4 стаг велла уьнах, 370 - цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 4 стаг, цомгуш хилла – 370, боху Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо.
Цуьнан хаамца, Дагестанехь дарбан хIусамехь дIаваьлла кхо стаг, Краснодар-махкахь – цхьаъ. Юьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 968 вахархо.
Таханена долу хьал (керла цомгушнаш а, юьхьанца дуьйна вирусо лецнарш а):
Краснодар-мохк + 96 (7860)
Ставропол-мохк + 92 (7770)
Дагестан + 41 (9103)
Адыгей + 36 (2604)
ГIалгIайчоь + 27 (3605)
Кхарачой-Чергазийчоь + 19 (4397)
Къилбаседа ХIирийчоь + 18 (4483)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 16 (5916)
ГIалмакхойчоь + 15 (2510)
Нохчийчоь + 10 (2010)
Коронавирусах цомгуш хиллачийн статитистико гойту терахь 50 162 ду Къилбаседа Кавказехь. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь - 818 120.
Федералан штабан информаци дукха хьолехь йогIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.