Къилбаседа Кавказехь коронавирусах дийнахь-буса велла 6 вахархо, 371 цомгуш хилла
6 стаг коронавирусах велла дийнахь-буса, 371 цомгуш хилла, Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан т1аьххьарчу хаамца.
Официалерчу статистикаца, дийнахь буса регионехь белларш бу: Дагестанера а, Краснодар-махкара а - шишша вахархо, Г1ебарта-Балкхаройчуьра а, Г1алмакхойчоь – цхьацца. Верриг а пандемих велларг ву Къилбаседа Кавказехь, Оперативан штабан терахьашца, 919 стаг.
Дийнахь-буса а, юьхьанца дуьйна а Къилбаседа Кавказехь ун даьлларш:
Ставропол-мохк +123 (6889)
Краснодар-мохк + 75 (7190)
Дагестан + 43 (8778)
Кхарачой-Чергазийчоь + 27 (4212)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 20 (5791)
Адыгей + 20 (2364)
ГIалгIайчоь + 19 (3438)
ГIалмакхойчоь + 17 (2363)
Къилбаседа Х1ирийчоь + 16 (4353)
Нохчийчоь + 11 (1919)
47 181 стагах хькхаелла Къилбаседа Кавказехь ерриг а хенахь COVID-19. Ерриг а Оьрсийчохь - 771 546 стагах.
Федералан штабан информаци дукха хьолехь йогIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.