Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2020

Новости за 20.07.2020

Кадыров а, цуьнан хIусамнана а, церан доьзал а "Iаьржачу тептаре" баьхна Америкас

Radiomarsho.com 

Iазапаш лелорна а, кхел йоцуш нах байъарна а, кхиндолчу бакъонаш йохорца а доьзна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал керла санкцеш яьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто. "Иттех шераш хьалха Кадыровс адамийн бакъонаш масийттазза шога йохийна, иштта, къизаллаш лелорах а, кхел йоцуш нах байарх а жоьпалла цунна тIехь хиларх билггал бакъйолу информаци ю департаментехь", - аьллачу Пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан дешнаш далийна урхаллан пресс-гIуллакххоша оршотан дийнахь. Читать дальше...

Социалан машанашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхо а, меттигера Iедалхой а хестабар тIедожийна белхахошна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу бюджетан организацешкахь белхаш бечу нахе, шайлахь ницкъаллийн структурийн а, медицинан белхахой а болуш, тIедожийна хастаме комментареш язъян официалан керлачу хаамийн ресурсийн инстаграмерчу аккаунташкахь. Кавказ.Реалии портале бинчу хаамашца, лакхарчу хьаькамашкара кхаьчначу омраца а догIуш, бюджетера алапа мел оьцучу хIораммо а баттахь мел лахара а итт-итт комментари йита еза, мехкан урхалхо а, цуьнан политика а, махкара хьал а хестош. Билггал шайна тIебиллина "болх" бина хиларан тоьшаллина... Читать дальше...

COVID-19 вирусах харц кехаташ кечдина клиника дIакъевлина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Коронавирус яц бохуш, харц докуметаш луш хилла клиника д1акъевлина Нохчийчохь, ницкъалийн струтктураша д1ахьош талламаш бу аьлла, хааме даьккхина нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканало. "Соьлж-Г1алахь болх бечуьра д1акъевлина коронавирусан ун дац а бохуш, харц тоьшаллаш-кехаташ луш хилла "Целитель" ц1е йолу медицинан центрехь. Шайна са а йоккхуш, цхьана а кепара беш талламаш а боцуш д1алуш хилла цигахь кехаташ", - аьлла бу хаам. Соьлж-Г1алин мрин белхахочунна Зайнутдинов Ибрах1имна гучудаьлла, клиникехь бакъо йоцуш лелочух. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь 5 стаг велла коронавирусах, 314 вахархо цомгуш хилла дийнахь-буса

Radiomarsho.com 

Коронавирусан уьнах 5 дархо велла, 314 стагаца вирус къаьстина Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а. Эпидеми дIаса ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Ставрополан кIоштахь велла ши стаг, Дагестанехь а, Нохчийчохь а, Краснодаран махкахь а кхелхина цхьацца. Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун даьржичхьана велла COVID-19 уьнах 919 вахархо. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь – 101 стаг. Ставрополан кIоштахь +101 (6 990 ву эпидеми яьржичхьана)... Читать дальше...

Европан адамийн бакъонашкахула кхелан сацамашца стохка 1,1 миллиард сом текхна Оьрсийчоьно

Radiomarsho.com 

Европан адамийн бакъонашкахула кхелан сацамашца, 2019-чу шарахь Оьрсийчоьно цхьа миллиард сов сом текхна. Оьрсийчоьнан Чоьтан палатано бина и сацам шен сайта тIехь. Европан кхело бинчу 1 240 сацамца а догIуш, текхна ду и ахча. Итт гIуллакхан хьокъехь документаш тIаьхьа дIакхачорна, Оьрсийчоьнан юридикан министралла ца ларийна кхин а 850 миллион сом дIадала, чIагIдо министралло ахчанаш дIасахьежор теллинчул тIаьхьа. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан статистикаца (ЕСПЧ), латкъамаш дукха барца хьалхарчу меттигехь ю Оьрсийчоь. Читать дальше...

Нохчийчохь еллачу Умаева Мадинин хиллачу цIийндена цIа дина Кадыровн фондо

Radiomarsho.com 

Гуьмсехь елла, сихаллехь дIайоьллинчу Умаева Мадинин марзхошна керла цIа дина Нохчийчоьнан Iедалхоша. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь гайтина цунах лаьцна сюжет шоьтан дийнахь. Еллачун хIусамда хилларг ву шен кхаа бераца керлачу хIусаман чоьнашка хьоьжуш. Билгалдаккхарехь, Кадыров Ахьмадан фондан чоьтах дина ду цIа. "Массо а оьшу хьелаш хIттор а, иштта йийбар а цхьана гIоьналлин организацино шена тIелаьцна", - боху сюжетехь. Мангал-беттан 12-чохь елла карийра Гуьмсехь 23 шо долу Устрада-гIалара Умаева Мадина. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Касаткина проиграла Путинцевой и не смогла выйти в 1/4 финала турнира WTA в Мадриде






Точка проекта «Москва помогает» открылась на Тверской площади в рамках пасхального фестиваля

«Страшно»: Московский зоопарк показал первый выход Катюши в уличный вольер

Гранат: «Чтобы победить «Спартак», «Динамо» надо отталкиваться от своей игры»

Военные НАТО в Латвии на учениях отразили атаку Оккакуса