Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 04.02.2021

Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун ваша Битаров Казбек велла карийна шен цIахь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIирийчоьнан Битаров Вячеславан ваша Битаров Казбек велла карийна. Шен хIусамехь велла карийна иза Чиллан-беттан 4-чу дийнахь, хаам бина Кавказ.Реалиига шайн цIерш йохийла ца лиинчу регионан куьйгалхочун администрацерчу белхахоша. Цара дийцарехь, вуно боккхачу Iаткъамца вехаш хилла Битаров Казбек, ша декъахь а волуш, ши бутт хьалха некъахьовзам нисбаларца доьзна. Алссам хьал долахь долу совдегар вара Битаров Казбек, Къилбаседа ХIирийчуьрчу кхаа компанин да вара иза. Битаров Казбек декъахь а волуш... Читать дальше...

Нохчийчохь "хIума хуу" хьаша Iораякххина, ткъа Оьрсийчохь абонентийн геопозици Iорайоккхур ю

Radiomarsho.com 

Нохчийчу еана "хIумахуург" емалйина "Грозный" телеканалехула; зIенан оператораш декхаре хир бу ницкъхошна шайн абонентийн геопозици йовзийта; Навальныйца доьзна Конгрессе санкцеш кхайкхор дехна сенаторша

"Левада": шера чохь 25% лахбелла кегийрхойн Путине хилла ларам

Radiomarsho.com 

18-24 шо долчу кегийрхойх эханно бен къобал ца бо президентан Путин Владимиран болх, боху2021-чу шеран Дечкен-баттахь кегийрхошна хетарг теллинчу "Левада-центро". Шера чохь церан Путине болу ларам лахбелла 25%. Ткъа ГIирмина аннекси йинчу шеран (2014) дуьстича, ах гергга кегийрхойн догдаьлла президентах. Кегийрхошлахь йоьжна а ца Iа Путинан рейтинг:  25-39 шераш долчу нахалахь Путин къобал цавийраш бу 34%, 40-45 шерашка кхаьчначаралахь – 25%. 55+ хеналарчех президентехьа бу 74% нах. Оьрсийчоьнан берриг а бахархошна хетарг тергоне эцча... Читать дальше...

ГIезалойн юкъараллин центран лидеро мацалла лаьцна

Radiomarsho.com 

ГIезалойн юкъараллин центран (ВТОЦ) лидеро Закиев Фарита, прокуратуро шен юкъаралла экстремизмаллехь бехкеярна дуьхьалоеш мацалла кхайкхийна, хаам баржийна Идель.Реалиино. Прокуратурин претензи "цхьа а бух боцуш" лору Закиевс, лерина ву хIоьттина хьал пачхьалкхан а, дуьненан а юкъараллин тидаме дилла. Мацалла лидеро лаьцна Чиллан беттан 3-чохь, цуьнца цхьаьна оцу акцин декъабаха тарло ГIезалойн юкъараллин центран кхиболу декъашхой а. " ГIезалойн юкъараллин центр экстремистийн могIара яккхар дерриг а гIезалойн къам экстермист ларар санна ду... Читать дальше...

Хьехахь беха палестинахой саготта бу шайна гонах израилхой баржарна

Radiomarsho.com 

Палестинахочунна Моур Баракатна хьоме, дагна герга хIусам ю Урданан Малхбузерчу бердан терхешца лаьтта хьех. ДIалецначу латтанашна тIехь йоцу кхерамзалла латтайо шайна хьехо, боху цо.

ЗIенан оператораш декхаре хир бу ницкъхошна шайн абонентийн геопозици йовзийта

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан зIенан а, халкъан коммуникацийн а министралло кечйина мобилан телефон йолу меттиг Iорайоккхучу низаман проект. Цунна хетарехь, байна нах сихха схьакаро аьтто бийр бу нехан "телефонан къайле" ястаро. Нехан геопозици хаа кхелера сацам оьшур бац ницкъхошна и низам юкъадаьлча. Ткъа хIинццалц Оьрсийчоьнан бахархойн бакъо яра шайн телефон чуьра, иза йолу меттиг хоуьйту информаци къайленехь кхаба, операторашна тIехь дара и къайле ларъяр. 2020-чу шеран гурахь Пачхьалкхан Думо къобалйинчу... Читать дальше...

