Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2021

Марсхьокху-беттан 21-хь харжамийн агитаци йолалуш ю Оьрсийчохь зорбан гIирсашкахь

0
Шотдийнахь, Марсхьокху-беттан 21-хь, Оьрсийчуьрчу зорбан гIирсашкахь агитаци дIайолалуш ю VIII-чу Пачхьалкхан Думе хин болчу харжамашкахь. Цунах лаьцнахаам бо Свобода Радионо, ТАСС агенталлана тIе а тевжаш. Кхажтаса билгалдаьхна ду Гезгмашин-беттан 17-гIа а, 18-гIа а, 19-гIа а денош.


Низамца а догIуш, агитаци йоло бакъо ю харжамаш хила 28 де дисча. Агитацехь дакъалаца бакъо яц Iедалан органийн а, меттигерчу Iедалан белхахойн а, Iедалхойн а, цхьацца хьукматийн а, урхаллийн а декъашхойн а, нагахь уьш белхан декхарш кхочуш деш белахь.




Дакъалацуьйтур дац агитацехь тIеман дакъошка а, тIеман хьашташца йоьзначу хьукматашка а, гуманитаран а, динан а вовшахтохараллашка а, харжамийн комиссийн декъашхошка а, кхечу пачхьалкхера нахе а, дуьненаюкъарчу вовшахтохараллашка а, зорбан гIирсийн белхахошка а, уьш шайн белхан декхарш кхочушдеш белахь, ткъа иштта кхиазхошка а.


Агитаци ян бакъо хир яц харжаман кампани дIахьуш "О противодействии экстремистской деятельности" (Экстремизман гIуллакхдарна дуьхьало яр) низам дохийначу нехан а.




 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса