Москван урамашкахь нуйхьоькхучу мигрантийн алапа дIахадийна. Балхара дIа а буьйлуш, Талламан комитете аьрзнаш до цара
Москвахь Левобережный олучу кIоштарчу коммуналан хьукматийн бIеннашкахь гергга белхалойн тидам хилира, дукха хьолахь, къинхьегаман мигрантийн, байначу беттан шайна догIучу алапан кхоалгIа дакъа тIетоьаш цахиларх. Настоящее Время телеканало материал йина царех лаьцна, видео а йоккхуш.
ХIинццалц Москвахь урамашкахь нуйхьокхучо 33 эзар сом ахча оьцура, Американ долларшкахь аьлча, $450. Амма тIаьххьарчу баттана масех кIоштарчу мигрантийн кара делира 23 эзар сом ($300 гергга).
Оцу ахчанца хене волийла дац Москвахь бохуш, латкъамаш бо белхалоша, патентах а, лаьцначу хIусамах а дIадала а, юург латто а халла бен тоьийла яц бохуш.
Иштта а лахара долу алапа кхин тIе а жимдича цхьа а маьIне дац боху, масала, нуйхьокхучо Бухариев Зиератшос.
"Кхин дан хIума дац тхан, балхара дIа а дуьйлуш, кхин амал бан хьовсур ду-кх. Тхо кхеро гIоьртира уьш цкъа, шаьш цхьацца бахьанаш а хIиттош, дIадохур ду шу бохуш. Тхаьш къахьегна ахча схьало боху оха", - дуьйцу цо.
"Жилищник" цIе йолу пачхьалкхан бюджетан хьукмат (ГБУ) ю нуйхьекха мигранташ балха оьцург. Цуьнан куьйгаллехула къасто хьоьвсира мухIажарш, шайн алапа стенна жимдина.
Москван Къилбаседанерчу гонан префектурано ахча сехьа ца даьккхина аьллера цаьрга.
Цу кепара жоп хезна нуйхьоькхурш префектуран берте баханера, амма цигахь а пайда ца белира царна, алапа хIотторан гIуллакх компанин директоран карахь ду. Иштта, 15 минот хан елира царна дIасабоха. Нагахь санна, уьш дIа ца болхахь, шаьш полици кхойкхур ю аьалла, кхерам а тосуш.
КIиранчохь 7 дийнахь, шарахь 365 дийнахь болх бо мигранташа, я мукъаде а доцуш, арахь муьлхха а хенан хIоттам белахь а, коронавирусан эпидеми хилча а боху басарш хьокхучу Азизов Рустама. Ткъа тIаьххьарчу заманчохь царна тIедиллина иштта территорина дезинфекци яр а цхьана. Цундела алапа тIетухучу меттана, иза дIахадор – кхин хила а йиш йоцуш харцо хета Рустамна.
"Дезинфекци ярна суна мах бала а ца белира", - аьлла, билгалдоккху цо.
Алапашна тIехула хIоьттинчу ситуацин хьокъехь комментареш яла реза ца хилира ГБУ "Жилищник", ткъа мигранташ гулбалар -духьало яр ду а ца бахара, "нуйхьокхучийн хьажар" ду элира цара.
ГБУ-н агIор дуккха а административан а, зуламан а низамаш дохийна меттигаш бу аьлла, тергалдо бакъонашларъярхочо Еров Каримджона.
Москвахь болх бен цхьаболу белхалой, масала, белхан котракт а ца хIоттош, хIиттийна бу, цундела уьш дIаэцначу куьйгалхошна даккхий гIуданаш догIу: хIора белхалочух миллион сом гергга.
Москварчу Левобережный кIоштарчу коммуналан хьукматера балхара дIабовлуш, тIаьхьий- хьалхий кехаташ яздан хьийза белхалой.
Иштта, бкъонашларъярхойн гIоьнца, Оьрсийчоьнан Талламан комитете аьрзнаш дан а Iалашо ю церан.
Нагахь санна, цара и дахь, хьан нораш хьоькхур ду Москварчу урамашкахь – хаттар диллина дуьссуш ду.