Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 20.02.2021

Патрушев а, Чайка а вар бахьана долуш, туькананаш чохь "дIакъевлина" латтийна ставрополхой

Radiomarsho.com 

Актрисин Топольницкая Юлиян инстаграм-аккаунтехь видео ю, полисхочо неI а къевлина, масех стаг туькан чуьра ара ца волуьйтуш гойтуш. Видео яьккхина Чиллан-беттан 19-чу дийнахь Ставрополь юккъехь, Къилбаседа федералан гоне халкъан кхерамзалла йийцареян Оьрсийчоьнан кхерамзаллин кхеташонан куьйгалхо Патрушев Николай веъначу хенахь. Видео чохь гуш ву, наханна букъ а тоьхна, уьш ара ца бовлуьйтуш Iен полисхо. "Ставрополь, суна-м хаац шу долчу мила веана! Ас «стенна ца мега суна араяла?» хаьттича... Читать дальше...

Роскомосан куьйгалхочо мемашца жоп делла Штатийн дуьне толлу аппарат Марс тIе йоьссича

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Роскосмосан куьйгалхочо Рогозин Дмитрийс твиттерехь ши сурт арахецна Американ "Персеверанс" аппарат толамца Марс тIе йоьссича. Цхьанна тIехь Рогозинан сурт ду Марс толлу машен гойтуш даьржинчу суьрта тIе латийна, йоза хIоттийна: "Марса тIехь америкахошна дуьххьара гинарг", аьлла. ШолгIачу твит тIехь сурт хIоттийна, карахь лозунг йолу Марс тIера бахархой гойтуш, ингалсан маттахь ду тIера йозанаш: "Янкаш, шайн цIа гIо", "Марс – Марс тIерачу бахархошна". ТIаьхьо дIадаьхна и суьрташ. Читать дальше...

Сувейлехь Нохчийчохь санна: ло

Radiomarsho.com 

Урдунехь наггахь хуьлуш бен доцу ло деана. Альча а, деана иза Сувейлехь - нохчаша шаьш Iаьрбашна юкъа дIатарлуш, даймахкарчу ломан аренех тера хиларна, баха хаьржинчу кIоштахь. Воккха а, жима а ву кху деношкахь бамбанах тера ло ловзош, цунах воккхавеш.

Гуьржийчохь хан тоьхна Габуния Георгийна кIело ян гIортарна ГIалгIайчуьрчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

ПIераскана Гуьржийчохь кхело 4 шо хан кхайкхийна набахтехь яккха Оьрсийчуьрчу вахархочунна Гуциев Мохьмадна, иза гуьржийн "Мтавари архи" телеканалерчу журналистанна Габуния Георгийна вен кIело кечъеш хилла аьлла айдинчу бехктакхаман девнан лорах. Цунна бехкедина пачхьалкхан доза хадор, харц паспорт кечдар, низамехь йоцчу кепехь журналист тергалвеш хьийзарна. Габуния Iаткъам хилларг лерира хьалхо, ткъа Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин урхалло чIагIдора Гуциев  цунна дуьхьал "журналист вен... Читать дальше...

"Охьа а виллина, лам тIера чукхосса бохкура". ХIинжа-ГIалахь йиттина Навальныйн штабан координаторна

Radiomarsho.com 

Чиллан-беттан 20-гIа тIекхочуш, шоьтан буса, ХIинжа-ГIалин йистехь йиттина оппозицин политикан Навальный Алексейн штаб шахьарахь кхуллуш волчу Аблякимов Русланна. Цул хьалха масех дийнахь жигархо тергалвеш лелла бевзаш боцу нах. "23 сахьт долуш дара со сайна евзачу шина йоьIаца Тарки-Тау ломан буьххьехь, наханна бIаьрг тоха кечйинчу атагIи тIехь лаьтташ. Шина агIор тIевеара 7 гергга стаг, охьа а виллина, суна коьртах мийраш бетта буьйлабелира уьш. Юха со ира а хIоттийна, хаьттира – хIун деш ву со кхузахь? Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Александр Зверев

Зверев вышел в финал «Ролан Гаррос»






Это уже чересчур: США рвутся разместить в Грузии своих «злых птичек», и поставить «демократеносцы» в Чёрном море

Юнкоров «Нижегородской правды» наградили на Красной площади

Форменное безобразие: кто вымогает у россиян деньги за выдачу загранпаспорта

Куплю, обмен бумажные Английские фунты стерлингов, старые Швейцарские франки и другие