Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 17.02.2021

"Тебна Iен тIемалойн тобанаш" гучуевлла, аьлла Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министра

Radiomarsho.com 

Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Магомедов Iабдурашида дIахьедина, республикехь 2020-чу шарахь 18 "тебна Iен тIемалойн тоба" Iораяьккхина, аьлла, хаам бо Интерфаксо. Министра бахарехь, хIора тобанехь хилла шинна тIера ворхIанна тIекхаччалц стаг. Цо билгалдаьккхина, дозанал арахьарчу низамехь йоцчу тIеман гIеранашкахь 150 гергга стаг Дагестанера хилар. Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, тIемалой бу аьлла талламо бехкебинчара, кхелашка кхаьчча, шайгара дареш етташ даьхна олуш хилар. Читать дальше...

Навальный Алексей сихонца мукъаваккха тIедожийна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело

Radiomarsho.com 

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сихонца Навальный Алексей набахтера мукъаваккхар тIедожийна Оьрсийчоьнна, цуьнан дахар кхерамна кIел хилар тидаме а оьцуш. Документан копи йовзийтина оппозицерчу политикан сайто. Кхелан регламентаца а догIуш, цо шатайпанарчу хьелашкахь тIеоьцуш хуьлу стагна кхерамзалла кхачош болу сацамаш. Стаг баккъал а кхерамна кIел нисвелла хилар шена гучудаьлча бо цо и тайпа сацам. Амма Оьрсийчоьнан юстицин министралло дIахьедина хьалхо, ша дагахь яц и тIедожор кхочушдан, аьлла. Читать дальше...

ФСБ-но рогIехь лецнарш, кхело набахте хьажийнарг, Украино махкахваьккхинарг

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь терроран тохарш хуьлучуьра юкъахдаьхна ша боху ФСБ-но; дозан хьокъехь Магасерчу протестехь дакъалаьцначунна хан тоьхна кхело; Украино махкахваьккхина дагестанхо Оьрсийчохь бехкевина ДАIИШ-хо хиларна

Таллам: кхел йоцуш Нохчийчохь нах байъар

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь йина кхел а йоцуш, нах байъина аьлла, тоьшаллаш зорбане даьхна "Новая газето". Вуьйцург ву, 2016-2017-чу шерашкахь лецначул тIаьхьа вийна 30 стаг. Журналисташа Талламан комитете дIахаийтира нах хIаллакбарх, ткъа цара тептарера виъ стаг велла хилар бен бакъ ца дира. Вуьйжуш лецна а бацара, боху талламчаша, ткъа уьш бакъ цахиларх тоьшалла дина журналисташа.

ДАIИШ-хо хиларх шеко йолуш лаьцна дагестанхо дIахецна

Radiomarsho.com 

Экстремистийн ДАIИШ тобанах хила тарло аьлла лаьцна хилла Дагестанерчу Хасу-Юртан кIоштарчу Муцалалулера схьаваьлла Абдулкаримов Шемал, цхьа а бехк тIебахьаза дIахецна тахана. Иштта хаам бина Кавказ.Реалиига цуьнан доьзалерчу стага. "Шемал дIахецна, иза низамехь йоцчу тIеман гIеранахь хилла бохург хьехош а дац кхин", - аьлла хьосто. Шегара Абдулкаримовгара комментари яккха аьтто ца баьлла. Цуьнгахь Оьрсийчуьра сим-карта дац цкъачунна, иза полицино лаьцна Беларусера валийна хиларна Хасу-Юьртарчу полице, бохура гергарчара. Читать дальше...

Украинера араваьккхина дагестанхо Оьрсийчоьно бехкевина ДАIИШ-ехь хиларна

Radiomarsho.com 

Украинера араваьккхина 24 шо долу Дагестанерчу Муцалаулера Абдулкаримов Шемал лаьцна Оьрсийчохь. Цунна бехкедо низамехь йоцчу тIеман тобанашкахь лелла хилар. Оцу хьоькъехь тхоьга хаам бина Украинехь бехачу цуьнан доьзало. "Лаьцна, Белорусера Хасу-Юьрта вигина иза. Юьхьанца цигарчу полицехь вара, хIинца билггал стенгахь ву ца хаьа, ", - боху Абдулкаримовн гергарчо. Цо бахарехь, шен 16 шо долуш, Оьрсийчуьра араваьлла, Малхбалехь: Африкехь Iаьрбийн мотт а, бусалба дин а Iамош лелла иза. Шо гергга дара Абдулкаримов Украине ваха воьссина а... Читать дальше...

Дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 33 стаг

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта хилар тIечIагIдинчех велла 33 пациент, цомгуш хилла кхин а 681 стаг. Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх кхелхина 16 стаг, Ставропол-махкахь – ялх, Дагестанехь – пхиъ, Къилбаседа ХIирийчохь – кхоъ, Адыгейхь – шиъ, ГIалмакхойчохь – цхьаъ. Пандеми йолаелчхьана Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгарх велла 7534 стаг. Ун кхетта нах уггаре дукха билгалбевлла Краснодар-махкахь – 162 стаг. Краснодар-мохк +... Читать дальше...

Дозан хьокъехь Магасерчу протестехь дакъалаьцначунна хан тоьхна кхело

Radiomarsho.com 

Ессентуки гIалин кхело 3,5 шо набахтехь яккха хан тоьхна ГIалгIайчохь 2019-чу шеран Зазадоккху-баттахь лаьттан хьокъехь иккхинчу протесташкахь дакъалацарна Хамхоев Мохьмадна. Иза лаьцнера 2019-чу шеран Охан-беттан 5-чохь Магасехь Iедалан белхахошна дуьхьалоярна. Оцу хьокъехь хаам баржийна "Фортанга" сайто. Кхело Хамхоев бехкевина Iедалхошна ницкъбаре нах кхайкхарна а, полицин белхахошца дуьхьаллаьттарна а. "Изоляторехь яьккхина хан чулерича, набахтехь яккха 8 бутт гергга бен хан ца юьсу цуьнан", — билгалдаьккхина Хамхоевн адвоката. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь терроран тохарш хуьлучуьра юкъахдаьхна ша боху ФСБ-но

Radiomarsho.com 

Кхарачой-Чергазийчохь, Ростовна гонах, аннекси йинчу ГIирмехь, Краснодар-махкахь шаьш 19 стаг лаьцна, уьш террорран тохарш дан кечлуш бара, дIахьедина ФСБ-н белхахоша, яздо Кавказ.Реалиино, "Медиазонин" хаамна тIе а тевжаш. Лецнарш бехке бо Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело 2010-чу шарахь зуламе леринчу "Ат-Такфир вал-хьиджра" тобанехь хиларна. ФСБ-н урхалло бахарехь, ницкъхошна карийна бусалбанийн РПК а, АКМ а маса-тоьпаш, патармаш, оьккху коьчал, "шахIидан доьхка".

Аннекси йинчу ГIирмехь бусалбанийн хIусамех хьуьйсу ФСБ

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIермехь бусалба нехан цIенойх хьуьйсу ФСБ-н белхахой. "Крымская солидарность" боламан жигархоша баржийначу хаамашца, теллина ницкъхоша Советийн кIоштарчу Махамадаминов Абдулборин хIусам, хилла Симферополерчу Ялкабов Тимуран, Белогорскерчу Эюпов Азаматан а, Сейдаметов Ленуран а, кхечу а гIирмахойн-гIезалойн цIахь. Меттигерчу жигархоша бахарехь, ФСБ-н белхахоша вовшашца дечу къамелаша кхеторехь, терроризмца доьзна цхьа бехктакхаман гIуллакх толлуш ю урхалла. ЦIенойх хIуьйсучу... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Вице-президент ФТР Селиваненко: у Рублева не пошла игра с Арнальди






Какие астрономические явления туляки смогут увидеть в июне

Кофе, крепкий чай и сладкая "газировка" не принесут пользы в жару

Примани, венок, жениха богатого: какие народные гадания до сих популярны у россиян

Жителей Забайкалья приглашают принять участие в акции «Из поколения в поколение. Семейные реликвии»