Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2020

Новости за 29.07.2020

Росгвардин декъашхо верна, Бютукаев а, цуьнан накъостий а лоьху ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь йисинчу тIаьххьарчу тIемалойн тоба (амир Бютукаев Аслан) куьгбехке ю аьлла хета Росгвардина селхана шен белхахо Алиев Увайс ГIалгIайчохь верна. Iуьйранна дуьйна лоьху тIемалойн лар Соьлжан кIоштан хьаннашкахь, хаам бира Кавказ.Реалиига ГIалгIайчоьнан ницкъаллин урхаллехь. Талламна хетарехь, лаххара а 2-3 стаг ву лейтенант Алиев Увайс герзаш диттина вийнарг. Эпсар вуьйчу хенахь цуьнца машена чохь хиллачу зудчо дийцарехь, Нохчийчоьнан бахархойн маттах тера хилла тIелеттачара вовшашца ден къамел. Читать дальше...

"Левада-центран" таллам: Путинах теша 23 процент бахархой

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентах Путин Владимирах теша 23 процент "Левада-центро" тIаьххьара таллам беш хаттарш делла Оьрсийчоьнан бахархой, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Юьйцург ю "схьадаьстина хаттар" даларан олу методика. Цуьнца а догIуш, бахархошка дехар до шаьш тешачу политикийн а, юкъараллин жигархойн а цIераш яхахьара олий. Цхьа шо хьалха – 2019-чу шеран аьхка – Путинах теша шаьш элира 40 процента талламехь дакъалаьцначу наха, ткъа 2017-чу шарахь и терахь дара 59 процент гергга. Цуьнца цхьаьна... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказера COVID-хьал: 11 велла, 417 цомгуш хилла тIаьххьарчу дийнахь

Radiomarsho.com 

ДIадахначу дийнахь Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла 11 дархо, цомгуш хилла кхин а 417.  Оьрсийчоьнан Оперативан штабан терахьашца, уьнах Ставропол-махкахь кхелхина 3 стаг, Дагестанехь, Краснодар-махкахь, ГIебарта-Балкхаройчохь - шишша, Къарачой-Чергазийчохь а, Нохчийчохь а – цхьацца. Официалан статистикаца, верриг а уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь 986 стаг. ТIаьххьарчу дийнахь а, еррриг а хенахь а цомгуш хилларш: Ставропол-мохк + 119 (7999 за все время эпидемии)... Читать дальше...

Шемахь тIом барна долчу бахьаница бехктакхаме озийна Устрада-ГIалара вахархо

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Устрада-ГIалара схьаваьллачу вахархочунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх схьадиллина иза  «Исламан пачхьалкх» олучу тIеман гIеран декъахь хиларх шеко йолуш. "36 шо долу Устрада-ГIалара Абкаров А. Шемарчу низамехь йоцчу тIеман тобанехь хилар билгалдаьлла Iедалан ницкъашна", - хаам бина "Кавказский узел" ресурсе Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхаллин белхахочо. Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хаамашца, Шемахь тIемаш буьйлабелчхьана схьа цигахь дакъалаца дIавахана 800 гергга махкара вахархо... Читать дальше...

Ен а йийна, йицъяр: Къилбаседа Кавказехь пандемино доьзалехь ницкъбар алсамдаккхарх  

Radiomarsho.com 

Коронавирусан пандеми яьржичхьана доьзалехь ницкъбина бохуш, латкъамаш бар шозза совдаьлла Къилбаседа Кавказехь, яздо Кавказ.Реалиино. Зударшна шантаж еш, хьийзош, етташ, уьш сийсазбеш лаьттачу регионехь, пандемино куьйгаш даьстина кхин тIе а Iазап латточу зуламхошна. Масех баттана цаьрца чохь биссина зударий. Дукхахдолу аьрзнаш кхаьчна ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а, Дагестанера а аьлла, яздо зударийн бакъонаш Iалашъечу ворхI организацино юкъахь хIоттийначу рапортехь. Монстран куьйгакIел "Даим а санна... Читать дальше...

Экс-сенаторна Арашуков Рауфна 1,5 миллиард сом охьадиллар тIедожийна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан декъашхо лаьттинчу Арашуков Рауфна 1,5 миллиард сом охьадилла тIедожийна Iедало, хаам бина "РИА Новости" агенталло. Шегара дIабаккха кхачийна бахам гулбина Арашуковс 2007-2017-чу шерашкахь. Конфискаци йийр ю цуьнан доларчу 73 гIишлонна, шайн декъахь пхи петар а, исс цIа а, кхузза тIекъелдина "Адиюх-Пэлас" хьешан цIа а, ресторан а, 7 лаьттан дакъа а, 14 машен а, кхийолу еза хIуманаш а йолуш, билгалдоккху "Ленте.ру" портало. Кхушеран Дечкен-баттахь, Федерацин Кхеташонан гуламехь веана а волуш... Читать дальше...

ФСБ: Къилбаседа ХIирийчуьра 30 вахархо ву ДАIИШехьа тIемаш беш

Radiomarsho.com 

«Исламан пачхьалкх» шех олучу экстремистийн тобан дакъошкахь тIемаш беш ву 30-тех Къилбаседа ХIирийчуьра вахархо, дIахьедина республикерчу ФСБ-н урхаллин пресс-векалто. Зуламна бехкебечу оцу нахах цхьана декъах лаьцна информаци ю Талламан комитетан махкарчу урхаллехь. Оцу хьукмато бахарехь, ДАIИШе баханарш доккхачу декъанна бу ярташкара кегийрхой. "Криминалан чолхечу хьолах лаьцна" дIахьедина Оьрсийчоьнан Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовсе Медведев Дмитрийга Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Битаров Вячеслава а. Читать дальше...

Украинерчу муфтийс Дудаевн цIе тилла еза боху Киеверчу урамна

Radiomarsho.com 

Украинерчу бусалбанийн "Умма" урхаллин муфтийс Исмагилов СаIида Киеверчу Искровская ураман цIе хийцар, цунна керла цIе ялар доьху гIалин куьйгалле. Цо бахарехь, урамна тилла еза Дудаев ЖовхIаран цIе. "Юкъарчу гIуллакхийн балакхочучу Киеван бахархоша болийра Искровская ураман цIе Дудаевн ЖовхIаран цIарца хуьйцуьйту болам. Украинерчу масех гIалахь а бу Нохчийчоьнан хьалхарчу президентан цIарх урамаш", – элира муфтийс Кавказ.Реалиига. Исмагиловс кехат хьажийна Киеван кхеташоне (парламенте) ураман цIе хийцар доьхуш. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Елена Рыбакина выступила с критикой в адрес WTA






МакSим — о Трусовой: какой характер у этой девочки!

В Москве задержали подозреваемого в покушении на убийство бывшей жены

Томенко и Романенко поздравили огнеборцев с профессиональным праздником

WSJ: планировщики считают маловероятным «прямое вторжение» России в НАТО