Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 24.02.2021

Украино латкъамбина Москвана, нохчашна юхаеза Iовхан кIошт

Radiomarsho.com 

Украинан Iедалхоша ЕСПЧ-н кхеле Оьрсийчоьнна арз дина, Яндарбиев верца доьзна; Новгородера лаьцна цIа валийначу шина нохчочунна 15 шераш тоха тарло; Дагестанера Iовхойн кIошт нохчашна юхаерзор дийца даьккхина юха а

Берлин: нохчийн а, Iаьрбийн а дов

Radiomarsho.com 

Нохчийн а, Iарбойн а диаспорийн декъашхошна юкъахь стохка гурахь хилла луьра тийсадаларш толлуш ду Берлинехь. Дахначу еарин дийнахь, Чиллан-беттан I8-чохь, Берлинехь бIе полисхочо шуьйра дIаяьхьначу рейдашкахь лецира оцу инцидентна бехке хеташ ши стаг.

Iовхойн кIошт юхаерзон еза аьлла, юха а карладаьккхина Дагестанан Iедалхошна

Radiomarsho.com 

1944-чу шарахь нохчий махкахь бохуш дIайохийна Iовхойн кIошт юхаметтахIотторах лаьттачу хаттаран йист яккхар хьехна пачхьалкхан Думан депутато Сайтиев Бувайсара дагестанхошна. ТIаьхьо Iедалхоша къомана реабилитаци йинехь а, Iовхан бахархошна бакъо ца елира шайн хIусамашка берза. Дагестанерчу Новолакан кIошта юкъа йогIуш ю и меттиг тахана. "30 шо зама ю лакцаш керлачу меттиге дехьа а бохуш, Iовхан кIошт юхаметтахIотторан процесс, шаьш лелочух а кхеташ, дуьхьалонаш латтош, вежараллин шина къоманан юкъахь гамо а хьегIаш, тесна юьту. Читать дальше...

Урдунерчу нохчаша онлайн кепехь дIадаьхьна дагалецарш

Radiomarsho.com 

Урдунехь дуккха а зама ю нохчийн Чилла-беттан 23-чохь даймахкарчу шайн къомо хьегна депортацин бала дагалаца гулло а, беллачарна тIера сагIанаш дохуш хьаьвза а. Амма кху пандемин муьрехь мегаш дац пачхьалкхехь нахана ткъаннал сов гулбала. Цундела, онлайн трансляци а еш, готтачу гонехь гулбелира Сухнерчу синмехаллийн цIийнехь нохчий – цаьрца доIанаш деш, лелларг дагалоцуш бара социалан машанашкахула зIенехь ерриг Урдунера а, Европера а дукха нах. Зама чолхе йоллушехь, ца севцира уьш юьстах кхушара а.

Полисхошна дуьхьало йиначарна деттачу гIуданийн барам алсамбаьккхина Путина

Radiomarsho.com 

Нах вовшахтоьхна, акцеш дIахьочу заманчохь къепе йохорна а, полисхошна дуьхьало йиначарна а, коммерцица йоьзна йоцучу организацеша-арахьарчу агенташа а, цаьрца болх бечу наха а шаьш зорбане йоккху контент "арахьара агент" аьлла, билгал ца яьккхинчарна а деттачу гIуданийн барам лакхабоккхучу низамашна куьйгъяздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Митинге нах арабохучара финансашца йоьзна къепе йохаяхь, царна 10 эзарна тIера 20 эзаре гергга соьмашкахь гIуда тоха бакъо ю. Нагахь санна, даржхо иза велахь... Читать дальше...

Новгородехь лачкъийна цIа вигначу шина кIантана 15 шераш хан кхачон тарло

Radiomarsho.com 

Нижний Новгородехь Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а лацар низаман гурашкахь ду аьлла, тIечIагIдина Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело. Чиллан-беттан 7-чохь дуьйна бехкевеш ву и шиъ, гIаттамхошна юучуьнца гIо латтийна ву аьлла, яздо "Новая газето". 15 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхачайо цу шинна. Оьрсийчоьнан "ЛГБТ-машано" бинчу хаамца, ницкъбина, кхерамаш тийсина бехкаш тIелацийтина цаьрга.  Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) дIахьедар дира, Магамадов а, Исаев а лацаран бахьанаш довзийта шайна... Читать дальше...

