Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Май
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
22
23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 06.05.2021

Тоькан майнинг-къоланаш дечарлахь лидер ю Къилбаседа Кавказ

Radiomarsho.com 

Майнинг-къоланаш баккхийчу барамашкахь дина хиларца хьахийначийн лидершлахь ю Оьрсийчоьнан субъекташлахь Къилбаседа Кавказера регионаш. ТIаьххьарчу шина шерачохь регионехь масех иттаннашкхаь ду ток лечкъор. "Россети Северный Кавказ" компанин информацина тIетевжина "Московский комсомолец" газето яздарехь, динчу зенийн барам бу 233 миллион сом. Цхьана Къилбаседа Кавказехь къола дина тоькана 2,6 миллион соьмана. Къоланаш динчарна гIуда тоха кхерам бу, цул тIаьхьа цаьрца болх бийр бу кхин дIа бакъоларъяран органаша. Читать дальше...

Полисхошца хиллачу тасадаларехь вийначун гергарнаш лецна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа-ХIирийчоьнца долчу дозанехь герзашца динчу зуламна тIехула лаьцна ГIалгIайчоьнан ши вахархо, хааме даьккхина "Кавказский узел" интернет-ресурсо. Хаамийн гIрсашкахь хьалхо яздира, Охан-беттан 28-чохь Несаран йистехь, ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанехь полисхоша кехаташ хоттуш Toyota Camry машен сацийча, ницкъахоша дийцарехь, машенан долахочо герзаца дуьхьало ярх. Дуьхьала герз тоьхна вийнера машен чохь хилларг. Яьржинчу информацица, Кантышево эвлара, хьалхо лехамашка велла хилла Кодзоев вара иза. Читать дальше...

Кегийрхоша марха достуьйту некъахошка

Radiomarsho.com 

Мархийн беттана лерина сагIадаларан акци дIахьош бу некъа тIехь Гермачигара жигархой. Марха даста хан герга еача ара бовлу уьш, шайн цIахь хьалххе кечйина хурманаш чохь йолу тIоьрмигаш а, хиш а дIасадекъа. Марха достучу хенахь некъаца нисбеллачу нахе марха дастийтар ю кегийрхойн Iалашо. ХIора сарахь эзар сов стагана кхочу церан сагIа.

Кадыровхоша чIир кхайкхийна Хазбиев реза вац ха лаца

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу парламентан спикера Даудов Мохьмада а, Пачхьалкхан Думан депутатата Делимханов Адама а чIир хьейинчу жигархочо Хазбиев Мохьмада дуьхьало йина пачхьалкхан цIарах шена ха дан хьоьвзинчу ГIалгIайчуьрчу полисхошна. Оппозиционера хаам бина цунах лаьцна "Кавказский узел" интернет-гIирсе. ЧIир кхайкхон бахьана хIоьттира, карарчу беттан 4-чохь инстаграмехь Хазбиевс видео яржийча, "Хазбиев Мохьмадан Нохчийчоьнан Iедалхошка а, гуьнахь боцчу блогершка а, провокаторшка а бина кхайкхам" аьлла. "Цу тIехь Нохчийчоьнан куьйгалле вистхуьлуш... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь уьнах велла 23 дархо. Вирус къаьстина 272 стагаца

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар кхетта хиларца билгалбевллачу нахах велла 23 пациент, и цамгар карийна кхин а 272 стагехь. Iедалера болчу хаамашца, Краснодар-махкахь 12 дархо велла, Ставропол-махкахь – пхиъ, Дагестанехь - шиъ, ГIебарта-Балкхарочйохь - а, ГIалмакхойчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а - цхьацца велла. Пандеми кхайкхийчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 438 стаг. Краснодар-махкахь бу дархой массанхьачул дукха, кIезиг бу уьш Къилбаседа-ХIирийчохь а, Адыгейхь а. Читать дальше...

Bellingcat: Мишкин а, Чепига а Кремлна болх беш ву хIинца

Radiomarsho.com 

Британин Iедалша ГРУ-н белхахочунна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана а дIовш даларна а, Врбетиц гIалахь лелхийтарш дарна а Чехин Iедалхоша бехкевечу Оьрсийчоьнан тIеман иччархойн эпсаршна Мишкин Александрна а, Чепига Анатолийна а лаккхара даржаш делла, карарчу хенахь и шиъ Кремлна болх беш ву. Цунах лаьцна хаам баржийна дуьненаюкъарчу Bellingcat талламчийн тобанан декъашхочо, журналисто Грозевс Христос. Билггал хIун белхаш беш ву и шиъ, стенгара кхаьчна и информаци цкъачунна дуьйцуш дац Грозевс... Читать дальше...

"ХIумахуу" нах лецна Соьлжа-ГIалахь юха а

Radiomarsho.com 

Хьалхо шарлатаналла лелош бу аьлла, лаьцна исламан медицинан Центрехь бехкаш даьхна ши зуда а, цхьа стаг а юха а кхеле хIоттийна, яздо махкарчу хаамийн гIирсаша. Даим а санна, пачхьалкхан "Грозный" телеканалехь юьхь яьхна цаьргара. Дийцарехь, юьртахоша а, гергарчара а аьрзнаш деш хилла лаьцначух цхьанна- Исмаилова Розина. Иза бехкейо бозбуанчалаш лелорна а, гонахарчу нахана зенаш дарна а. Дуьйцург бакъ дуй хьажа, иза йолчу чу ваьлла хилла Муса цIе йолу жимстаг. Цуьнан цIийнан тховх карийна цунна дуккха а холмачалла лелон гIирс... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Соболенко, проигравшая Андреевой, потеряет 2-е место в рейтинге WTA по итогам «Ролан Гаррос», уступив его Гауфф






Команда из Мытищ победила в турнире Подмосковья по стритболу

«Эмоции нужно выражать культурно»: рэпер Звонкий — о политических взглядах, зрителях и хорошем вкусе

Тренеры по бережливому производству пяти нижегородских предприятий принимают участие в конкурсе ФЦК

Ровно 22 года назад фанаты учинили беспорядки в Москве после поражения России на чемпионате мира