Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2020

Новости за 25.07.2020

Къилбаседа Кавказехь 9 стаг велла, 408 вахархо цомгуш хилла коронавирусах тIаьххьарчу дийнахь-буса

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь, тIаьххьарчу хаамашца, коронавирусан уьнах кхелхина исс дархо, вирус къаьстина 408 вахархочуьнца. Эпидем ца яржийта вовшахтоьхначу Оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла кхоъ, Краснодаран а, Ставрополан а кIошташкахь шишша велла, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а цхьацца кхелхина. Юьхьанца дуьйна COVID-19 уьнах дIаваьлла 955 стаг. Ставрополан кIоштахь бу къаьсттина дукха ун даьлла нах - 118 стаг: Ставропол махкахь + 118 (7 569 ву эпидеми яьржичхьана) Краснодаран... Читать дальше...

Америкехь юха а даьржаш го коронавирусан ун, Европа а ю сингаттамехь

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь коронавирусан инфекцин ун кхин тIе а чIагIдалар билгалдаьлла. Эпидемино хьал лагIделла ца гойту: Америкехь вирусаца ву 4,1 миллион вахархо. Кхечу мехкашкахьчул а лакхара гойту цигара терахь. Эзар сов стаг ву Цхьаьнатоьхначу Штататшкахь дийнахь-буса леш, верриг а кхелхинарг ву цигахь 145 эзар сов. Иштта хьал чолхе лаьтташ ду Флоридехь а, Техасехь а, Калифорнехь а, кхинйолчу Къилбаседанерчу а, Малхбузерчу а штаташкахь а цхьана. Коронавирусаца къийсам латточу... Читать дальше...

Интернетехь йозанаш динчу Соьлж-ГIаларчу яхархочунна набахтехь яккха хан тоьхна

Radiomarsho.com 

Къилбаседанерчу тIеман кхело набахтехь даккха ши шо хан кхайкхийна Нохчийчуьрчу яхархочунна Ящуркаева Меднина, цо Интернетехь терроризман кхайкхамаш беш йозанаш а, суьрташ а, видеош а яржийна аьлла. Талламчийн версица, 2018-чу шеран Дечкен-баттера схьа дуьйна 2019-чу шеран Чиллан-батте кхаччалц 29 шо долчу Ящуркаевас шен мобилан телефона тIера 1220 стаг юкъахь волчу цхьана каналан мессенджерехь тексташ а, суьрташ а, видеороликаш а зорбане яьхна. "Террорхой некъ бакъбеш, терроризмана пропаганда... Читать дальше...

Ниццин мэр кхеле велла бакъонашларъярхоша, цо нохчех лаьцна динчу къамелашна тIехула

Radiomarsho.com 

Ницца гIалин мэрана Эстрози Кристианна арз дина кхеле францхойн "Лига прав человека" органиацино, цо массарна а хезаш "динан къестамаш барца доцург кхолларна". И кхайкхам бина, байначу баттахь мэро Дижонехь хиллачунна тIехула Францехь беха нохчий наркобизнесца боьзна бу аларна, яздо France Info гIирсо. Эстрозис дIахьедора, нохчий кхечу къаьмнийн векалшца наркотикаш юхкучу бизнесан монополи къуьйсуш бу аьлла. Францехь бакъонашларъярхоша кхеле веллера Ниццан мэр, цо дина дIахьедар бахьана долуш.... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Рублёв: быстрая победа над Грикспором связана с тем, что хотел быстрее уйти с корта






Анастасия Ивлеева удалила из Instagram все фотографии и видеоролики

МЧС: в промзоне в Королеве локализовали пожар на 550 квадратных метрах

Подруга Тимура Иванова генеральша Мария Китаева. О ней не принято говорить вслух

Фигуристка Радионова и футболист Кучаев станут родителями