арина Соболенко

Соболенко — Коллинз: белоруска выиграла первый сет в полуфинале Рима






Певица Наташа Королева провелдет концерт в Пятигорске на фоне громкого скандала

Летний дэгэлфлешмоб объявлен в Бурятии театром Бурдрамы: Россия, Театр, Культура, Дети

«Мосволонтер» приглашает горожан помогать нуждающимся

Тульский «Мехмаш» стал чемпионом Городской лиги, выиграв драматичный финал