Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2020

Новости за 24.07.2020

Дагестанерчу журналистана юьйр ю аьлла, кхерамаш тийсина

Radiomarsho.com 

"Даптар" порталан коьртачу редакторна Анохина Светланина юьйр ю аьлла, кхерамаш тийсина. Кавказ.Реалиига бина цо и хаам. Журналисто дийцарехь, дахначу кхаарин дийнахь Умаханов Далгат ву ша аьллачу стага телефон тоьхна хилла цуьнга, "массо а феминисташца йист яккха аьлла, тIедиллина" шена аьлла. Шеца цхьанакхета аьлла, Анохинас дехар дича, ша юьйр ю хьо аьлла цуьнга зIене ваьллачо. Полицига дIахаийтина журналисто, иштта шаьшиннан хиллачу къамелан аудио дIакхачийна мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралле. Читать дальше...

Стамбулерчу Айа-Софийа маьждигехь дуьххьара Рузба дина

Radiomarsho.com 

Стамбулерчу Айа-Софийа маьждигехь (хьалха музей лаьттинчу) тIаьхьарчу 86 шарахь дуьххьара Рузба дина бусулбачу наха тахана, яздо оьрсийн Свобода Радиос.  Туркойчоьнан Пачхьалкхан Кхеташоно (Лаккхара административан кхел) Товбецан-беттан 10-чу дийнахь Айа-София маьждиган статусе йоккхуш вердикт кхайкхор бахьана долуш аьтто баьлла бусулбачийн цигахь гулбала. Пачхьалкхан президента ЭрдогIан Реджепа хаам бинера, кху беттан 24-чохь дуьххьара ламазаш дийр ду цу чохь, аьлла. Рузбанехь дакъалаьцна президенто ша а. Читать дальше...

Москвахь герз диттина Галаев хьалхо доьшучуьра дIаваьккхина хилла

Radiomarsho.com 

Москвахь Ленинан проспектехь полисхошна тIе герз диттина ГIалгIайчуьра Галаев Ратмир, цо доьшучу меттигера дIаваьккхина хилла хьалхо, конфликт бахьанехь. Оьрсийчоьнан Талламан комитето дина цунах дIахьедар пIераскан дийнахь. "Хеттарш динчу тешаша дийцарехь, схьаийна воцуш, амална чехка а волуш, хилла иза. ТIаьххьарчу шарахь цуьнан леларехь хийцамаш бара, даим а дов лоьхуш, лата лууш хуьлура иза боху. Хьалхо ша доьшучу меттигера а дIаваьккхина хиллера иза оцу бахьанашца. Наркотикаш оьзна а, къаьркъа... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь уьнах велла тIаьххьарчу дийнахь-бусий 10 стаг, ун даьлла ву - 410

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу баса, дийнахь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 10 дархо, вирус къаьстина кхин а 410 стагаца. Ун ца даржийта вовшахтоьхначу Оперативан штабо дIахьедарца, Ставрополан кIоштахь кхоъ кхелхина, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а шишша велла, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а цхьацца дIаваьлла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун чудеачхьана велла COVID-19 вирусах 946 пациент Къаьсттина дукха бу цомгаш нах Ставропол махкхахь- 131: Ставропл махкахь + 131 (7... Читать дальше...

Кадыровгахьа хIоттийначу флешмобе бертаза хьехархой ийзор бакъ ца до Iедалхоша

Radiomarsho.com 

"Ахмат Арена" стадионехь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанан гIо лоцуш хIоттийначу флешмобехь гулдалар хьехархошна тIедожийна бохуш, иноформаци яьржина социалан машанашкахь. Меттигерчу спортан министраллан инициатива хиллера иза, амма шаьш гунахь хилар бакъ ца до урхалло. "Школийн куьйгалхой, телефонаш дIасаетта, кхана Ахмат-Аренехь шуьйра флешмоб ю дIахьош. Спортан министраллера зIене бевр бу шуьца, маца, мичахь, хIунда бохучунна шу тIаьхьакхион. Аудиона тIаьхьайогIу текста тIехь яздина ду дан дезачух. Читать дальше...

Нохчочунна 10 шо кхайкхийна Венерчу кхело, Оьрсийчоьнан эскархошна тIелетарш дина аьлла

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра 32 шо долу жимастаг зуламан гIуллакхашна бехкехилар тIечIагIдина еарин дийнахь Венерчу Лаьттан кхело. Цунна дуьхьалдаьккхина "Имарат Кавказ" тобанан могIаршкахь оьрсийн эскархошна тIелетарш кечдар, виъ салтий а вуьйш. Набахтехь даккха 10 шо хан кхайкхийна цунна. И хаам Iорабаьккхина Austria Presse Agentur (APA)хаамийн агенталло, кхелан информацина тIетевжина. Адвокаташ кхелан сацамна латкъамбан дагахь бу. Австрин прокуратуро бехкаш дехкина кхеле хIоттийначунна, 2008 -чу шарера 2013-чу... Читать дальше...

Помпеона дуьхьал санкцеш яьхна Кадыровс

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнтоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарна Помпео  Майкана дуьхьал республикехь санкцеш яьхна ша, цуьнан ерриг а чоьташ дIа а къовлуш аьлла, дIакхайкхийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цу кепарчу санкцешна юкъа вахийтира Вашингтоно хьалхо Кадыров а, цуьнан доьзалера цхьаболу нах а. "Накъост Помпео ас хьошалгIа кхайкхинера. ХIинца шуна массарна а хозуьйтуш дIабоху, сан аьтто бац иза кхайкха. Сайн дешнаш юха а оьцуш, вайн республикехь мел йолу массо а кепара санкцеш йоху ас цунна дуьхьал... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Касаткина проиграла Путинцевой и не смогла выйти в 1/4 финала турнира WTA в Мадриде






В Узбекистане прошла викторина на знание русского языка, сказок и пословиц

Регистрация Авторского права. Регистрация объекта авторского права. Регистрация Авторского права на книгу. Регистрация Авторского права на музыку.

В подмосковном Королеве произошел пожар в промзоне

Барабанщик «Коррозии металла» покинул группу после концерта в Нижнем Новгороде