Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2020

Кадыров: Нохчийчохь хIора а ву Американ санкцешна кIелваха хьаьгна

0
Кадыров: Нохчийчохь хIора а ву Американ санкцешна кIелваха хьаьгна

Ша а, шен кхо доьзалхо а юкъаязвинчу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептарахь хила лууш бу махкара массо а бахархой, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "Россия-1" телеканалан "Вести"программин эфирехь Товбеца-беттан 26-чу дийнахь.

"Со мел гучара олу соьга: «Хьо а, хьан доьзал а [Американ Цхьаьанатоьхначу Штатийн санкцийн] тептарахь белахь, оццу тептарахь ду тхо а». Нохчий а, Кадыров а кхерийна, боху. Тхуна лууш доцург тхоьга, кхера а дина, цхьаммо а дойтур дац", - аьлла регионан куьйгалхочо, яздо ТАСС агенталло.

Вашингтонна шена кхин дуккха а дехкарш дар магадо Кадыровс. "Ас доьху цаьрга, суна дуьхьал хIора дийнахь цхьацца санкци тохар… Дан хIума дацахь, етта уьш суна ", - аьлла цо.

Нахана тIехь Iазап латторна, еш кхел а йоцуш, бахархой хIаллакбарна, адамийн кхийолу бакъонаш талхорна Американ Цхьаьнатоьхначу Штататийн Пачхьалкхан департаменто керла санцеш яьхна Товбеца-беттан 20-чу дийнахь Кадыровна дуьхьал. Санкцин тептара язйина Нохчийчоьнан куьйгалхочун зуда Кадырова Медни а, ши йоI а - Iайшат а, Карина (Хадижат) а.

Кадыровна тоьхначу санкцешна дуьхьал шаьш флешмоб ян арадаьхна, аьлла, аьрзнаш дан долийра Нохчийчоьнан бюджетера алапа оьцучу наха. Кадыров хестор тIедожийна шайна, яздо социалан машанашкахь Нохчийчуьрчу бахархоша.

Товбецца-беттан 23-чохь Американ Штатийн Пачхьалкхан департаментан куьйгалхочунна Помпео Майкна дуьхьал "санкцеш" а кхайкхош, цуьнан «Нохчийчуьрчу банкашкахь лела ахча сацийра» Кадыровс. Ша хьалха иза хьошалгIа кхайкхинера, амма хIинца ца кхойкху, аьлла Кадыровс.

Нохчийчоьнан муфтиято Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санцешна дуьхьал жоп луш, «террорхо №I» аьлла Пачхьалкхан департаментах.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Рублев не отстал от «Реала»! Как русская звезда тенниса покорила Мадрид






Коллекционер из Германии обнаружил в куске янтаря из Мьянмы осу возрастом 100 млн лет

Тюкавин назвал гол в ворота «Сочи» одним из лучших в карьере

Патриарх Кирилл передал московский список Казанской иконы храму Христа Спасителя

РЕН ТВ: один человек пострадал в результате стрельбы в Калуге