Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 19.02.2021

71 шо долу адвокат наркоман ву боху, Навальный вада там бу боху

Radiomarsho.com 

КхидIа а льацна латто магийна наркотикаш лелорна Нохчийчохь бехкевен адвокат; изоляторера вада тарлуш верг санна тергоне эцна Навальный; Оьрсийчохь пхеа шарахь хилла боцчу хьесапехь бистина юуучун мехаш

Кадыровн хиланза бисна сатийсамаш

Radiomarsho.com 

Дуьненахь гоьбевлла нах Нохчийчу хьошалгIа кхийкхар - цхьа фарс хилла дIахIоьттина мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Кеп-кепарчу хенашкахь хилла цигахь футболехь а, эстрадехь а, кинохь шуьйра бевза нах. Москвано гIо а деш, цхьабоса масех Iалашо ю Соьлжа-ГIаларчу Iедалхойн хьеший кхайкхарна. Уггар хьалха - республикехь массо а агIор маьрша ду, регионан урхалхо массарна а вевзаш ву, дуьненахь лоруш а ву боху, сурт хIоттор, яздо Кавказ.Реалии портало.

Хакасерчу хьаькамо гIалмакхошна депортаци йогIуш йина алар цатайначарна гуламе бовла дихкина Элистахь кхело

Radiomarsho.com 

Хакасин парламентан спикера Штыгашев Владимира гIалмакхошна Сталина депортаци йогIуш йина алар тидамза дитинчу ГIалмакхойчоьнан Iедална резабоцчу наханна гулам хIотто ца магийна Элиста гIалин кхело. Аьлча а, цо бакъйина протестан гулам бихкина йолу гIалин мэри, хаам бо "Кавказский узел" газето. Хьалхо Элистан администрацино тIе ца ийцира жигархоша Толаман майданахь Чиллан-беттан 21-чохь гуламбайтар доьхуш дина дехар, карантинан хьелашкахь адамаш гудойла дац, аьлла. Жигархочо Санджиев Арсланга дIахьедина... Читать дальше...

КхидIа а лаьцна латто магийна наркотикаш лелорна Нохчийчохь бехкевен адвокат

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Ленинан кIоштан кхело кхин а баттанна, Зазадоккху-беттан 20-гIчу дийнналц дIаяхйина 71 шо долу адвокат Мараков Сергей лаьцна кхаба магош йолу хан – наркотикаш лелорна бехке во иза. Кавказ.Реалиига Мараковс болх бечу Дуьненаюкъарчу адвокатийн "Санкт-Петербург" коллегин Ставрополерчу филиалан куьйгалхочо Кравченко Максима бинчу хаамца, талламчас ша ваьллийла хаийтина бехктакхаман дов теллина. "Талламо гIеххьачул шорбина тIехьош болу бехкаш. Юьхьанца цунна бехкебора иза лоцуш, сарахь итт сахьт даьлча билгалбевлла хиламаш... Читать дальше...

Ставропол-мехкан губернаторан векал лаьттинарг лаьцна цо 5 стаг вейтина хиларца йолчу шеконца

Radiomarsho.com 

Ставрополерчу Ленинан кIоштан кхело шина баттанна лаьцна кхаба кхачийна губернаторан векал а, регионан думин депутат а Iийна волу Уткин Андрей, яздо Кавказ.Реалиино "Серебряный дождь - Ставрополь" сайтан хаам бовзуьйтуш. Уткин ву пхи стаг вейтарца йолчу шеконна кIел. Хьаькам лаьттинчунна цкъачунна тIе ца баьхьина бехк. Оцу хьокъехь регионерчу прессо яздо официалехь йоцчу ницкъхойшларчу хьосташна тIе а тевжаш. Ша Уткин дукха хан яц, бозбуанчаллаш лелорна хан текхна, набахтера араваьлла. Ставропол-махкарчу... Читать дальше...

