Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2020

Новости за 27.07.2020

Нохчийчуьрчу бахархошна политикан тховкIело ца яларна Польша емал йина Европин адамийн бакъонашкахула кхело

Radiomarsho.com 

Беларусин дозанехула богIу Нохчийчуьра мухIажираш чу ца битарна Польшин дазанхойн политика емалйина Европин адамийн бакъонашкахула кхело. Польшин дозанхоша йохийна Европин конвенцин маcийтта артикл, 2017-чу шарахь политикан тховкIело йоьхурш юха-юха а Беларусе юхахьежорна, аьлла ду Европин адамийн бакъонашкалу йолчу кхело бинчу сацамехь. Кхело дIахьедар дина цу хьокъехь Польшина латкъам бина хиларх лаьцна нохчийн къомах волчу 13 Оьрсийчоьнан вахархочо, шайна юкъахь бераш а долуш. Цу наха дийцарехь... Читать дальше...

Цураев Iаьрби: Даймохк бицбина лела йиш яц

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра иллиалархо Цураев Iаьрби 14 шо ду Францерчу Ниццехь веха. Махкал арахьа вевза иза шен уггар гIардаьллачу "Нана" цIе йолчу иллица. Иза дIаолу цо масийтта маттахь. ТIаьхьарчу хенахь концерташ луш дIасалелар дукха нисло Цураевн Европерчу пачхьалкхашкахула.

4 стаг велла уьнах, 370 - цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 4 стаг, цомгуш хилла – 370, боху Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо. Цуьнан хаамца, Дагестанехь дарбан хIусамехь дIаваьлла кхо стаг, Краснодар-махкахь – цхьаъ. Юьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 968 вахархо. Таханена долу хьал (керла цомгушнаш а, юьхьанца дуьйна вирусо лецнарш а): Краснодар-мохк + 96 (7860) Ставропол-мохк + 92 (7770) Дагестан + 41 (9103) Адыгей + 36 (2604) ГIалгIайчоь... Читать дальше...

Краснодарехь 3 стаг лаьцна Хабаровскера протест къобалъечу гуламера

Radiomarsho.com 

Краснодарерчу Ленинан кIоштан кхело кхаа денна лаьцна Хабаровскерчу гуламхошкахьа шаьш хилар хоуьйтуш гIалахь хIоттийначу акцин кхо декъашхо. Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиига хаам бина адвоката Аванесян Алексейс. Цо бахарехь, «санкци йоцу акци хIотторна» аьлла довзийтина кхело бахьана. Товбеца-беттан 25-чу дийнахь (шот) Краснодарерчу мэрин цIенна хьалха гулвелира 100 гергга вахархо. Полицино гулам низамца богIуш бац шайга аьлча, гIалин цхьана урамехула охьабаха буьйлира нах, «Со, тхо Хабаровскера ду» лозунгаш а кхайкхош. Читать дальше...

"Хаамашна нуьцкъала Iуналла даран кеп". ХIунда къевлина Нохчийчоьнан дозанаш?

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан дозанаш къевлина латтош ду. Республикан Iедалхоша коронавирус яьржаш хиларна бахархойн могашалла Iалашъярца иза кхетадахь а, меттигерчу наха а, эксперташ а дуьйцу цуьнан коьрта Iалашо республике бозуш боцу журналисташ а, юкъараллин векалш а ца кхачийтар ю, бохуш. Цу кепара Iедалша  шайн имидж ларйон боучух тешна бу цу версин агIончаш. Кавказ.Реалиино хаьттира эксперташка, хIун чулацам болуш ду, Оьрсийчоьнан федералан дозанаш схьадостуш а долуш, Нохчийчоьнан дозанашкахь чу-ара волуш луьра билламаш латтош хилар. Читать дальше...

Венерчу Анзоран нанас а, йишас а иза бохаме кхачийнарг цуьнан зуда лору

Radiomarsho.com 

Австрехь вийначу мухIажиран Умаров Мамиханан (Анзоран) нанас а, йишас а динчу къамелан видео лела социалан машанашкахула а, мессенджерашкахула а. Зударша бакъ ца до, шайна цхьана ницкъаша тIеIаткъам бо, аьлла даьржийна къамелаш. Видео йолош вистхуьлу ша Умаровн шича ву боху стаг. Цо йовзуьйту шена уллера ши зуда – Венехь вийначун нана а, йиша а. Йишас дийцарехь, 2004-чу шарахь даймахкара дIавахана Мамихан, ша зуда ялийча, хадийна гергарчаьрца хилла зIе. Умаровга шен нанна гIо а ца дайтора зудчо, боху цо. Читать дальше...

Кадыров: Нохчийчохь хIора а ву Американ санкцешна кIелваха хьаьгна

Radiomarsho.com 

Ша а, шен кхо доьзалхо а юкъаязвинчу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептарахь хила лууш бу махкара массо а бахархой, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "Россия-1" телеканалан "Вести"программин эфирехь Товбеца-беттан 26-чу дийнахь. "Со мел гучара олу соьга: «Хьо а, хьан доьзал а [Американ Цхьаьанатоьхначу Штатийн санкцийн] тептарахь белахь, оццу тептарахь ду тхо а». Нохчий а, Кадыров а кхерийна, боху. Тхуна лууш доцург тхоьга, кхера а дина, цхьаммо а дойтур дац", - аьлла регионан куьйгалхочо, яздо ТАСС агенталло. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Рафаэль Надаль

Теннисист Надаль навестил в больнице 16-летнюю российскую теннисистку Корнееву






Почта выпустила марку к 70-летию присоединения России к ЮНЕСКО

Пьяный 19-летний водитель на Mercedes устроил смертельное ДТП под Москвой

Актерское агентство Киноактер. Актерское агентство в Москве.

Сборная РФ по боксу вернулась в Москву после чемпионата Европы