Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 18.02.2021

Песковс комментари йина Нохчийчохь нах байъар довзуьйтуш араяьллачу газетан материалах лаьцна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс комментари елла "Новая газето" Нохчийчохь кхел а йоцуш нах байъарх лаьцна бина таллам хьокъехь. "Газетан материал яц я иза лорийла а дац тоьшалла, йина кхел а йоцуш, нах байъина бохучун", дIахьедина цо. "Материал [газетан] тIекхочийлехь ю вайн массо а низамлардаран урхаллашна, церан деза, дерриг а къастош, и информаци листа", - довзуьйту ТАСС агенталло Песковн къамел. "Новая газето" Чиллан-беттан 15-чохь зорба тоьхначу талламо бахарехь, документаша тIечIагIдо Нохчийчохь 2016 ... Читать дальше...

Дийнан хиламашлахь: бехктакхамаш, "хIумахуурш", Навальный

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра кхо вахархо ву 2000 шарахь полисхошна тIелетта хиларца шеконехь; Нохчийчохь пачхьалкхан телеканалехула гайтина кхин а цхьа "хIумахуург"; Юстицин министр реза вац Навальныйн хьокъехь Страсбургерчу кхело динчу дIахьедарна

РБК: Оьрсийчуьра 33 банк ю дефолтан кхерамна кIел

Radiomarsho.com 

2021 шарахь дефолт хила кхерамечу хьоле яьхкина Оьрсийчуьра 9% банкаш – ерриг а 33, яздо РБК агенталло, рейтингийн "Эксперт РА" агенталлин хаамна тIе а тевжаш. Аналитикаша бахарехь, банкийн секторан могашаллин индекс карара шо долалуш хилла 91% (2021 шеран финансийн таронаш шеконехь яцар). Иза бохург ду, 366 банках 33 (9%) дефолте кхача тарлуш хилар, пандемино кхоьллина халонаш бахьанехь лицензех йовла тарлуш хилар. Шаьш банкаш йовзуьтуш яц экперташа. Амма халонийн коьрта бахьана лору коронавирусан тIаьхьалонаш... Читать дальше...

Нохчийчохь пачхьалкхан телеканалехула емалйина кхин а цхьа "хIумахуург"

Radiomarsho.com 

РогIера "хIумахуург" – Соьлжа-ГIаларчу Висаитовн кIоштара яхархо Долуева Зина – Iораяьккхина "Грозный" телеканалан эфирехь. ТIехьийсийна камераш а йолуш, Долуевас шена къинтIерабовлар дехна нахе. Долуева Iорайоккху, цунна довдира эфирехь Соьлжа-ГIаларчу исламан медицинан центран коьртачу лоьро, мехкан шахьарачу "Нохчийчоьнан Дог" маьждиган имама Эльжуркаев Адама. "ХIумахуург" Iорабахар дуккхаза а хьехийна Нохчийчуьрчу Iедало 2021-чу шеран Дечкен-баттахь а, Чиллан-баттахь а, дерриг а 2020-чу шарахь а. Читать дальше...

"Дерриг хууш ду Кадыровна". Нохчийчохь кхел йоцуш байъинчу нахах дуьйцу Каляпин Игора

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь билггал нах байъина хиларх тоьшаллаш Iорадаьхна "Новая газетано". Ресурсо бинчу талламехь кехаташца тIе а чIагIдеш дуьйцу, 30 сов меттигера вахархо 2016-2017-чу шерашкахь полисхошна тIелатар динера аьлла, лацарх а, цул тIаьхьа йина кхел йоцуш, уьш хIаллакбина хиларх а. Газетан хаамашца, Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан дозана тIехь латтийна хиллера уьш, шаьш суьрташ хIиттош, дIаязъечу роликашкахь цаьрга дакъа а лоцуьйтуш. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобана байIат деш видеош зорбане ехира интернетехь... Читать дальше...

Ставропол-махкахь кхеле делла стаг лачкъорах долу дов

Radiomarsho.com 

22 шо хьалха динчу зуламца доьзна, Ставропол-махкахь кхела хьалха хIоттош ву бехкевийриг. Талламо бахарехь, цо 1998-чу шарахь шен шина накъостаца цхьаьна, ахча даккха йолчу Iалашонца, вадийна цхьана юьртабахаман директоран воI, хаам бо REGNUM агенталло. Жима стаг дIавигина хилла Нохчийчу, иза дIахьоьцург гергарчаьргара ахча дехна. Стаг вадийначех шинна набахтехь такха хенаш тоьхна 1999-чу шеран Мангалан-баттахь, ткъа коалгIаниг лелла кхелах лечкъаш, лаьцна 2018-чу шарахь. Бехктакхаман гIуллакх дирзина а даьлла, дIахьажийна кхеле. Читать дальше...

Нохчийчуьра кхо вахархо ву 2000 шарахь полисхошна тIелетта хиларца шеконехь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра кхо вахархо зуьйш ву 2000-чу шарахь махкахь Пермерчу полисхошна тIелатарх йолчу шеконца, хаам бо РИА "Новости" агенталло, Оьрсийчоьнан Талламан комитетна тIе а тевжаш. Бекхтакхаман гIуллакх гIаттийна низамлардаран хьукматан белхахойн дахарна тIекховдарца доьзна. Хьалха набахти текхна ву кхуьй а, талламчаш бу цаьрца болх беш. 2000-чу шеран Зазадоккху-беттан 29-чу дийнахь тIемалой тIелетира ницкъхойн ковранна Джани-Веданна гергахь. Велира цигахь 33 полисхо, итт йисар а вина, тIаьхьо вийра, верриг а зен хилларг вара 102 ницкъхо. Читать дальше...

Юстицин министр реза вац Навальныйн хьокъехь Страсбургерчу кхело динчу дIахьедарна

Radiomarsho.com 

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Навальный сихонца мукъаваккха аьлла дина дIахьедар "эвххьаза кхелийн балханна юкъагIертар" де аьлла Оьрсийчоьнан юстицин министра Чуйченко Константина, хаам бина ТАСС агенталло. Министра бахарехь, прецедент йоцу омра ду иза. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан документ бух боцуш ду, низамца ца догIу, аьлла Чуйченкос. Кхаарин дийнахь журналисташна хьалха вистхуьлуш цо дIахьедира, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Навальный мукъавоккхуш... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Александр Зверев

Зверев вышел в финал «Ролан Гаррос»






Команда из Мытищ победила в турнире Подмосковья по стритболу

Врач Городова рассказала, почему опасно пить воду залпом

Автостат: наиболее распространенным кроссовером в Москве является Nissan X-Trail

Куплю, обмен старые Швейцарские франки, бумажные Английские фунты стерлингов и другие