Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2020

Новости за 01.07.2020

Ницца гIалин мэро аьлларг ца тайначу нохчаша аьрзнаш хьовсийна кхеле

Radiomarsho.com 

Шаьш наркотикаш лелочу бизнесца дузуш къамел дарна Францерчу Ницца гIалин мэрна дуьхьал кхеле аьрзнаш хьовсийна цигахь бехачу нохчаша. Оцу хьокъехь журналисташка хаам бина оцу гIалин прокурора Боном Ксавьес. "Шовткъе итт сов арз чуделла кхеле Нохчийн республикера схьабевллачу бахархоша Ниццан мэро Эстрози Кристиана динчу къамелана реза боцуш. Кхечу хьосташа бахарехь, 400 сов ду и тайпа аьрзнаш", - аьлла прокурора, Le Parisien газето яздарехь. Мангал-беттан 16-чу дийнахь Эстрози Кристиана, ша BFM TV телеканална интервью луш элира... Читать дальше...

Европан кевнаш, Оьрсийчоьнан конституци, мухIажарийн бIаьрхиш

Radiomarsho.com 

Европан Берто цкъачунна 14 пачхьалкхера нах бен ца буьту шен мехкашка; Кадыров: Путинах цкъа а хуьйцуш воцу президент ван веза; шайна хIусамаш яларе догдохучу мухIажирийн гулам дIасалаьллина полицино Магасехь

ГIиргIизойчоьнан хилла президент дарбан цIийне кхачийна пневмоница

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан къоман кхерамзаллан комитетан талламан изоляторехь латтош хилла мехкан экс-президент Атамбаев Алмазбек шина а агIор пневмони ю аьлла, дарбан хIусаме дехьаваьккхина. Шен адвокатех цунна ун даьлла хила тарло аьлла, шеконаш ю урхаллан. Пачхьалкхан къоман кхерамзаллан комитето баржийначу хаамехь яздина ду, байначу беттан 29-чохь дегI дика дац шен аьллера Атамбаев Алмазбека, цул тIаьхьа COVID-19 юй хьожуш анализ эцнера цуьнгара. Тесто ун дац аьлла гайтира, тIаккха лоьраша, онлайн-консилиум вовшах а тоьхна... Читать дальше...

"Системано вуьйш ву иза": Нохчийчуьрчу тутмакхехь Iазап латторах дIахьедо бакъонашларъярхоша

Radiomarsho.com 

Социалан машанашкахь видеоролик яржийна, Нохчийчуьрчу йоккхачу стага мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане а, бакъонашларъярхошка а дехар деш, "тIаьххьара шен кIантах бIаьрг тохийтахьара" шега бохуш. Цуьнан кIант – Гадаев Беслан- карарчу заманчохь Владимир гIаларчу лоьмар 1 йолчу СИЗО-хь ву. Цуьнан адвокато чIагIдарца, цхьа а дуьйцуш бахьана а доцуш схьавалийна Гадаев Владмирскан кIошта. Бакъонашларъяран "Мемориал" центрехь хаамбина, Нохчийчуьра схьаваьллачу вахархочунна иза мел латтийначу набахтешкахь тIехь даим а беш ницкъ бу аьлла. Читать дальше...

Путин "цкъа а хийцалуш воцу президент" хила веза, боху Кадыровс

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан "цкъа а хийцалуш воцу президент" хила веза Путин Владимир, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен гонан кхеташонехь. "Мила хир ву иза хийца? Вац дуьненан тIегIане кхаьчна и санна волу политик", - боху Кадыровс социалан машанашкахула яьржинчу кхеташонерчу видео чохь. Цунна гарехь, Путин куьйгаллехь волчу заманахь лаккхара ирхенаш яьхна Нохчийчоьно. "Низамца чIагIъеллачу пачхьалкхехь, Оьрсийчоьнан Федерацехь, деха вай", - аьлла Кадыровс, махкахой Конституцин хийцамаш тIечIагIбечу харжамийн бараме а кхойкхуш. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Соболенко вышла в ⅛ финала турнира WTA в Мадриде






В Москве проходит Благотворительный фестиваль «Пасхальный дар»

В ближайшие часы в Москве ожидается усиление ветра до 17 м/с

Гуцул заявила о невиновности перед судом по делу о финансировании партии «Шор»

Несколько категорий граждан в РФ освободят от комиссий при оплате ЖКУ с 1 июля