Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 09.02.2021

Коронавирусан шеконашца дарбан цIийне охьавиллина Джумаев Сайд-Мухьаммад

Radiomarsho.com 

Байначу беттан 23-чохь Москвахь хиллачу акцехь омонхошна дуьхьал тийсавелла аьлла, лаьцна Джумаев Сайд-Мухьаммад кхечу изоляторе дехьаваьккхина коронавирусан ун даьлла хиларан шеконашца. "Новости" агенталле бина и хаам Москварчу тергамчийн комиссин куьйгалхочун гIовса Эберт Богдана шинарин дийнахь.  "СИЗО-н номер I йолчу медикан-санитаран декъехь охьавиллина иза, COVID-I9 вирус йолчух тера хетта", - аьлла Эберта. Москварчу пачхьалкхан университетан студент Джумаев полисхошна дуьхьаллеташ гойту видео яьржина интернетехула. Читать дальше...

Нохчийн мухIажирна депортаци ян хьийзар, Нохчийчуьрчу харцонна Европан кхел орцахъялар

Radiomarsho.com 

Страсбургехь веха Садуев Илес Оьрсийчоьне дIавала кечвеш ву; Новогородера Нохчийчу лачкъийначу шинна лоьраш а, адвокаташ а тIебита аьлла Оьрсийчоьне Европан кхело; Путинехьа хIоттийначу акцехь хиллачарна критика йина жигархо Iедало тIпекхайкхинера

Дагестанехь байъинчу вежарийн-жаIуйн гIуллакх юха листа бакъо елла Лакхарчу кхело

Radiomarsho.com 

Шамилан кIоштарчу полицин декъан хиллачу хьаькамна Алиев ИбрахIимна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доло прокуроро дуьхьалоярна латкъамбинчу ГасангусейновгIеран шина вешин дена Гасангусейнов Муртазалина тIетайна Дагестанан Лакхара кхел. 2016-чу шарахь ГасангусейновгIеран ши кIант Наби а, Гасангусейн а вийначул тIаьхьа, уьш гIаттамхойн могIаре бехира цо. "Оха чуделла арз къобалдина, хIинца материал хьалхарчу инстанцин кхеле дIахьажор ю цигахь юха луьстур долуш ду Алиевна дуьхьал гIуллакх даккха дуьхьал хилар бакъонца ду йа дац"... Читать дальше...

Нохчийчуьрчу милцоша Iазап хьегийтинчу вахархочунна 50 эзар евро лур ду

Radiomarsho.com 

2005-чу шарахь аьхка Ленинскин кIоштарчу милицин декъехь Iазап лайначу Нохчийчоьнан вахархочунна Гастемиров Романна 50 эзар евро компенсаци ялар тIедожийна Оьрсийчоьнна Францерчу Страсбургехь туп тоьхначву Европерчу адамийн бакъонашкахула кхело. Милицин белхахоша йиттинера Гастемировна когашца а, куьйгашца а, ницкъбинера ток йоьттуьйтуш, гIаттамхошца лелла хиллана, бехк тIелаца бохуш, хаам бо "Iазапашна дуьхьало латточу Комитето". "Акхарой санна хьийзара уьш. Со цхьана кхечу дуьненахь ву аьлла... Читать дальше...

Путинехьа хIоттийна флешмоб емалйина гIалгIайн жигархо Iедало тIекхайкхина хилла

Radiomarsho.com 

Меттигерчу экстремизмна дуьхьало латточу Центре кхайкхина хиллера гIалгIайн жигархо Хамхоев Гелани, Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирехьа акци бевллачу нахана критика йинчул тIаьхьа. "Шу адамаш ма дац, вайгара латтанаш схьадаьхначу стагехьа ара муха девр ду, -боху жигархочо, флешмобан декъахошка вистхуьлуш. - Нагахь санна, балхах, йа дешарх шаьш дахарна кхоьруш дина хIума делахь, шу янне а йоцу хIуманаш ю", аьллера Хамхоевс, ша видео тIехь динчу дIахьедарехь, яздо "Фортангас". 2019-чу шеран... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказера ковидан хьал: 39 дархо велла, ун даьлла кхин а 818 вахархочунна

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах велла 39 стаг, вирус къаьстина кхин а 818 вахархочуьнца. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 17 дархо, Ставрополан махкхаь - ялх, Дагестанехь - пхиъ, Къилбаседа ХIирийчохь - кхоъ, ГIебарта -Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а - шишша велла, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а - цхьацца пациент кхелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла уьнах 7251 стаг. Къаьсттина дукха... Читать дальше...

