Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Май
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
22
23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 14.05.2021

Хасу-Юьртан кIоштахь кIира ду бер лоьху. Стаг верах долу гIуллакх айдина

Radiomarsho.com 

Лехамийн-орцан "ЛизаАлерт" тобанерчу волонтераша Хасу-Юьртан кIоштарчу Аэродром юьртахь вайна диъ шо долу Забитов Мухьаммад лоьху ду кIира. Иза вайна цIера аравалларх. "Цкъачунна сингаттаме ю информаци: жIаьлина лар карийнера, Ярыксу хин йисте кхаьчча, сацийра цо шен лехам. Иза ду оцу меттехь беран лар йовш ю бохург", – хаам баржийра мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло Стигалкъекъа-беттан 9-чохь. Дийнахь а, буса а лоьхуш ву кIант. Талламаш беш, 1,5 эзар километр гIаш некъ бина орцанхоша. Читать дальше...

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь велла уьнах 25 стаг. Цомгуш хилла кхин а 276

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 25 пациент, цомгуш хилла, официалан терахьашца, кхина 276 вахархо. Уьнах Краснодар-махкахь 11 велла, Ставропол-махкахь – 5, Кхарачой-Чергазийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь, Адыгейхь – шишша, Дагестанехь, ГIалмакхойчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь – цхьацца. Пандемин муьрехь верриг а COVID-19 цамгарх велларг ву Къилбаседа Кавказехь 9 625 вахархо. Дийнахь-буса уггаре дукха хаабелла ун кхеттарш Краснодар-махкахь, массанхьачул кIезиг бу иштанаш Адыгейхь а, Нохчийчохь а. Читать дальше...

"Спутник V" вакцинан башхаллех шек бу Lancet журналера авторш

Radiomarsho.com 

Масех пачхьалкхерчу эпидемиологийн а, биологийн а тобано медицинан коьртачу The Lancet журналехула яккхий шеконаш кхайкхийна Оьрсийчоьно коронавирусан инфекцина дуьхьал кхоьллина "Sputnik V" вакцина кхоалгIачу фазех чекхъяккхарх долчу зерийн а, иза кхераме цахиларх лаьцна далочу тоьшаллийн а хьокъехь. The Lancet журналехь зорбане даьккхинчу диллинчу кехатехь Iилманчаша – Оьрсийчуьра говзанча а ву царалахь – боху, шаьш анализ йина оццу журналехь Оьрсийчоьнан вакцина йовзуьйтуш хьалха арадевллачу зерийн. Читать дальше...

Дагестанерчу спортхоша "Москва-Сити" комплексехь герзаш кхийсар теллина

Radiomarsho.com 

Латархойн "Скорпион" спортклубан декъашхой хилла Исмаилов Мохьмад а, Хамидова Эльдар а бехккъасторхойн коллегино бехке лору 2017 шарахь "Москва-Сити" куьпахь герзаш кхийсарна. Пресненски кхелан пресс-векалтанна тIе а тевжаш, иштта хаам баржийна ТАСС агенталло. Харцхьа лелаш, леташ Исмаиловс герз юкъадаккхар, шиъ а, цул сов а адам  ден гIортарна, герз лачкъорна, низам а дохош, иза лелорна бехке во иза. Хамидовна а къастийна изза бехк, амма цуьнгахь хилла дац герз, билгалдаьккхина кхелахоша. РогIерчу ладогIаршкахь... Читать дальше...

Израилан эскарша йоккха операци дIаяьхьна ХЬАМАС-на дуьхьал

Radiomarsho.com 

Израилан авиацино а, гIаш-эскарша а 2014 шарера схьа уггаре йоккха лору операци дIаяьхьна Газа секторехь радикалийн ХЬАМАС тобанна дуьхьал. Оцу хьокъехь хаам бина Израилан тIеман урхалло. Операцехь дакъалаьцна 160 кемано. 40 минотехь цара тохарш дина I50 меттигна. Iалашоне эцна хилла ХЬАМАС тоба къайлайолу а, дIасалела а тоннелаш. Эскарш ца девлла Газа секторан лаьтта тIе. Израилан тIеман ницкъийн векала дIахьедина, лаьттахула операци дIаяхьа кечлуш ду эскар, аьлла, амма ца хаийтина цуьнан башхаллаш муха хир ю. Читать дальше...

Insider: 1 миллиард соьманна хIусамаш ю Путинан гIоьнчин доьзалан долахь

Radiomarsho.com 

Путинан гIоьнчин, транспортан министр лаьттинчу Левитан Игоран доьзалан долахь ю Москвана гергарчу меттигашкахь цхьа миллиард соьманна гергга хIусамаш. Оцу хьокъехь хаам бо "The Insider" портало. Элитин коттджех лаьттачу "Довиль" куьпахь, вовшашна уллехь хIусамаш ю президентан гIоьнчин йоьIан а, цуьнан вешин йоьIан а – Зверева Юлиян а, Левитан Александрин а. 0,25 гектар ду хIораннан дакъа. ТIера коттеджашца цхьаьна мах бу хIораннан 534 тIера 549 миллион соьме кхочуш. Левитанан йоьIан ю кхина а пентхаус "Протопоповский" комплексехь. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Даниил Медведев

Российские ракетки сообразили на троих // Даниил Медведев, Мирра Андреева и Элина Аванесян дружно вышли в 1/8 финала теннисного Roland Garros






Гонщики «КАМАЗ-мастер» показали свое мастерство на фестивале Drift Expo

В Москве презентовали медали и экипировку VIII игр «Дети Азии»

В Подмосковье пьяный вор уснул на месте преступления

Курьеры мошенников помогли «избавиться» от сбережений жительнице Приморья