Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2020

Новости за 22.07.2020

Кадыровгахьа флешмоб, Американ департамент "террорхойн организаци"

Radiomarsho.com 

Америкас керла санкцеш тоьхначу Кадыров Рамзанна социалан машанашкахь тIехIитта декхаре бина махкарчу школашкара хьехархой; Нохчийн муфтиято Американ пачхьалкхан департамент "террорхойн организаци ю" аьлла

Умаров Мамиханан гергарчара шайна тIелаьцна иза вер

Radiomarsho.com 

Австрехь вехаш хилла Умаров Мамихан (Венера Анзор) аьлча, дика вевзаш хилла нохчийн политикан эмигрант верна бехке шаьш ду аьлла, дIахьедина Мескер-Юьртарчу цуьнан гергара ду шаьш аьллачу наха. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна критика еш леллачун гергарчара зуламна бехке ду шаьш аьлла, видео кхайкхам дIаязбина. Социалан машанашкахь а, мессенджерашкахь а яржийна видео. "Тхан цIийнах долу цхьа жIаьла дара Европе дIадахана, Умаров Анзор бохуш. Цуьнца йист яккхалц йоьхь яцара тхан гучудовла. Цуьнца зIе а тесна, иза сацон гIоьртира тхо. Читать дальше...

Турпалхой я цӀиймуьйлургаш? Кавказерчу къаьмнашца тIемашбинчарна хIиттийна хIолламаш

Radiomarsho.com 

Адлерехь меттигерчу Iедалша, чергизойн жигархоша доьхург кхочуш а дина, дIабаьккхина Кавказан тIамехь дакъалаьцначу оьрсийн салташна хIоттийна хIоллам. Масех де даьлча "Российское военно-исторического общество" олучу кхеташонан куьйгалхочуьнан когаметто Таран Константина дIахьедардира, хIоллам юхаметтахIоттор болуш бу аьлла, Кавказан юкъараллийн жигархой эргӀад а бохуьйтуш. "Девне" эсаллаш а, хIолламаш а дукха гучубевлла Къилбаседа Кавказехь тIаьхьарчу шерашкахь. Церан доккхахдолу дакъа доьзна ду Кавказан тIеман хиламашца. Читать дальше...

Эльджаркиевна кIелоярца доьзна Талламан комитето терроризмах гIуллакх додийна

Radiomarsho.com 

Стохка Дечкен-баттахь ГIалгIайчоьнан экстремизмана дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ)куьйгалхчунна Эльджаркиев ИбрахIимна кIело ярца доьзна терроризмах зуламан гIуллакх долийна Талламан комитето. "Оьрсийчоьнан Таламан комитето динчу зуламан хьокъехь бехкаш кхийдош ду Зуламан Кодексан 205-чу артиклехь ("Терроран акт") аьлла. Цхьаммо а хьалха дехкинчу а, хIинца керла дохкучу бехкашна а мукIарло деш дац, талламчашца юкъарло лелош дац", - яздо ТАСС агенталло шайн хьосташна тIетевжина. Оцу юкъанна, агенталлан хьостано ца хаийтина... Читать дальше...

Дийнахь а, буса а коронавирусах 8 стаг велла, 368 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса динчу зерашца, бархI пациент  велла коронавирусан уьнах, цомгашчарна тIекхетта кхин а 368 стаг. Эпидеми дIаса ца яржийта вовшахтоьхначу Оперативан штабо хаамбарца, Ставрополан кIоштахь велла кхо стаг, Дагестанехь шиъ, Краснодаран махкахь а, Адыгейхь а, ГIалгIайчохь а цхьацца кхелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла пандеми яьржичхьана COVID-19 вирусах 930 дархо. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Ставрополан кIоштахь - 96 стаг: Ставрополан... Читать дальше...

Нохчийчоьнан муфтиято Американ пачхьалкхан департамент "террорхойн организаци" ю аьлла

Radiomarsho.com 

Кадыров Рамзанан а, цуьнан доьзалхой а Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцийн тептаре баьхначул тIаьхьа Нохчийчуьрчу Динан урхалло Пачхьалкхан департамент бехкейина "террорхойн организацешна тIехIоттарна". Цу кепара дIахьедар зорбане даьккхина цара, муфтиятан инстаграмерчу официалан аккаунтехь. "Динан урхаллан векалша билгалдоккху, шайна билггал хууш хиларх, оцу массо а харц демократаша нохчийн лаьтта тIехь зуламаш лелийна террорхой бакъбар", - аьлла ду муфтиятан кхайкхамехь яздина. Урхаллехь болчарна хетарехь... Читать дальше...

Нохчийчуьра хьехархой декхарийлахь бина Кадыровгахьа йолийначу флешмобехь дакъалаца

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн керлачу санкцешна бухахь нисвеллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна тIехIуьттуш социалан машанашкахь комментареш язъян декхарийлахь бина махкарчу школашкара хьехархой. "Кавказский узел" хьостано бина цунах лаьцна хаам, шайн хьосташна тIетевжина. Ткъа Кавказ.Реалиино яздо, Нохчийчохь пачхьалкхан хьукматашкахь белхаш бечу нахе Кадыровн поста бухахь комментареш йита аьлла, бинарг кхайкхам бара, тIедожийна дацара бохуш. Кадыров а, цуьнан хIусамнана а... Читать дальше...

Кадыровн цIарах мидалш еш 10 миллион сом дойур ду Нохчийчоьнан Iедало

Radiomarsho.com 

Кадыров Ахьмадан цIарах мидалш а, орденаш а йойтуш 10 миллион сом гергга ахча дайъа лерина бу Нохчийчоьнан Iедалхой. Оццул ахча хьажийна республикан министрийн кабинето 30 совгIатан комплект эцийта. Iедалан цIарах оьшург эца мах кхайкхочу порталехь карийна цу тайпа тендер "МБХ медиа" интернет-гIирсоана,яздо "Эхо Москвы" радиостанцис. Документаш тIехь билгалдаккхарца, орденаш а, мидалш а уггар а цIеначу дешех йина хила езаш ю, изумрудашца а, алмазашца а, рубинашца а кечйина. Дагадоуьйту, стохка Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарх 20 орден а... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Соболенко вышла в ⅛ финала турнира WTA в Мадриде






Тренер «Родины» заявил о давлении на команду в связи с возможным выходом в РПЛ

«Мир квартир»: стоимость однокомнатных квартир-студий пошла на спад в России

Акция в поддержу бездомных животных состоится в Химках 1 мая

Игнатьев покинул «Железничар»