Репрессеш лайначу къаьмнийн Кхеташоно дехар дина Путине, гIалгIайн протестийн лидерш маьршабаха аьлла

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу репрессеш лайначу къаьмнийн юкъаралло кхайкхам бина пачхьалкхан президенте Путин Владимире, 2019-чу шеран Зазадокху-баттахь Магасехь митингехь дакъалацарна лецна жигархой маьршабахар доьхуш. "Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн а, динан векалийн а юкъаметтигаш Iалашъярхьма оха тIедожжийна долу дехар до хьоьга адамалла гучуяккхий, лаьцна латтош болу гIалгIайн боламан жигархой Ужахов а, Барахоев а, Мальсагов а, Чемурзиев а, Хаутиев а, Нальгиев а, Саутиева а маьрша бохуш гIо лацахьара ахь", - аьлла ду бинчу кхайкхамехь. Читать дальше...

Дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 26 стаг

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта хилар тIечIагIдинчех велла 26 пациент, цомгуш хилла кхин 523 стаг. Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх кхелхина 15 стаг,  Ставропол-махкахь – пхиъ, Дагестанехь – кхоъ, ГIалгIайчохь - а, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалмакхойчохь а цхьацца кхелхина. Пандеми йолаелчхьана Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгарх велла 7 727  стаг. Ун кхетта нах уггаре дукха билгалбевлла Краснодар-махкахь – 156 стаг. Краснодаран... Читать дальше...

Украино Европерчу адамийн бакъонашкахула кхеле Оьрсийчоьнна арз дина, Яндарбиев верца доьзна

Radiomarsho.com 

Политикан бух тIехь тIелатарш дарна Оьрсийчоьнна латкъамбина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле Украинас. Пачхьалкхан Iедалхоша чIагIдо, тIеман конфликташ йоцушшехь, Москвано шен мостагIий Iалашоллица бойъуш хилар. Масална Киево хьахийна Оьрсийчоьнан оппозиционерна Навальный Алексейна а, нохчийн гIаттамхойн коьртехь хиллачу Яндарбиев Зеламхана а дина тIелатарш. Чуделлачу кехата тIехь билгалдаьккхина, и нах хIаллакбарна тIехьа лаьтташ Оьрсийчоь хилар, пачхьалкха чохь байина ца Iаш, дозанал арахьа а... Читать дальше...

435 турист висна Къоьзан-Iома тIехь лайша некъаш дIадуькъна

Radiomarsho.com 

Ведана кIоштарчу "Къоьзанан Iам" туристийн комплексехь висина 435 стаг даккхий лайш дехкина. Орцанхой некъ боккхуш бу цу агIор, хаам бина мехкан орцан министралло. "Даккхий лайш дахкарца цхьана ханна дIакъевлина бу Веданан кIоштара Къоьзанан Iома тIе воьду некъ. Цигарчу туристийн базехь висина 435 стаг. Хене бовла мел оьшург цигахь царна долуш ду",- аьлла, яздо "Грозный-Информ" агенталло регионерчу орцан министраллан информацина тIетевжина. 20 министраллан белхало а, 10 техника а ю тIеозийна... Читать дальше...

Вена. Муьлхха а лазам бу юкъара

Radiomarsho.com 

Европерчу цхьамогIа мехкашкахь санна, Австрехь а хилира Чиллан-беттан 23-чохь нохчий, гIалгIай махкахбахар дагалоцу митинг. Шаьш лелла харцо йицйина йоцийла хаийта Венерчу Оьрсийчоьнан экархочун хIолламна хьалха баьхкинчу нохчашлахь бара дуккха а къаьмнийн векалш.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Анна Калинская

Калинская поддержала Синнера после поражения на "Ролан Гаррос"






Воробьев поздравил победителей азиатской олимпиады по физике из Подмосковья

«А что по островам?» Путин не стал включать дипломатию и прямо ответил японскому журналисту насчет Курил

Медвежья услуга: Додон хочет заменить Санду, но делает только хуже России

Задержан водитель Maserati, насмерть сбивший ребенка в Можайске