Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2020

Новости за 02.07.2020

Коронавирус кхеттачу нахах 15 стаг халачу хьолехь ву ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу дарбан х1усамашка бехкинчу коронавирусо лецначу бахархойх 15 стаг реанимацехь, вон хьолехь ву, хаам бо цигарчу уьнна дуьхьалоечу оперативан штабо. Дархойх цхьаъ шегга садаIалуш вац, хIуо латтош йолу аппарат х1оттийна цунна. "169 стаг ву дарбан хIусамашкахь, царех 69-ннан тесто бакъдина уьш ун кхетта хилар, 15 ву халачу хьолехь, реанимацехь", - яздо РИА Новости агенталло. Товбецан-беттан 2-чу дийнан информацица, 3088 стагехь карийна коронавирус ГIалгIайчохь. Дийнахь-буса велла цхьа пациент... Читать дальше...

Юккъерчу Азехь коронавирус марсаяьлла: Iедало юха а дозанаш детта

Radiomarsho.com 

Индустри юха болхбан а йолаелла, карантин малйина а масех кIира даьллачул тIаьхьа юха а Юккъерчу Азехь цIеххьашха  ун даьржина бахархошлахь. Коронавирус марсаяларна Iедалхой декхаре хилла юха а дозанаш детта. Бакъду, коронавирусан кхерам латтар массо а Iедалхоша тIе ца лоцу, яздо "Азаттык" Радионо. Юккъерчу Азин пачхьалкхийн экамечу экономикана зен а деш, ехха лаьттинчу карантинера бевлла масех кIира даьллачул тIаьхьа, юха коронавирусан инфекци марсаяьлла. Цо декхаре бина урхалхой юха а изоляцин дозанаш юкъадало. Читать дальше...

Даймахкахь сатийсинчуьнга кхаьчна Францехь

Radiomarsho.com 

Советан заманахь цIен диплом а оьцуш, кхиамца чекхъяьккхина бедарш тегаран доьшийла Ниццехь ехачу Дениева Маликас. ХIетахь дуьйна боккха лаам бара цуьнан, зударийн кучамаша тоьгуш, шен долахь ателье схьаелла. Амма, и аьтто белира цуьнан Францерчу Ницца гIалахь. Шен накъостйи юкъа а озийна, ша схьайиллинчу ательехь болх беш схьайогIу Малика тахана. Францхойн зударшна чIогIа хазахета боху цо, нохчийн кучамаш. Кест-кеста уьш шений-шений тегахьара бохуш, Маликин ателье оьху уьш.

Коьрта харжамийн комисси: Къилбаседа Кавказо ша Конституцин хайцамашкахьа хилар гайтина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Къилба декъо а, Къилбаседа Кавказан регионаша а шаьш Оьрсийчоьнан Конституцин хийцамашна къаьсттина резахилар гайтина, Коьртачу харжамийн комиссоно довзуьйтучу терахьашца а догIуш. Масссанхьа а санна, жамIашка бехкина кхаьжнаш. Дуьззина листина довлаза ду протоколаш ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а. Ставропол-мохк: хийцамашна резахилла - 84,85 %, дуьхьал - 13,88 % (дакъалаьцна харжамхой - 81,26%); Кхарачой-Чергазийчоь: резахилла – 84,8%, дуьхьал - 15,01% (дакъалаьцна харжамхой - 84,22%); Дагестан... Читать дальше...

Кавказехь Путинан хан "юхайолорах "

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Конституцех хийцамаш беш хьалххе кхаьжнаш тасар хилира байначу беттан 25-чу дийнера 30-чу дийне кхаччалц. Коьртачу харжамийн комиссин зерашца, оцу ялх дийнахь 50 миллион гергга наха кхаж тесира. 45,7 процент адам арадаьллера цу деношкахь. Кхаьжнийн тIаьххьарчу дийнахь, Товбеца-беттан 1-чохь, "Кавказ.Реалиин" корреспонденташ хилира Дагестанерчу а, Нохчийчуьрчу а, ГIалгIайчуьрчу а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Ставрополехь а, Кубанехь а харжамийн каппашкахь. Амма цигахь цхьа а ажиотаж ца хааелира царна. Читать дальше...