Оьрсийчохь лечу нехан терахь 18 гергга проценте даьлла

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан вице-премьеро Голикова Татьянас хаамбарца, дахначу шарахь динчу зерашца, 17,9 проценте лакхадаьлла лечу нехан терахь пачхьалкхехь. Стохка, цо бахарехь, 31 проценте дара коронавирусах беллачийн дакъа. Росстатан статистикаца, 2020-чу шарахь Оьрсийчохь велла 2 миллион 124 эзар стаг. Оцу юкъанна, Охан-баттера Дечкен-батте кхаччалц кхелхина COVID-19 вирусца доьзна 162 эзар сов пачхьалкхера вахархо Оьрсийчохь 2020-чу шарахь дуьненчу девллачу берийн терахь (цхьа миллион 400 эзар сов) 2002-чу шарера схьа дуьйна лерича... Читать дальше...

Дош доьрзуш «а» я «у»?

Radiomarsho.com 

ЦIердашна тIехьа «а», хандашна тIехьа «а» я «у» маца яздан деза? Дукха нислуш долу гIалат ду иза вайн йозанехь. Амма хала дац цунах йолу бакъо йовза а, дагахь латто а.

Францино Оьрсийчоьне дIавала хьийзош ву нохчийн мухIажар

Radiomarsho.com 

Страсбургехь веха Садуев Илес Оьрсийчоьне дIавала кечвеш ву аьлла, хаамбина Маршо Радиога Францехь бехачу цуьнан накъосташа. Карара кехаташ схьадаьхна, депортацин набахтехь латтош ву иза карарчу хенахь.  Оьрсийчоьно экстремизмна иза бехкевеш, динчу дIахьедарна тIехула Страсбурган кхело листира цуьнан гIуллакх, амма бехкаш бух боцуш а карийна, маьршавитинера. Байначу баттахь юха а тIекхайкхина Садуев лецира, цул тIаьхьа депортацин куьпа дIа а вуьгуш. Гергарчу деношкахь иза Оьрсийоьне дIахьажон куц ду... Читать дальше...

Новогородехь лаьцна, Нохчийчу вигинчу шинна лоьраш а, гергарнаш а тIебитар тIедожийна Европан адамийн бакъонашкахула кхело

Radiomarsho.com 

Нуьцкъаша Нижний Новогородера Нохчийчу валийначу шина кIантана Исаев Исмаилна а, Магамадов Салехьна а тIе лоьраш бита аьлла, Оьрсийчоьнна тIедожийна Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ). Даймахкахь шайна Iедалхой тIаьхьабевлла хиларна Нижний Новгородехь лечкъийна вара и шиъ. Церан могушаллина а, дахарна а кхераме ду аьлла,  адвокаташа динчу дIахьедарна тIетайна ЕСПЧ. Бакъоларъярхоша билгалдаьккхина, и шиъ лаьwначу дийнахь дуьйна царна адвокаташ тIебуьтуш цахиларх.  Бютукаев Асланан тобанехь дакъалаьцна ву шаьшиъ аьлла... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Ролан Гаррос

Российская теннисистка Самсонова вышла в 3-й круг Открытого чемпионата Франции






CNSA: Посадочный модуль китайского зонда успешно сел на обратной стороне Луны

КОРОТКОЙ СТРОКОЙ

Кофе, крепкий чай и сладкая "газировка" не принесут пользы в жару

«Экзамен для меня — всегда праздник, профессор!»