Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2020

Новости за 13.07.2020

Осмаев Адам: "Маьршачу Оьрсийчоьне догIа ду маьршачу нохчашкахь"

Radiomarsho.com 

"№1 Путинан мостагI" ву ша олу бизнесхочо Браудер Уильяма, амма кхин а цхьа стаг ву и титул лело хьакъ долуш. Иза ву 39 шо долу нохчийн бевзаш болчу доьзалера схьаваьлла Осмаев Адам. Цуьнан да шен хенахь куьйгалла деш вара нохчийн мехкадаьттан индустрина, ткъа деваша вара республикерчу парламентан гIантда а, Оьрсийчоьнан сенатор а. Осмаев Адама дешна Москварчу дуьненаюкъара юкъаметтигашкахула пачхьалкхан институтехь а (МГИМО), Британерчу Букингеман институтехь а, амма сацам бина цо шен даймохк маьрша боккхуш къийсамна шен дахар хьажо. Читать дальше...

Терроран тохарш дечуьра юкъахдаьхна ша Ростов-махкахь, боху ФСБ-но

Radiomarsho.com 

ДАIИШ-хойн бен Iорабаьккхина ша Ростов-махкахь, террорхой кечлуш бара полисхошна тIелата, медицинан, дешаран хьукматаш лелхийта, хаам баржийна РИА Новости агенталлехула Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан (ФСБ) урхалло. "Исламан пачхьалкх" шех олучу террорхойн тобан къайлаха бен гучубаьккхина Оьрсийчоьнан ФСБ-но, гIера лаьтташ хилла Оьрсийчоьнан а, Юккъерчу Азин а ялх вахархочух. Уьш кечлуш хилла полицин белхахшна тIелата а, медицинан, дешаран хьукматаш лехийта а", - боху хаамехь. Ша лоцучу мурехь... Читать дальше...

БуьритIера вахархо лаьцна «Лирика» молханашца

Radiomarsho.com 

Наркотик шайца йолу молханаш даьхна БуьритIерачу 36 шо долчу вахархочуьнгара. Мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-векалто "Кавказ.Реалиига" бинчу хаамца, низам а дохош, герзаш лелорна хьалхо таIзар текхна стаг ву лаьцнарг. Талламо дийцарехь, БIуьритIерачу центрехь меттигерчу яхархочуьнга  "Лирика"а,  "Трамадол" а дIалуш лаьцна иза – лоьрера рецепт йоцуш ца духку и молханаш. Низам а дохош, сов чIогIа ларалуш долу молханаш лелорна набахтехь яккха 3 шо хан тоха тарло лаьцначунна. ... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 5 стаг, цомгуш хилла - 339

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса 5 стаг велла корнавирусах Къилбаседа Кавказехь, кхин а 339 цомгуш хилла. Уьнна дуьхьалоечу Оьрсийчоьнан Оперативан штабан хаамца, Дагестанехь кхелхина уьнах ши стаг, цхьацца – Ставропол-махкахь, Кхарачой-Чергазийчохь, Кранодар-махкахь. Коронавирусах юьхьанца дуьйна велла Къилбаседа Кавказехь 876 стаг. Дийнахь-буса а, пандеми яьржичхьана схьа а цомгуш хиллачийн терахьаш: Ставропол-мохк+75 (6239) Краснодар-мохк + 64 (6785) Дагестан + 46 (8514) ГIебарта-Балкхаройчоь... Читать дальше...

ГIалмакхойчохь изоляцин хьал дIадахдина шина кIиранна

Radiomarsho.com 

Коронавирусах ларлуш, изоляцин хаьл латтор ду ГIалмакхойчохь кхин а шина кIиранах – кху беттан 26-гIа дийне кхаччалц. Иштта хаам баржийна NEWS.ru ресурсо, уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан информацина тIе а тевжаш. Мангал-баттахь республика пандемица доьзна тоьхначу дозанийн шолгIачу тIегIане елира. Схьайиллира базарш, урамашкара кегий туьканаш, болх бан юьйлаелира юкъара транспорт, хьешан хIусамаш, кхийолу цхьацца фирманаш. Махкарчу уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Товбецан-беттан... Читать дальше...

Римера Папа: Езачу Софиян ойла йо ас, боккха цатам хилла суна

Radiomarsho.com 

Туркойчоьнан Пачхьалкхан Кхеташоно музейн статус дIаяьккхина Айа-Софияна тIера Римера Папас Франциска, ша халахетарца тIеэцна, Туркойчоьнан кхело Стамбулера Езачу Софиян килс музейн статусера яьккхар а, цунах маьждиг дан магош сацам бар а, аьлла. Ватиканехь кIиранан хьехамаш ша беш, Франциска бохура: "Езачу Софиян ойла йо ас, боккха цатам хилла суна". Понтификан дешнаша гойту, мел дукха адамаша тидаме эцна Туркойчоьнан Iедало бина сацам, иза мел жоьпалле гIулч ю. Туркойчоьнан Пачхьалкхан... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Новак Джокович

Шикарный и практичный стиль Елены Джокович из базовых вещей






Особенности выбора автозапчастей по VIN

Арестованы пятеро подозреваемых в поджоге вертолета в Москве

Всмятку вместе с машиной. Пьяный мажор убил двоих на дороге в Подмосковье

Российские удобрения стали для Европы «новым газом»