Лоьман кIорни гIелонехь кхабарна дов айдина Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу Избербашехь бехктакхаман дов айдина дийнатна гIелоярца доьзна. Йина чевнаш а йолуш, 8 бутт кхаьчна лоьман кIорни карийра цигахь хьалхо. Кхаарин дийнахь мехкан прокуратуро бинчу хаамца, дов гIаттийна таллам бинчул тIаьхьа, наха Симба цIе тиллина лоьман кIорни лазор теллича. Билгалдаьлла, 2020-чу шеран Чиллан-баттахь я Зазадоккху-баттахь Симба лазийна хилар. Арахь карийна иза Зазадоккху-беттан 24-чу дийнахь, дарбадан долаэцна ветеринараша а, дийнатийн терго ечу говзанчаша а, кхачийна Челябинске, акхарошна реабилитаци ечу центре. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса уьнах велла 9 дархо, цамгуш хилла кхин а 630 стаг

Radiomarsho.com 

9 стаг велла коронавирусах, 630 цомгуш хилла дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь. Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, 3 стаг велла Дагестанехь, 2 – Кхарачой-Чергазийчохь, цхьацца – Краснодар-махкахь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Ставропол-махкахь, ГIалгIайчохь. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 794 стаг. Дийнахь-буса уггаре дукха коронаврисах цомгуш хилларш бу ГIалмакхойчохь – 194 стаг. ТIаьххьарчу дийнахь тIекхиина а, юьхьанца дуьйна цомгуш хиллачийн терахьаш иштта ду... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказерчу мехкашлахь уггаре кIезиг харжамхоша кхаьжнаш тесна регион ю ГIалгIайчоь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Конституцин хийцамийн хьокъехь кхаьжнаш тосуш Къилбаседа Кавказехь дакъалаьцна ах сов харжамхоша. Иштта бу Оьрсийчоьнан харжамийн коьртачу комиссин хаам. Товбецан-беттан 1-чу дийнан делкъехь лаккхара гайтамаш бара кхьажнаш тасарца Нохчийчохь (массанхьачул а лакхара ду Оьрсийчохь цигара терахьаш), Къилбаседа Кавказехь уггаре лахара ду дакъалацархойн терахь ГIалгIайчохь. Нохчийчоь - 85,89%; Кхарачой-Чергазийчоь – 75,54%; Къилбаседа ХIирийчоь – 74,65% ; Дагестан – 74,09%; ГIебарта-Балкхаройчоь ... Читать дальше...

Нохчийчохь кхаьжнаш тесначу харжамхойх 98% къобалбина Конституцин хийцамаш

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь харжамийн каппашка кхаьжнаш таса бахначу харжамхойх 97,92% къобалбина Конституцин хийцамаш, хаам баржийна официалехь. "Оьрсийчоьнан Конституцин хийцамашкахьа кхаьжнаш тесна харжамашка бахначу нахах 97,92%, ткъа дакъалаьцнарг ву 712 909 стаг, дуьхьал кхаьжнаш бу 1,94% (14 132 харжамхо)", - яздо РИА Новости агенталло, махкарчу хажамийн комиссин терахьашна тIе а тевжаш. Пачхьалкхарчу харжамийн коьртачу комиссин информаци йовзуьйту "Интерфаксо": ерриг а Оьрсийчохь листина 98,01 % протоколаш... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Соболенко вышла в ⅛ финала турнира WTA в Мадриде






Житель Узбекистана осужден на пять лет за оскорбление президента Мирзиеева

Преследовал и угрожал: появились подробности нападения на женщину в ТЦ в Москве

Подмосковный Комлесхоз предложил выбрать дерево страны

Мизулина попросит СК проверить рэпершу Hofmannita из-за поцелуев с девушками