Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2020

Новости за 17.07.2020

Дийнахь буса коронавирусах 12 стаг велла, 411 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

12 вахархо кхелхина коронавирусах Къилбаседа Кавказан мехкашкахь, цомгуш хилла цунах 411 стаг, яздо шен рог1ерчу хаамехь Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалояран Оперативан штабо. Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а велла кхоккха вахархо, Ставропол-махкахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – шишша, Краснодар-махкахь а, Нохчийчохь а – цхьацца. Официалан статистикаца, верриг а велларг ву уьнах Къилбаседа Кавказехь 905 стаг. Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а коронавирусах цомгуш хиллачийн терахьаш иштта ду: Ставропол-мохк... Читать дальше...

Кадыровс "бюджетхой" декхаребина "Грозный " телеканалан аккаунташка язбала

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу массо а "бюджетхошна" тIедожийна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана пачхьалкхан "Грозный" телеканалан социалан машанашкарчу агIонашка язбала. "Уьш вайн некъан накъостий бац (телеканалан аккаунташка цаязбелларш – ред), кхераме бу вайна", - аьлла Кадыровс Iедалхошца рогIера кхеташо дIахьош. Цо дийцарехь, "Малхбузерчу а, Европерчу а лерринчу ницкъаша" иттаннаш миллионашкахь ахча дойъу Нохчийчуьра хьал дохо гIерташ. Хьалхо Кадыровс шен куьйга кIелхьара хьаькамаш декхаребира  "экстремизмца а... Читать дальше...

Айдамирова Машар. Заманан илли

Radiomarsho.com 

Айдамирова Машар Заманан илли Дегочу куьйгашца, хала доьIу са а сацийна, дечиг пондар, цхьа экаме бер санна, кара а лаьцна, цхьана мурстана дIатийра воккха стаг. ТIаккха, доккха садоккхуш, дазделла бIаьргаш дIахьабдира. «ОхI-хIа-а-ай!» — воккхачу стеган кийрара яьллачу сингаттаман Iаьнарца денделира Iодах дуьйлина шийла мерзаш. ДIо-о, дагна герга мел гIирти, доьлхуш, хир хедий, цIийзаш. Кхо мерз — жималлин мерз, къоналлин мерз, къаналлин мерз. Кхо аз. Кхаа заманан сица дуьйцина илли. Ширачу мукъамо цхьа токхе юьзира яьсса чоь. Читать дальше...

Европан Барто ун даржарна кхераме йоцчу пачхьалкхех лору Гуьржийчоь

Radiomarsho.com 

Европан Бертан Кхеташоно карладаьккхина коронавирус юхаяржарна шена кхераме йоцчу пачхьалкхийн тептар. Хьалха 12 мохк бара оцу тептара язбина, хIинца тIекхетта кхин а шиъ – Серби а, Черногори а. Керлачу тептаро шайн дозанаш деллар хьоьху ЕвроБертан пачхьалкхашна Алжирца, Австралица, Канадица, Гуьржийчоьнца, Японица, Мароккоца, Керлачу Зеландица, Руандица, Къилба Корейца, Таиландца, Тунисца, Уругвайца. Кхераме йоцчу пачхьалкхийн декъа йогIу Китай а, амма цуьнца дозанаш доьллур ду, цо ша а и гIулч яьккхича, боху тептаро. Читать дальше...

ГIалгIайн парламентан депутат Белхороев лаьцна дIавигна Москва

Radiomarsho.com 

БатIал-Хьаьжин вирдан хьалханча, ГIалгIайчоьнан парламентан депутат Белхороев Якъуб лаьцна ницкъхоша, дIавигна Москварчу "Лефортово" набахте. Оцу хьокъехь хаам бина Кавказ.Реалиига Iедалерчу хьосто. Бехк толлур бу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан коьрта урхаллехь, ФСБ-но дакъа а лоцуш. ХIинцале Iедалхой хьаьвсина ГIалгIайчуьрчу СурхохитIерчу Белхороевн цIийнах а, цуьнан а, цуьнан гергарчийн а Москварчу петарех а, цIенойх а. Хьосташа бахарехь, Бехктакхаман кодексера 210-гIа дакъа дуьхьалдаккха тарло цунна ("зуламаш ден юкъаралла кхоллар"). Читать дальше...

Туристашна дозанаш схьаделлар тIедожийна Гуьржийчоьнан Iедалхошна

Radiomarsho.com 

Коронавирус юкъаяллалц Гуьржийчоьнан экономикехь туризм уггар а пайда бохьучу секторх яра: оцу сферехь къахьоьгуш бара иттаннашкахь эзарнаш бахархой, яздо Настоящее Время телеканало. Официалан информацица, стохка цхьана шарахь туризм бахьана долуш 3,3 миллиард долларшкахь ахчана пайда хиллера пачхьалкхана. Ткъа тахана Гуьржийчуьрчу туризман сферан белхахоша латкъамаш бо, шайн юкъахъяьллачу туристикан сезонна а, хиллачу зенашна а, белхазаллина а. Цара Iедалхошна тIедожийна пачхьалкхан дозанаш схьаделлар. Читать дальше...

ГIалгIайчохь кхел йийр ю полисхочунна. Иза бахьана долуш йийна, аьлла хета меттигерчу вахархочо шен йиша

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь бехктакхаман гIуллакх теллина даьлла, "сий лардеш" зуда ерца доьзначу гIуллакхехула жоьпе озийначу полисхочунна дуьхьал. 33 шо долчу цунна бехке дуьллуш ду, низам а дохош, шен даржах пайда а эцна, къайле йолу адаман дахарах лаьцна хаамаш, цуьнга а ца хоттуш, баржорна, хаам бо Кавказ.Реалиино, меттигерчу прокуратурана тIе а тевжаш. Вуьйцург ву харцонца ахча даккха гIертарна бехке вина меттигера вахархо Альтемиров Iийса схьалоцуш дIаязйина видео социалан машанашкахь зорбане яьккхина волу полицин белхахо. Читать дальше...

16 шо долу йоI ерна оьмар кхачаяллалц набахтехь латтор ву Адыгейра Курников

Radiomarsho.com 

Адыгейн Лакхарчу кхело шен сацам дIакхайкхийна, 47 шо долчу Майкоперчу вахархочо Курников Андрейс динчу зуламан мах хадош. Иза бехкевина кхиазхо хьийзорна а, ерна а, къоладарна а. Шен велла дIаваллалц латтор ву иза набахтехь – иштта ду цунна дина таIзар, элира Кавказ.Реалиига талламан комитетан Адыгейрчу урхаллехь. Майкоперчу №34 школера 16 шо долу йоI яйра, дешна а яьлла, цIайоьдучу новкъара стохка бIаьста. Пхеа баттахь лийхира иза, гIишлош ечу меттигерчу нехашна бухахь карийра дакъа. "Гин суна, йоI чуели. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Новак Джокович

Шикарный и практичный стиль Елены Джокович из базовых вещей






Спасатели локализовали пожар в промзоне в подмосковном Королёве

Экс-участница «Фабрики звёзд» поделилась подробностями родов в туалете кафе

Липовую аллею высадили возле стадиона «Орион» в Балашихе

Директор Майданова рассказал о самочувствии певца, который едва не задохнулся