Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2020

Новости за 16.07.2020

ТIеман кхийсарш лаьтта Эрмалойчоьнан а, Азербайджанан а дозанехь

Radiomarsho.com 

Массех дийнахь лаьттина тийналла йохийна герзаша Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а дозанехь. АгIонаша вовшашна тIетоьтту тIеман хьал хIоттор, ярташна тIе яккхий тоьпаш етта йолор. Эрмалойчоьнан тIеман министралло динчу дIахьедарехь боху, Iуьйранна 4 сахьт долуш дуьхьаллаьттачу агIонан диверсанташ бара шайн агIор тIебогIуш, шаьш уьш герзашца совцийра. "Луьра тIом духьалбаьккхича, мостагI юхавелира, алссам дараш а хилла", боху эрмалойн реляцино. Цо бахарехь, Айгепар а, Мовсес а ярташна тIе яккхий тоьпаш йиттина пачхьалкхан дозанал дехьара. Читать дальше...

ГIалгIайчохь Iайшина йиттинарш – кхелехь, Германехь йиттина кIант – лоьрийн тергонехь

Radiomarsho.com 

ГIадужу-беттан 9-чохь даздеш хир ду Кавказ фашистех мукъаяьккхина де; Ажигова Iайшина йиттинчу дейишин кхел ю йоьдуш ГIалгIайчохь; Германерчу Нойруппин гIалахь иссаммо йиттина, дарбан цIийне кхачийна нохчийн кIант

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса 6 стаг велла коронавирусах, 404 цомгуш хилла

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 6 стаг велла, 404 цомгуш хилла. Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, кхо вахархо велла Краснодар-махкахь, шиъ – Адыгейхь, цхьаъ – Ставропол-махкахь. Юьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгарх велла 893 стаг. Дийнахь-буса а, юьхьанца дуьйна а коронавирусах цомгуш хилла: Ставропол-мохк +102 (6496 за все время эпидемии) Краснодар-мохк + 67 (6979) ГIалмакхойчоь + 55 (2275) Дагестан + 45 (8647) ГIебарта-Балкхаройчоь... Читать дальше...

Дозанехь билгало хIоттор: муха сацам хир бу Дагестанан а, Нохчийчоьнан а

Radiomarsho.com 

Шина республикана юкъара дозанаш къастор кху баттахь дуьйна юха карладаккхар хьехна Дагестанан куьйгалхочунна Васильев Владимирна Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Стохка а гIоьртира изза процесс йоло, яздо Кавказ.Реалиис. ХIетахь доза къастош хIиттийна билгалонаш бахьана долуш, цхьа мIаьрго ца яьллехь конфликте доьрзуш дара гIуллакх. Формалехь аьлча, кехаташ тIехь доза билгалдаьккхина дуккха а хан елахь а, амма хууш дац хIинца а, оцу историн чакхе муха хир ю. ШариIат а, топографи а   Даудовс аьлла... Читать дальше...

Ажигова Iайшина тIехь Iазап латтийначарна кхел ян йолийна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

7 шо долчу Ажигова Iайшина, лоьраш цуьнан куьг ца даьккхича ца бовлучу кхаччалц, гергарчу наха тIехь Iазап латторах долу дов листа долийна ГIалгIайчуьрчу Соьлжан кIоштан кхело. Оцу хьокъехь хаам бина Кавказ.Реалиига йоьIан ненан Евлоевой Лидин агIор бехктакхаман гIуллакхехь дакъалоцучу “Правовая инициатива” юкъаралло. Жоьпе изийнарш бу Iайшин дейиша а, цуьнан майра Марзиев Iиса а. Дейиша Ганиева а, иза яханарг а бехкебо беран могашаллина зен дарна. Ганиева лаьцна кхобуш ю, ткъа Марзиевна дихкина дов дерззалц цIера дIасавала. Читать дальше...

Хьиджамех пайда стенна ца хуьлу. Iилманах доцчу "дарбано" дарйо коронавирус

Radiomarsho.com 

Социалан машанашкахь шуьйра дуьйцура, дегIах цIий доккхучу хьиджамо эшайо коронавирус, бохуш. Видеон авторша дийцарехь, дарба дало цаьрга пехийн лазарна а. Амма и "дарба" вуно кхераме ду – вала а тарло стаг.

