Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2020

Новости за 23.07.2020

Кадыровх Оьрсийчоьнан эскаран инарла-майор вина Путина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Оьрсийчоьнан эскаран инарла-майор вина, кху деношкахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн керлачу санкцешна буха нисвеллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Номер 478 йолу омрана куьйгъяздина президенто. Путина динчу совгIатах телефонехула хиллачу къамелехь хиира шена аьлла, хааме даьккхина Кадыровс. Хууш ма хиллара, Кадыров иштта ву полицин инарла-майор. "Президенто ша документ дIа а дешна, декъалвира со. Беза мах хадор ду иза", - яздина Кадыровс шен "ВКонтактерчу" пена тIехь... Читать дальше...

Къилбаседа ХIирийчуьрчу ковид-центрашкахь 6 баттахь 601 стаг велла

Radiomarsho.com 

Коронавирусан уьнах болчу нахана дарбадан Iалашонца йиллинчу Къилбаседа ХIирийчуьрчу дарбан хIусамашкахь эха шерачохь кхелхина 601 пациент. Карарчу шеран хьалхарчу кварталехь пехашка хи хIоьттина кхелхира 24 стаг, кхин а 577 стаг велира Охан-баттера Мангал-батте кхаччалц. 66 стеган билггал коронавирус хилар тIечIагIдинера тесташа. Пневмони лазар чIагIдаларца кхелхира дукхахберш. Цу тайпа зераш далийна республикан могашаллин министралло. Доккхачу декъанна, пневмони къаьстира 8 465 стагаца. Царех ах нах дарбан хIусамашка охьабехкира. Читать дальше...

УмаровгIеран дIахьедар зер, Ставрополехь тутмакх вер

Radiomarsho.com 

Венера Анзор верах цуьнан гергарчара видео тIехь дина мукIарло гIуллакх толлучу заманчохь тидаме оьцур ду шаьш, аьлла Австрерчу талламчаша; Ставрополерчу Кочубеевн кIоштарчу колонехь 31 шо долу тутмакх вийна; тIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 6 стаг велла, 378 цомгуш хилла

Венера Анзор вийна аьлла, шеконашца лаьцнарг чохь вуьтур ву

Radiomarsho.com 

Умаров Мамихан (Венера Анзор) верца доьзна лаьцна цхьаъ чохь сацош ву Марсхьокху-беттан 20-чу дийне кхаччалц. Оццу бехкана каравеана шолгIаниг хIинцале а хан токхуш ву ша динчу кхечу зуламна тIехула. "Хетарехь, герз ца тухуш, уллохь лаьтташ хиллачу цхьаннан хан Марсхьокху-беттан 20-чу диаччалц яхйина. Ткъа шолгIаниг, Умаров вийна аьлла, шеконаш кхоллаелларг тIедогIучу шаре кхаччалц лаьцна вуьтур ву цхьа кхечу зуламна тIехула", -яздо "Новости" агенталло, Корнойбурган прокуратуран векална тIе а тевжаш. Читать дальше...

Дуьненчохь COVID-19 вирус кхеттачу нехан терахь 15 миллионал а совдаьлла

Radiomarsho.com 

Дуьненчохь коронавирусах ун даьллачийн терахь 15 миллионал а совдаьлла. Эпидеми юкъаяьлчхьана 620 эзар пациент велла. COVID-19 вирус кхетта нах дукха хиларца хьалхарчу меттигехь ю Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ. Виъ миллионал а сов ву цигхь ун даьлла стаг. Кхелхина 145 эзар стаг. ШолгIачу меттигехь Бразили ю, кхоалгIа позици дIалаьцна ХIиндойчоьно. 4-чу меттигехь ю Оьрсийчоь коронавирус хьакхаелла нах алсамхиларца. Официалан зерашца, 800 эзаре гергга ду цигахь вирус кхеттачу нехан терахь. Пандемин муьрехь 6 эзар гергга велира цигахь. Читать дальше...