Навальныйца доьзна Конгрессе санкцеш кхайкхор дехна сенаторша

Radiomarsho.com 

Цхьаьнатоьхначу Штатийн Демократин а, Республикан а партешкарчу сенаторийн тобано Конгрессе хьажийна "Оьрсийчоь леррина зуламаш лелорна жоьпалле озорах" цIе йолу низаман проект. Оцу проекто хьоьху Оьрсийчуьрчу Iедалан векалш Навальный Алексейна дIовш даларна а, и олу дIаьвше коьчал ("Новичок") кхолларна а санкцешна бухабигар. Документо бахарехь, иза низаме дерзийна 90 де даьлча Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент декхаре ву Навальныйна дIовш луш дакъалаьцначу а, и хилам къайлахьош хьийзинчу а наханна санкцеш тоха. Читать дальше...

Дагестанехь 6 кхиазхо бехкево террорхойн тоба кхолларна

Radiomarsho.com 

Терроран тоба Iораяьккхина махкарчу ницкъхоша, кегийрхойх лаьтта иза, чIагIдо Талламан комитетан Дагестанерчу урхалло. Цуьнан версица, экстремизм а, Оьрсийчохь йихкина йолу ДАIИШ а къобалъечу ялх кхиазхо ву терроран тоба кхоьллинарг. Лурчаха аьхка ХIинжа-ГIалахь вовшахкхетта и тоба, хаьржина цо шена амир, талламчаша дийцарехь. Динчу зуламна набахтехь такха 20 шаре кхаччалц хенаш йогIу, юристашна гарехь. Хьалхо Дагестанерчу БотIлих кIоштан кхело 8,6 шарна набахти кхайкхийра меттигерчу вахархочунна.

Нохчийчу еана "хIумахуург" емалйина "Грозный" телеканалехула

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу Исламан медицинан центран коьртачу лоьро Эльжуркаев Адама емалйина "Грозный" телеканалехула "хIума хууш йолу" Аушева Лида. Репортажехь дийцарехь, махкара яц Аушева. Шена бевзачу нахе еанчуьра цо тIеоьцуш хилла нах, царна "балхахь лакхабовла, бIаьрг хилийта, тIера баккха, доьзалера цхьацца халонаш эшо". ТIехьийсийна видеокамераш а йолуш, Эльжуркаевс кхетийна "шайтIанан пал лелориг" ша харц хилар, пал тасар" Исламо доьхкуш хиларх.

Полицин гIоьнца наханна гIелояр дита, боху критикийн ассоциацеша

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан йозушйоцчу музыкантийн а, театран критикийн а ассоциацино декхаредо Iедал полицин гIоьнца протестан гуламашка буьйлучу наханна тIехь ен гIело сацо. Оцу хьокъехь яздина дIавхьедар даржийна цара шайн сайташкахула. Кехатан авторша тIедожадо Iедална "маршачу гуламашна дуьхьалдаьхна лела низамаш, карахь герз а доцуш, шайн позици дIакхайкхо гуламашка арабуьйлучу наханна еттар, уьш лецарш". Ассоциацеша кхойкху журналисташка а, театралашка а, музыканташка а шайн дIахьедарна тIетар.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Анастасия Потапова

Ролан Гаррос. Расписание 2 июня. Потапова и Швентек сыграют первым запуском, Синнер – последним






Пегас сделал важное заявление по Египту: стали известны цены на туры на предстоящую зиму

В Москве состоялся концерт «Пикника», перенесенный из-за теракта в «Крокусе»

Медали и экипировку VIII Игр «Дети Азии» презентовали в Москве ????????????

Какие астрономические явления туляки смогут увидеть в июне