Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 02.02.2021

Навальный Алексей набахте хьажош сацам тIеэцна кхело

Radiomarsho.com 

Москварчу Симоновски кIоштан кхело Чиллан-беттан 2-чу дийнан сарахь сацамбина оппозиционер Навальный Алексей набахте хьажо. 2014-чу шарахь цунна йинчу кхело арахь яккха кхайкхийна хилла хан ю цунна хIинца набахтехь яккха кхайкхийнарг -3,5 шо. Политика цIера аравала бакъо йоцуш яьккхина хан чу а лерина, охьадаьккхина кхело таIзар, 2,5 шаре кхачош. Кхело шен сацамехь дIахьедина, Навальныйс дохийна 6 шо хьалха а, цул тIаьхьа а йинчу кхелаша полицин тергонера шена ван кхайкхийна хилла тIедахкарш, аьлла. Читать дальше...

UFC-н латархочо Чимаевс хаийтина, ша стенна дIаяьккхина митингехь летта нохчо хастош хIоттийна пост

Radiomarsho.com 

Швецерчу UFC-латархочо Чимаев Хьамзата хаийтина, ша стенна дIаяьккхина Москварчу митингехь летта Джумаев Сайд-Мухьаммад хастош шен агIоне хIоттийна хилла пост – вашас дожийнера шена тIе иза дIаяккхар, боху цо.   "Кхеташ дац, иза стенна юкъахьакхавелла тахана а, кхеташ дац цигахь хIун хилла", амма ша шен вешига ладоьгIна, аьлла Чимаевс шен интернет-дIахьедарехь. Спортхочо чIагIдарехь, харц ду, иза цхьаннех кхеравелла, оцу бахьаница цо пост юхаяьккхина, аьлла, даржийна къамел. Ша "кхеравойтучех вац", боху Чимаевс. Читать дальше...

Бутт хьалха вадийна Соьлжа-ГIалин вахархо схьакарийна полицин декъехь

Radiomarsho.com 

ГIуран-беттан 29-чохь бевзаш боцчу наха Соьлжа-ГIалахь шен цIера дIавигина Кабилов Ахьмад карийна бутт баьллачуд тIаьхьа полицехь. Иза бехкево герз лелорна, боху адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро. Кабилов лаьцна 20 де даьлча, иза волу меттиг цуьнан нанна йийцина ша Ахьмадна къастийна адвокат ю аьллачу цхьана зудчо. Цо хаийтина жимстаг Шайх Мансуран кIоштарчу полицин изоляторехь хилар, "шо гергга хан тоха" тарлуш хилар. Вадийна 20 де сов хан яьлча бен ца айдина ницкъхоша Кабиловна дуьхьал бехктакхаман дов. Читать дальше...

Политика хьоьху хьехархой баржор бу школашка

Radiomarsho.com 

2022-чу дешаран шарахь конкурсаш йолор ю Оьрсийчоьнан школашкахь юкъадоккхучу керлачу "директоран бераш кхетош-кхиоран гIовс" дарже. И белхахой хир бу берашна политика а, митингийн маьIнаа  довзуьйтуш. Оцу хьокъехь яздо "Коммерсантъ" газето, Кремлерчу хьосташна тIе а тевжаш. "Навигаторы детства" ("Бераллин навигатораш") цIе а йолуш, дIахьонйолчу оцу конкурсех лаьцна деношкахь дийцира дешаран министра Кравцов Сергейс. Цо бахарехь, юьхьанцара болх болийна хIинцале 10 регионехь, ткъа ахча къастор... Читать дальше...

Пятигорскан экс-мэран дов кхеле кхачийна

Radiomarsho.com 

Ставропол-махкарчу Пятигорск гIалин кхеле хьажийна цигахь мэр лаьттинчу Травнев Леванна дуьхьал айдина беъхктакхаман дов. Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурин Къилбаседа Кавказан а, Къилба Кавказан а федералан гонех урхалла дечу декъо яржийначу информацино бахарехь, хьаькамаллехь Iийначо жил-Iаламна зен дина 623 эзар соьме кхочуш, хаамбо Кавказ.Реалиино, РБК-н информцина тIе а тевжаш. Травневна низамо кхачош долу таIзар дарал сов, прокуратуро кхеле доьху гIалина цо дина аьлла къастийна зен меттахIоттош 6 миллион гергга сом цунна тIехьарчор. Читать дальше...

Алссам хенаш текхна волу "къуйн эла" лаьцна ГIебарта-Балкхаройчохь

Radiomarsho.com 

38 шо кхаьчна "къуйн эла" лаьцна ГIебарта-Балкхаройчохь, хаам баржийна республикерчу полицин пресс-векалто. "Зуламхойн иерархехь коьртачу тIегIане хIоьттинаи стаг  2019-чу шарахь, цул тIаьхьа иза волавелла къуйн системехь хийцамаш бан а, регионерчу криминалитетна  омранаш дан а", – билгалдоккху ГIебарта-Балкхаройчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллехь. Полицино бахарехь, дуккха а за набахтеш текхна вуьйцучу "къуйн элано" хIуманаш лечкъорна а, летарна а, наркотикех пайдаэцарна а.

Навальныйн дов луьстучу юкъанна къовлур ду Москвара урамаш

Radiomarsho.com 

Тахана, Чиллан-беттан 2-чохь, Алексей Навальныйна дуьхьал айдина дов луьстучу ханна къовлур ду Москва гIалин кхеланна тIедоьлху урамаш. Оцу хьокъехь хаам бу тоьхна шахьарачу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин сайта тIехь. Боьхкур бу некъаш Бухвостовн 1, 2, 3 урамашкахь, «Богородов вал» урамехь а, цунна гонахарчу урамийн дакъош а. Кхело болх болош Iуьйранна 10 сахьт даьлча. Политикан штабо дехна шен агIончашка кхела хьалха бахкар. Ткъа полицин сайто бахарехь, урамаш къовлуш дара 9 сахьт даьлча. Читать дальше...

Нохчийн "Ахмат" клубера ведда Африкера футболхо

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу "Ахмат" клубера ведда футболхо-тIелатархо Мбенг Аблай. И хаам бакъбина клубан коьртачу тренера Талалаев Андрейс. "Мбенг, хаттар-алар а доцуш, кемана а хиина, дIавахана Африке. Суна цул тIаьхьа иза гина вац. Спортан директора бахарехь, кхин вац иза клубехь. Контракт дохийна бохург – иза соьга дац", – дIахьедина Талалаевс MetaRatings интернет-газете. "Ахматан" спортан директора Газзаев Руслана бинчу хаамца, клубо ФИФА цхьанакхетаралле арз хьажийна форвард Мбенг клубера вадаран хьокъехь. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Анна Калинская

Калинская поддержала Синнера после поражения на "Ролан Гаррос"






Старостина рассказала о том, как Заворотнюк теряла зрение до диагноза

Таджикистан

Умерла Мальвина из «Золотого ключика»: страна прощается с Галиной Свербиловой

За что расстреляли создателя СМЕРШа