Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Май
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
22
23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 08.05.2021

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 25 дархо. Ун даьлла ву 298

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар кхетта хиларца билгалбевллачу нахах велла 25 пациент, и цамгар карийна кхин а 298 стагехь. Оперативан штабан хаамашца, Краснодар-махкахь 12 дархо велла, Ставропол-махкахь – пхиъ, Дагестанехь - кхоъ, ГIебарта-Балкхарочйохь - а, ГIалмакхойчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а - цхьацца велла. Пандеми кхайкхийчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 487 стаг. Краснодар-махкахь бу дархой массанхьачул дукха, кIезиг бу уьш Адыгейхь а. Читать дальше...

ГIалгIайчуьрчу хьаькамах шеконаш ю, цо ахча дайина аьлла

Radiomarsho.com 

Кавказан къаьмнийн культуран а, спортан а Фестиваль дIаяхьа делла ахча, цо шена дитина аьлла, шеконаш кхоллаелла талламчийн ГIалгIайчуьрчу спортан министраллан белхахочух. "Кавказский узел" агенталло яздарца, 2015-чу шарахь Дагестанехь дIаяхьа леринчу фестивальна хьажийна хилла 930 эзар сов сом ду дуьйцург. Ахча дайина хилар гучудаьалла ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн экономикан кхерамзаллан коррупцица къийсам латточу урхаллан а, къайлахчу сервисийн белхахошна а. Спортан министраллан белхахочо... Читать дальше...

ГIалгIашна ша кхерамаш тийсина бохург питана ду, аьлла Даудовс

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу адвокатна Беков Мохьмадна а, оппозиционерна Хазбиев Мохьмадна а ша чIир а кхайкхош, кхерамаш тийсарх тоьшаллаш даладе шена аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада. Кху деношкахь социалан машанашкахь а, хаамийн гIирсашкахь а цхьана даьржира, парламентан спикера Даудов Мохьмада кхерамаш а туьйсуш, чIир хьейина ГIалгIайчуьрчу шина вахархочунна, бохуш. ПIерасканан дийнахь пандемица къийсам латточу оперативан штабан кхеташо йирзинчул тIаьхьа "Чечня Сегодня"... Читать дальше...

Amnesty International юкъаралло политикан тутмакх лерина Навальный юха а

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу бакъоларъяран Amnesty International юкъаралло дIахьедина, Навальный Алексей политикан тутмакх хилар шаьш юха а тIечIагIдина аьлла. Чиллан-баттахь оцу статусах ваьккхинера иза, цо яхначу заманчохь шен къамелашкахь "мостагIалла даржон мотт" бийцарна. Хан-зама яьлча цуьнан хьежамаш а, лелар а хийцадала тарло аьлла, гIалатах кхетта уьш. Организацин сайтерчу дIахьедарехь аьлла ду, Навальныйн статус тIечIагъярца Amnesty International юкъаралло билгалдоккхуш хиларх, цуьнан бакъонаш ларъян езаш хилар. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Андреевой предрекли борьбу за топ-10 рейтинга WTA в текущем сезоне






Российский ВПК производит в 7 раз больше техники и боеприпасов, чем весь Запад

С Азиатской олимпиады по физике российские ребята привезли внушительный набор медалей высшего достоинства

В Москве возбудили дело после нападения на Щельцина

Столб густого чёрного дыма был виден за сотни метров: В Москве за считаные минуты сгорел автокран