Германехь исс стаг летта нохчийн кIантах

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра схьаваьллачу 16 шо долчу кIантанна меттигера кегийрхой тIелатар толлуш ю Германерчу Нойруппин гIалара полици. Шинарийн сарахь дина и зулам. Массех жимачу стага йиттина, къоладина нохчийн кIантанна. Германехь ненаца а, вешица а ву иза – доьзал хьоьжу пачхьалкхо шена официалехь тховкIело яларе. Тешаша дийцарехь, исс жима стаг хилла тIелеттарг. Царах цхьаъ – цуьнан 18 шо ду – хIеттехь лаьцна полицино, наркотик яьккхина цуьнгара. Талор динчу меттехь Iуьллуш схьакарийна нохчийн кIентан телефон а, 50 евро ахча а. Читать дальше...

Бишкекехь елла 21 шо долу студент-медик. COVID-19 уьнах болчу нахана дарба деш хилла иза балха тIехь кхелхина

Radiomarsho.com 

ГIиргIазойчуьрчу дарбан хIусамехь коронавирусан ун даьллачу нахана дарбаден 21 шо долу, Бишкекерчу Медицинан Академин дешархо Мурзабекова Адийнайх лаьцна яздо Настоящее Время проекто. ТIаьххьарчу кIиранчохь ГIиргIазойчохь COVID-19 уьнах цомгш хуьлу хIора дийнахь мел лахара а бIе стаг, ткъа балха тIехь беллачу лоьрийн а, санитарийн а, лор-йижарийн а тептар хIора дийнахь десташ ду. Кху беттан 14-чохь Бишкекехь коронавирусах елла Медицинан Академин студент хилла Мурзабекова Адинай: карарчу шеран... Читать дальше...

Халкъан иэсан терахь дина Кавказ фашистех мукъаяккхинчу дийнах

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь дийцаре а дина, низаме дерзийна ГIадужу-беттан 9-чу дийнах "Кавказ Германин фашистех мукъаяьккхина иэсан де" алар. "Оцу сацамо ца хуьйцу хьал. Кавказ мукъайоккхуш эгнарш, шаьш ма-Iахккара, Iохкуш бу хотешкахь. Уьш схьа а карош, дIабохкар цхьаммо а ца доккху вайна тIера. Проблема кIаргйо архивашкара информаци хIинца а схьайиллина яцаро а", - элира Кавказ.Реалиига Къилбаседа ХIирийчуьрчу тIеман историка-талламчас Акоефф Алинас. Кавказ фашистех мукъайоккху болам болийра 1942 шеран Товбеца-беттан 9-чу дийнахь... Читать дальше...

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцийн тептара язвина Пригожин а, Оьрсийчуьра кхин а ши стаг а, пхи компани а

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцийн тептара язвина нахалахь "Путинна кхача кечбийриг" шех олуш волу Пригожин Евгений а, Оьрсийчуьра кхин ши стаг а, пхи компани а. Иштта хаам баржийна Американ финансийн министралло. Бахьанех цхьаъ иштта довзийтина: Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн харжамашна юкъагIертар. Цул совнаха, Пригожин бехкево цо Суданера хьал дохош долу зуламаш лелорна а. Санцеш кхайкхийначу пхеа фирманашлахь ю Петербургера "М Инвест" а, Суданера, Китайра, Гонконгера компанеш а. Американ Пачхьалкхан департаментан информацица... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

«Рублев отдохнул психологически и в Мадриде показывает качественный теннис» — Тарпищев






Мизулина попросит СК проверить рэпершу Hofmannita из-за поцелуев с девушками

Для поклонников Высоцкого: в Крыму покажут концерт-спектакль «Гамлет ХХ века»

Преследовал и угрожал: появились подробности нападения на женщину в ТЦ в Москве

В этот день, 30 апреля 1945 года советские солдаты водрузили Знамя Победы над Рейхстагом.