Москвахь кхечу къаьмнийн божаржца гергарло лелорна шайн мехкарий емалбо гIиргIазоша. Хьоло орцахъяккхина ГIиргIазойчоьнан милици

Radiomarsho.com 

Социалан машанашкахь видео яьржина Москвахь бехачу гIиргIазоша кхечу къаьмнашца уьйрехь болчу шайн къоман зударшна таIзар кхайкхош. ГIиргIазойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Оьрсийчуьрчу векалтан белхахой карарчу муьрехь лаха арабевлла  зуламе некъ кхайкхийна шайн махкахой. Бакъду, хьалха а лехна цара иштанаш, амма каронза бисина. Видео чохь вевзаш воцу ткъеха жимха ву Оьрсийчуьрчу болх бан баьхкинчу мигранташка къамел деш. «Вайн божаршка лан ца ло вайн къоман мехкарий Москвахь ирча лелаш, уьш кхечу къоман нахаца бевлла лелаш. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса 6 стаг велла коронавирусах, 378 цомгуш хилла

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 6 стаг велла, 378 цомгуш хилла. Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, кхо вахархо велла Ставропол-махкахь, цхьацца кхелхина Дагестанехь а, Адыгейхь а, Краснодаран кIоштахь а. Юьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгарх велла 936 стаг. Дийнахь-буса а коронавирусах цомгуш хилла дукха нах къаьстина Ставрополан кIоштахь- 125 стаг: Ставрополан кIоштахь + 125 (7 320 ву эпидеми яьржичхьана) Краснодар-махкахь... Читать дальше...

Ставрополерчу набахтехь тутмакх вийна

Radiomarsho.com 

Ставрополан кIоштан Кочубеевн кIоштарчу номер 1 йолчу колонехь 31 шо долу тутмакх вийна. Цуьнан цIе йоккхуш яц. Стаг верна хан токхуш вара иза. "Стаг вийна таIзар токхуш хиллачу набахтерачу шина тутмакхан дов даьллера. Оцу конфликтехь цхьаммо шозза эчиган ирбина чIу тоьхна хилла шеца къуьйсучунна. Оцу меттигехь велла иза", - аьлла, хаам бина Кавказ.Реалиига Ставрополан кIоштарчу Талламан комитетан урхаллехь. Стаг верна бехкевечу 39 шо долчу тутмакхана дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна. Талламан комитетехь дIахьедарца... Читать дальше...

Шен дех лаьцна дуьххьара дешнаш яздина Нурмагомедов Хьабиба

Radiomarsho.com 

Тренер, шен да Нурмагомедов Iабдулманапан кхалхарх дуьххьара комментари йитина цуьнан кIанта, UFC-н чемпионо Нурмагомедов Хьабиба. "Сан дада, хьо воцуш ваха хала хир ду суна. Суна да вара хьо, доттагI вара, ваша вара, тренер вара. Массо а суна хуург ахь Iамийна дара. Хьо сайна реза вара аьлла, дегайовхо-м ю сан", - яздина инстаграмехь спортхочо. Карладоккху, спортхо, масех дуьненан чемпион-латархо кхиийна волу Дагестанера Нурмагомедов Iабдулманап дIавелира Москвахь дарбан хIусамехь Мангал-беттан 3-чохь. Читать дальше...

Венехь вийначу Анзоран гергарчеран дIахьедар тергоне эцна Австрин полицино

Radiomarsho.com 

Нохчийн политикан эмигрант Умаров Мамихан верах цуьнан гергарчара видео тIехь дина мукIарло гIуллакх толлучу заманчохь тидаме оьцур ду шаьш, аьлла Австрерчу талламчаша. "Фейсбукехь Iораяьккхинчу видеох талламчашна хууш ду. Немцойн матте гочйина иза. ГIуллакх луьстучу заманчохь цуьнах а пайдаоьцур бу", - аьлла Лахарчу Австрин полицин урхаллан векало Баумшлагер Йоханна аьлла хаам бо ТАСС агенталло. Кхаарин дийнахь Венехь вийначу Умаров Мамиханан, Венера Анзор аьлча шуьйра вевзаш хиллачу политикан эмигрантан гергарчара иза вер шайна тIелецира. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Новак Джокович

Шикарный и практичный стиль Елены Джокович из базовых вещей






Московское «Динамо» объявило об уходе капитана Миронова

Спикер нижегородской Гордумы Олег Лавричев заключен под стражу

Уроженцы Средней Азии напали на русских футболистов в Москве: Полиция приступила к работе

Прокуратура взяла на контроль установление причин пожара в Подмосковье