Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 08.02.2021

Нохчех "террорхой" бар, Закаевна ца ен экстрадици, йоьхку гаджеташ

Radiomarsho.com 

Бютукаев Асланан тобанхошца хилла ву аьлла, бехкевина Новгородера лаьцна валийна ши кIант; нохчийн Iедалхойн дехар кхочушдийр дац Британино; студенташна а, дешархошна а гаджеташ доьшийлашка кхехьар дехка хьийза Калиматов.

Стаг вен 50 эзар долларшкахь мах кхайкхийнарг лаьцна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

2013-чу шарахь 50 эзар долларшкахь мах а эцна, меттигера стаг вийна аьлла, шеконашкахь хилар Бачалов Расул Нохчийчохь дIалаьцна. Дуьненаюкъарчу лехамашка велла вара иза. Талламчийн версица, Бачаловца юкъахь хилла кхин а ши накъост. Цаьрца барт а бина, карийна хилла цунна, зулам кхочушдайта кхозлагIа стаг, ткъа вукхо полицига дIахаийтинера. Ша иза вийна аьлла, Бачаловна тоьшалла деш, вен кхайкхийначун велча санна кеп хIоттийна даьккхина сурт дIагайтинера цо, дуьйцу Нохчийчуьрчу талламан урхалло. Читать дальше...

Зеленский: «Спутник V» вакцинаца эксперименташ лелайойтур яц украинхошна тIехь, уьш пхьагалш яц

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан «Спутник V» вакцинаца эксперименташ ян украинхой пхьагалш яц аьлла, дIахьедина Украинан президенто Зеленский Владимира. Официалехь вакцина эвсара ю аьлла, тIечIагIдина дац, цунна хетарехь. Коммерсант газетано бина цунах лаьцна хаам. Карладоккху, дахначу кIиранах The Lancet Iилманан журнало Iорадехира «Спутник V» вакцина зуьйш хилла 3-чу фазан жамIаш, 91 процентехь пайден ю ала тарло и препарат аьлла, хаамбеш. "Оьрсийчоьно арахецна "Спутник V" вакцина  юкъархила хьакъ ю, 90-91 процент эффективе а ю аьлла... Читать дальше...

Студенташна а, дешархошна а дехка деза гаджеташ доьшийлашка кхехьа, "Японехь а санна" аьлла Калиматовс

Radiomarsho.com 

Студенташна а, школашкарчу дешархошна а камера тIехь йолу а, интернете вала аьтто лун а гIирсаш шайца цхьана доьшийлашка кхехьа дехка деза аьлла, хьехна ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас. "Берийн хаарш лакхадахархьама а, дисциплина нисъян Iалашонца а, ишта, коьртачу декъанна, ца оьшучу контентан тIеIаткъамах уьш ларбархьама а" коьрте деана шена аьлла, кхетийна цо. "Интерфаксо" яздарехь, Калиматов тIетевжина шен дIахьедарехь Японин зеделлачунна. "Япони технологин агIор гена яьлла пачхьалкх юй? Читать дальше...

Новгородехь лаьцна ши кIант Бютукаевн тобанехь хилла, боху нохчийн Iедалхоша

Radiomarsho.com 

Бютукаев Асланан тобанехь дакъалаьцна ву шаьшиъ аьлла, мукIарло дина карарчу беттан 4-чохь Лахарчу Новгородехь лаьцначу Нохчийчуьрчу шина вахархочо Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а, чIагIдо меттигерчу Iедалхоша. "Церан да цхьана а волуш хеттарш дира Исаевга а, Магамадовга а, информаци тIечIагIйира цара. Кху шеран Дечкен-беттан 20-чохь Котар-Юьртахь вийначу Бютукаевс куьйгалла дечу тобана юкъавогIучу Борчишвили Рустамна гIоналла дина шаьш аьлла, дийцина цу шиммо", - дIахьедо зорбанан министро Дудаев Ахьмада. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 839 дархо

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 26 стаг велла коронавирусан уьнах, вирус хааелла кхин а 839 вахархочуьнца Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла 16 дархо, Ставрополан махкахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а кхоккха велла, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь а шишша велла, ГIалгIайчохь цхьаъ. Пандеми яьржичхьана верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах кхелхина лоруш ву 7 212 стаг. Къаьсттина дуцкха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан махкхаь - 222 пациент. Читать дальше...

Британи дуьхьал ю Закаев Оьрсийчоьне дIавала

Radiomarsho.com 

Нохчийн Iедалхоша оппозицин политикна экстрадици яр доьхуш дахьийтинчу кехатна дуьхьло йина Британино аьлла, хаамбина пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама. "Тхайчунна тIера довла дагахь дац тхо, цунна низамашкахь шога таIзар дан догIу аьлла хеташ ду тхо, цундела Европерчу организацешка кхайкхамбо оха, зуламхо схьалуш гIо де аьлла. ТIемалошна тIехIуьттуш къамелаш дарна а, террорхоша Оьрсийчохь лелориг къобалдарна а жоьпалла тIедожон деза цунна",- аьллачу Делимхановн дешнаш далийна "Чечня Сегодня" агенталло. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Янник Синнер

«Янника Синнера очень рано сравнивать с Роджером Федерером» // Тренер мужской сборной России по теннису Игорь Куницын — о главных событиях Roland Garros






Синоптик предрек «мегаливень» в Москве в День России

Два автомобиля столкнулись на Кутузовском проспекте в Москве

Приставы взыскивают лидера террористов из «Крокуса» штраф за нарушение ПДД

"Святой Ленин": сенсационная истина о прогнозах способна направить США и Европу творить добро?!