Марс тIе охьахиина Америкера дуьне толлу "Персеверанс" аппарат

Radiomarsho.com 

Американ дуьне толлу "Персеверанс" аппарат хьовзам боцуш охьахиина Марса тIе. Американ аэрокосмосан агенталлан (NASA) сайтехула ойлайнехь гайтина иза охьаюссуш. Аппарато лоьхур бу оцу планети тIехь ширачу заманашкара дахаран битамаш, Лаьтта тIе дIаяхьа схьаоьцур Марс кхоллалуш йолу коьчал. Дуьне толлу аппарат хIаваъ-четаршца ворхI минотехь йоссийра Марса тIе. Дукха хан ялале цигара дуьххьарлера суьрташ дехира цо. "Персеверанс" Марса тIе хьажийра стохка Товбецан-баттахь. "Марс-2020" программа... Читать дальше...

"ХIара тезет ду я ловзар ду?". Нохчийчохь тезетан ламасташ хийцарх

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу шерашкахь хийцаделла догIу, хIинццалц тезетахь лелош хилла гIиллакхаш: "нахал а эшна ца дисархьама" бохуш, веллачун гергарнаш декхаре хуьлу тезетахь шаьш дийнна шарахь аьлча санна, схьаоьцу алапаш дохка. Пандемино а тIеIаткъам бина - меттигерчу бахархоша дуьйцу, нах дукха леш хиларх шайн-шайн эвлашкахь, ткъа официалехь дIакхийкхон терахьаш лахара ду. 10 шо хьалха юьртахь стаг велча, тезет массарна а хIуттуш дара, дагалоьцу Веданан кIоштарчу 80 шаре яьллачу яхархочо Тумишас: "Дийнна... Читать дальше...

Изоляторера вада тарлуш верг санна тергоне эцна Навальный

Radiomarsho.com 

Оппозиционер Навальный Алексей ша чохь кхобучу изоляторна тIехьожучу комиссино тергоне эцна лаьцначура вада тарлуш верг санна. Оцу хьокъехь политика ша яздина шен инстаграм-агIонехь. Геленджикера Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимир гIап ша таллар бахьана долуш, шена тIеIаткъам бархьама дина иза, аьлла хета Навальныйна. Оппозиционера бахарехь комиссин сацамна буха куьг яздайтина цуьнга. "МогIарчу гIароло вацара со дIасалелош хьалха а, хуьлура уллебаьхна касканашкахь, маса-тоьпашца ницкъаш. ХIинца... Читать дальше...

Оьрсийчохь пхеа шарахь хилла боцчу хьесапехь бистина юуучун мехаш

Radiomarsho.com 

2021 шеран хьалхарчу баттахь Оьрсийчохь кхачан мехаш бистина, стохкалерчу оццу баттаца дуьстича, ворхI процентанна, хаам бо ТАСС агенталло дуьненаюкъарчу аудит-уонсалтинган FinExpertiza машин талламна тIе а тевжаш. ТIаьххьарчу пхеа шеран рекорд ю оццул мехаш бестар, билгалдоккху эксперташа: 2016-чу шарахь юуучун мехаш шеран хьесап дича бацара 9%-тал совъоьккхуш бен бистина. Кхачан мехаш уггаре лакхара бу Дагестанехь (10,85% шарца дуьстича), Саратов-махкахь (10,2%), Адыгейхь (9,7%). Оцу мехкел тIаьхьабогIу мехкаш... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Ролан Гаррос

Азаренко не смогла выйти в 1/16 финала открытого чемпионата Франции по теннису






Пегас сделал важное заявление по Египту: стали известны цены на туры на предстоящую зиму

Медали и экипировку VIII Игр «Дети Азии» презентовали в Москве ????????????

Жителей Забайкалья приглашают принять участие в акции «Из поколения в поколение. Семейные реликвии»

Какие астрономические явления туляки смогут увидеть в июне