Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 27.02.2021

800 эзар соьмах шен бер дохка гIоьртина нана лаьцна Дагестанехь (+видео)

Radiomarsho.com 

ХIинжа-ГIалахь лаьнца 800 эзар соьмах шен хIинцца дуьненчу яьлла йоI йохка гIоьртина Ахвахскан кIоштара 28 шо долу яхархо. Оьрсийчоьнан Дагестанерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бина цунах лаьцна хаам. Талламчийн версица, ГIуран-баттахь Дагестанерчу цхьана зудчуьнга, кху шеран Чиллан-баттахь ша дан деза бер эца аьлла хилла шеконашца лаьцначо. Реза хилла зуда, амма барт бар низамашкахь доций хиинчу цо, полицига дIахаийтина. Бер дохка дагахь хиллачу яхархочунна тIаьхьа бевллачу полисхоша... Читать дальше...

Немцов вийначу меттиге зезагаш дехкина Британин а, Американ а, Латвин а векалша

Radiomarsho.com 

2015-чу шарахь политик Немцов Борис вийначу Доккхачу Москворецкан тIай тIе зезагаш дахка веара Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Оьрсйчуьра посол Салливан Джон, хаам бина Москварчу Американ векалто. Цига баьхкира ишта Британин а, Латвин а векалш Броннерт Дебора а, Риекстиньш Марис а. Даим хIоттош хилла марш дIаяхьа пурба ца делира кху шарахь Москварчу Iедалхоша, амма зезагаш дахка бакъо йитира. "Шен дахар пачхьалкхан кхане маьрша хилийта ца кхоийна хилла Немцов Борис къизаллица вийна 6 шо кхочуш... Читать дальше...

Нохчийчуьра 129 долара клиника болх бечуьра сацийна

Radiomarsho.com 

Талламаш бечу хенахь низамаш дохийна меттигаш гучубовларца Нохчийчохь белхаш совцийна 129 доларчу дарбан хIусамийн. ТАСС агенталло бина цунах лаьцна хаам. Соьлж-ГIалахь дIаяьхьначу кхеташонехь дIвхьедина цунах лаьцна мехкан куьйгалхочун администрацин хьаькамо Кадыров Хас-Мохьмада. Стохка Лахьан-баттахь доларчу клиникашкахь коронавирусца доьзна харц диагнозаш а хIиттош, тесташ ца еш, бух боцу кехаташ луш меттигаш гучубевллачул тIаьхьа, Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана тIедиллинера, доларчу клиникашкахь талламаш бар. Читать дальше...

Украинан Iедалхоша Оьрсийчоьне схьавеллачу Тумгоев Тимуран йишас бакъоларъярхошка орца доьху

Radiomarsho.com 

Украинера Оьрсийчу экстрадици йинчул тIаьхьа набахтехь даккха 18 шо тоьхначу гIалгIачун Тумгоев Тимуран йишас Тумгоева Маринас гIо дехна бакъоларъярхошка. Цо дехар до, шен ваша латточу Саратовн кIоштарчу Балашов гIаларчу номер 3 йолчу колонерчу хьолах талламаш бар. Бакъоларъяран "Мемориал" центран Кхеташонан куьйгалхочун Черкасов Александран а, "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочун Ганнушкина Свеланин а, "Машр" организацин коьртехь волчу Муцольгов Мохьмадан а цIарах ду дахьийтина кехат. Читать дальше...

6 шо кхаьчна политик Немцов Борис вийна

Radiomarsho.com 

2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь Москвахь тапча йиттина вийра оппозицин политик Немцов Борис. Иза верна бехкебина яккхий хенаш тоьхна, набахтехь таIзар токхуш бу Нохчийчуьра бахархой - ГубашевгIеран ши ваша Шадид а, Анзор а, Дадаев Заур а, Бахаев Хьамзат а, Эскерханов Темирлан а. "Кху заманан Оьрсийчоьнан исторехь уггар а гIовгIане политикан бух тIехь стаг вер" дара иза аьлла, дIахьедира Европан парламенто Немцов вийначул тIаьхьа.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Пресс-служба WTA мемом отреагировала на тяжёлую победу Свёнтек над Осакой






За Сальниковой по-прежнему не угнаться!

Призовой фонд чемпионата по игре «Камень, ножницы, бумага» сформирован московскими рестораторами

"78.ru": в Ленобласти ребенок сорвался с высоты на туристических сборах

В Архангельске медики России обменялись методиками оказания офтальмологической помощи