Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2020

Новости за 31.07.2020

Ростов-махкарчу набахтийн куьйгалхо Iийна Даххаев Муслим кхидIа а латтор ву лаьцна

Radiomarsho.com 

Ростов-махкарчу набахтешна тIехьожуш хилла Даххаев Муслим кхин а кхаа баттахь кхобур ву талламан изоляторехь, хаам бо Интерфаксо. Даххаев лецира стохка гурахь пачхьалкхан къайле Iораяккхарна (Бехктакхаман кодекс, 283) иштта бовзуьйту цунна дуьхьалбаьккхина бехк цуьнан адвоката. Набахтийн урхаллин (ФСИН) директоран гIовса Максименко Валерийс хьалхо хаийтира Даххаевна пачхьакхан къайле ястар бехкедеш хилар. Иза ша цхьаъ ву бехктакхаман гIуллакхехь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу ницкъийн инарла-майор... Читать дальше...

ГIурбан Де. Нохчийчоь

Radiomarsho.com 

ГIурбанна бежанан я уьстагIан сагIа декъар ламаст хилла лела тахана хIора нохчочунна. Самалхе, синкъераме де ду иза массарна а. СагIа «кхоччуш къобал хиндолу» миска доьзал, бонаш, де эшнарш лоху кху дезачу дийнан тойнах кхетийтархьама хIора а бусалбано. Нохчийчохь массо а нехан бу сагIех кхетийта къастийна мисканаш, беза-бевза пекъарш, дика нах.

ГIалгIайчуьрчу "Э" центран хьаькам Эльджаркиев вер толлуш лаьцна цуьнан махкахо-бизнесмен

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьра бизнесхо Полонкоев Хьасан бехкево Iедало стаг вен гIера кечъярна а, терроран тохарш ден тоба кхолларна а. Иза воцуш, кхин а 11 стаг ву стохка Дечкен-баттахь экстремизманна дуьхьалоечу урхаллин ГIалгIайчуьрчу декъан куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим вен гIортарна жоьпе ийзочу нехан декъахь, боху ТАСС агенталло. Эльджаркиев вийра стохка гурахь Москвахь. Ткъа оцу хенал итт бутт хьалха а гIоьртира иза вен. КIелоярна бехкебо талламчаша ГIалгIайчуьра БатIал-Хьаьжин вирдера мурдаш. Талламо бахарехь... Читать дальше...

Евробертан кхеташоно санкцеш кхайкхийна Оьрсийчуьрчу 4 стагана кибертIелатаршкахь дакъалацарна  

Radiomarsho.com 

Евробарто еарин дийнахь визийн а, финансийн а санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнан тIеман талламан сервисан структурина дуьненерчу тайп-тайпанчу меттигашкахь шуьйра кибертIелатарш дарехь дакъалацна хиларна. Цунах лаьцна хаам бо "Американ аз" портало. Исторехь дуьххьара киберзуламаш дарна Евробартан санкцеш хьакхаелла Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъийн Коьртачу Талламан урхаллан (ГРУ) лерринчу технологин Коьртачу центрах. Европан Барто бехке йо и леррина сервис 2017-чу шарахь Европерчу компанешна дуьхьал... Читать дальше...

Шен йиша ницкъаша доьза яйъина хилар Европан кхеле тIечIагIдайта гIерта ГIалгIайчоьнан яхархо

Radiomarsho.com 

Алиева Лизин, ГIалгIайчуьрчу яхархочун, арз Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле дIакхачийна адвокаташа. Шен йиша Марем ницкъаша доьза яйъина хилар тIечIагIдайта гIерта и зуда. Иштта хаам бина Кавказ.Реалиига  цунна юридикан гIо кхачош йолчу "Бакъонан инициатива" проектан векалша. ХIусамехь гIелоярх лаьцна Страсбургехь дуьххьара луьсту дов хир ду иза Оьрсийчоьнна. Алиева Лиза дуьххьара йолуш а яц Европан кхеле. Лурчах Iай цо Страсбурге хьажийра ша цIера ядорах а, ша ядийнарш Оьрсийчоьно таIзар ца деш битарх а лаьцна. Читать дальше...

Путин коррупционер ву аларна гIуда тоьхна кхело Краснодар-махкахь

Radiomarsho.com 

30 эзар сом гIуда тоьхна Краснодар-махкарчу Ейскерчу кIоштан кхело меттигерчу вахархочунна Макухин Николайна. Иза бехкевина Iедал сийсаздеш йолу информаци яржорна. Facebook машанерчу цхьана дискуссехь цо яздина хилла, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир коррупцин декъахь ву аьлла. Кхело шен сацам (Оьрсийчоьнан административан низам талхорах йолчу кодексан 20-1, 3 дакъа) хIоттийна деккъа дIа полицин белхахоша яздинчу протоколийн а, рапортийн а буха тIехь. Яц яйтина Макухинан йозанашна экспертиза. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Карен Хачанов

Хачанов обыграл Баутиста-Агуту в третьем круге «Мастерса» в Мадриде






Как экс-замминистра Тимур Иванов долгие годы скрывал свою роскошную жизнь

Впервые на площадках «Пасхального дара» в Москве можно получить ветконсультацию

Прокуратура Москвы: в лесу на территории Новой Москвы нашли человеческий скелет

"Такие - не видят в русских людей". Поплавская подсказала, как решить проблему "ценных специалистов"