Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 11.02.2021

"ХIумаххург" лацар, масканаш дIаяхар

Radiomarsho.com 

Холмачалла лелочу зудчуьнгара бехкаш даьхна Нохчийчохь; масканаш лелор махкахь юкъарадаьккхина; видеокамераш хIиттон дагахь бу Соьлж-ГIаларчу школан классашкахь

Кадыров кхеле озо гIерта бакъоларъярхой

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана динчу дIахьедаршна тIехула Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан кхело гIуллакх листа дуьхьалоярна мехкан Лакхарчу кхеле апелляцин латкъам хьажийна бакъоларъяран "Мемориал" центран кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александра а, кхеташонан декъашхочо Орлов Олега а, Москварчу Хельсинкин тобанан куьйгалхочо Бахмин Вячеслава а.

Мисарара цIабаьхкинчу кегийрхойн могушалла дика яц

Radiomarsho.com 

Мисарарчу набахтехь висинчу Дзейтов Iелигара кехат кхаьчна, шена ницкъахоша Iаткъам бо аьлла. Цигара гIалгIайн кхо студент цIа воуьйтуш, цаьрца цхьана маьрша ца ваьккхина иза. Даймахка бирзина кегийрхой дарбан цIийнехь бу, цаьргарчу хьолан саготта бу церан гергарнаш, яздо "Кавказский узел" агенталло. ПхоьалгIачу жимчу стагах Дугиев Хизирх хилларг хууш дац хIинца а, билгалдаьккхина бакъоларъярхочо Муцольгов Мохьмада. Дзейтов Iелас Мисарарчу набахтера даийтина кехат зорбане даьккхина Муцольговс... Читать дальше...

Уьрсан чевнашца кхиазхо карийна Хьалха-Мартанахь

Radiomarsho.com 

Кхаарин дийнахь Хьалха-Мартанан кIоштахь тIехь ницкъбина вийначу кхиазхочун дакъа карийна. Нохчийчоьнан прокуратурано талламаш болийна зуламна гонах, яздо махкарчу хаамийн гIирсо. Йолчу информацица, 19 шо долчу кхиазхочо 14 шо долчу кIантаца дов даьлча, урс диттина хилла цунна. Оцу йинчу чевнех кхелхина иза. Прокуратурано бинчу хаамца, бехкениг лаьцна, бехктакхаман гIуллакх диллина цунна дуьхьал.

Доьзалхочух ю ша бохуш, хене яьллачу зудчо тайнигаш эцна хилла

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу яхархочо Тамадаева Лаурас дийцина, исс баттахь ша доьзалхочух ю бохуш, цIийнда Iехийнера ша, "цуьнан дог ца дохон" аьлла. Ткъа "бер дан" хан герга кхаьчча, ши тайниг эцнера цо, уьш дуьненчу девлла кIира даьлча, делла аьлла, лаьттах дохка Iалашонца. Тамадаеван дийцар зорбане даьккхина Ставрополан кIоштан губернаторо Владимиров Владимира шен инстаграмерчу аккаунтехь. "Бер дуьненчу даккха" аьлла, Ставрополе дIаяханера зуда, ткъа цуьнан хIусамдас бехкбиллинера оцу бераш дуьненчу дохучу центрна, шен ши доьзалхо лачкъийна аьлла. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 36 дархо. Ун даьлла ву 787 стаг

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 36 дархо, ун къаьстина кхин а 787 стагаца. Оперативан штабан лараршца, COVID-19 вирусах 16 стаг велла Краснодаран кIоштахь, Ставрополан махкахь -ялх, Дагестанехь - виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь - кхоъ, ГIалмакхойчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а - шишша, Нохчийчохь цхьаъ кхелхина уьнах. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла коронавирусах 7 319 вахархо. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан махкахь - 212 стаг. Читать дальше...

Соьлж-ГIалин школашкарчу классашкахь видеокамераш хIиттор ю

Radiomarsho.com 

Дуьйцург дIа а яздеш, яххьаш къастош видеокамераш хIиттон дагахь бу Соьлж-ГIаларчу школан массо а чоьнаш чохь. Цул совнах, онлайнан рожехь дешаран процессан видеомониторинган юкъарчу системе ерзор ю шахьарера 60 сов дешаран хьукмат. Соьлж-ГIалин мэрин цIарахчу дешаран департаменто хьалхатеттинчу пректан барамаш ишта бу, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. "Билгалдаккха догIу, гIалин массо а школашкахь хIинцале а дIахIиттийна, болх беш ю видеокамераш. Ткъа цара гойтург коридорашкахь а, дешаран хьукматан уьйтIахь дерг а бен дац... Читать дальше...

РогIера "палтосург" лаьцна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Холмачалла лелош хилла аьлла, полисхоша лаьцначу Гуьмса кIоштарчу Ойсхарара яхархочуьнгара Махмудова Заремигара бехкаш даьхна исламан медицинан центран куьйгалхочо Эльжуркаев Адама.  Пачхьалкхан "Грозный" телеканало дийцарехь, дарбанаш лелош, бIаьрг хилийта, тIера баккха хIуманаш лелош хилла цо. "Тоххара массаж еш хилла, хIинца дарбанхо йолу Махмудова Зарема пал а туьйсуш, зуда а, доьзал а болу стаг шена тIеверзо гIоьртина. Гуьмсан полисхоша цуьнан хIусамера суьрташ а, холмачалла лелон кеп-кепара гIирсаш а баьхна"... Читать дальше...

Нохчийчохь масканаш лелор яц

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбина, масканаш лелор махкахь юкъарадаьккхина ша аьлла. "Нах гуллучу меттигашкахь масканаш лелор юкъарадоккху оха. Делахь а, COVID-19 вирусан кхерам болчу баккхийчара а, цомгашчу наха а, оцу уьнах чекхвалазчо а лелийча бакъахьа хир ду", - яздина Кадыровс шен Телеграмехь. "Регионера хьал дукха лерина зийначул тIаьхьа" бина шаьш оцу кепара сацам боху нохчийн урхалхочо. Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс аьлла, шайн республикашкахь долчу эпидемиологин хьоле хьаьжжина... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Александр Зверев

Зверев сыграет с Алькарасом в финале "Ролан Гаррос"






Из-за чего после ДТП могут не выплатить деньги по ОСАГО, рассказал эксперт

Школьники Подмосковья стали победителями Азиатской физической олимпиады

"Святой Ленин": сенсационная истина о прогнозах способна направить США и Европу творить добро?!

«Мы видим рост числа туристических поездок в Россию»